Зударийн пляже веанчунна йиттина Дагестанерчу зудабераша

Меттигерчу мехкарша йиттина Дагестанехь зударийн пляже веанчу стагана. Mash_Gor телеграм-канало бина и хаам. Церан информацица, зударий луьйчуш, малхехь буьйшина Iачу хIордан цхьана йисте а веана, телефона тIе дIаязъеш хилла меттигера вахархо, СадоIучарех цхьаммо бехк баьккхина хиллера цуьнгара, тIаккха цунна дуьхьал тасавелла хиллера иза.

Оцу йоIана орцах даьхкинчу кхечу зудабераша йиттина, пляжера араваьккхина хиллера жимстаг.

Меттигера бахархой иштачу проблемица Iитталуш дуьххьара дац. Кест-кеста социалан машанашкарчу дагестанхойн сегментехь видеороликаш гучуюьйлу, пляжехь зударшна тIехь терго латтош.

Стохка аьхка Дагестанан муфтиятехь дIахьедира, меттигерчу бахархоша латкъамаш бо туристийн духаршна а, леларна а аьлла.

Муфтийс Алиханов Шемала кхайкхам бира хьешашка "регионан менталитет лоруш хила", ишта "шаьш тIедуьсинчу мехкан ламасташ ларде" аьлла.