ГIалгIайн "Генезис" юкъаралла арахьарчу агентийн могIарера дIаяьккхина

Коммерцица йоьзна йоцу гIалгIайна "Генезис" юкъаралла дIаяьккхина арахьарчу агентийн тептарера. Цуьнан куьйгалхочо Дзейтова Маретас бина ишта хаам.

"Генезис" реестре яьккхичхьана цхьана а кепара болх беш яцара иза, амма гIуданаш деттара цунна: цкъа 300 эзар сом, фонд "арахьара агент" хиларх юкъаралхоша шаьш схьа ца хаийтина аьлла. ШолгIа -100 эзар сом гIуда туьйхира Дзейтована шена, инстаграмехь "арахьара агент" аьлла, статус билгал ца яьккхина аьлла.

Организацино юха а дIаболийна шен болх. Арахьарчу агентийн статусе йоккхуш сацам бар а, гIуданаш деттар а къовсур ду "Генезисан" адвокаташа Стасбургерчу кхелехь, хаам бина Дзейтовас.

"Меттигерчу юстицин министралло таллам бича къаьстина, стохка Зазадокху-баттахь дуьйна оха цхьа а болх бина цахилар. Иштта, низамца цхьана а догIуш, сацам бира фонд арахьарчу агентийн реестрера дIайоккхуш. Официалехь юридикан министралло цунах хаам ца бира тхоьга. Арахьарчу агентийн тептаре хьажа церан портала тIе яьлча, тидам хилира сан, тхо цаьрца цахиларан", - дийцина Дзейтовас.

Хьалхо къаьстира, бIе эзар соьмана гIуда тIедожорах Дзейтована.
Стохка Марсхьокху-баттахь "Генезис" фондо латкъам бира Европерчу адамийн бакъонехула йолчу кхеле, шайн лаамехь "арахьарчу агентийн" реестрехь регистраци ян дуьхьал девлча, шайна гIуда тохарх.