"Хизб ут-Тахрир" тобанан хьалханча лаьцна ГIажарийчохь

Гайтаман сурт

Оьрсийчохь йихкинчу "Хизб ут-Тахрир аль-Ислам" террорхойн организацин хьалханча лаьцна ГIажарийчохь ницкъахоша, яздо "Новости" агенталло, ФСБ-н юкъараллашца йолчу зIенийн Центрна тIетевжина.

Талламчийн версица, Татарстанан вахархочо Оьрсийчохь яржош хилла радикалан исламан идеологи, кхечу динехь болчаьрга гамо а гIаттош, ишта оцу шайн тобане ийзош хилла цо бусулбанаш.

Хаамехь билгалдаккхарехь, ФСБ-н а, къоман гвардин а, полицин а белхахоша лаьцнарг вехачу меттигехь талламш бина, цуьнан чуьра дIаяьхьна пропагандан материалаш а, электронан техника а.

Лаьцначунна дуьхьал айдина бехктакхаман гIуллакх, талламан барамаш дIахьош бу карарчу заманчохь.