Кадыров а, цуьнан агIончаш а, духьалончаш а
Your browser doesn’t support HTML5
Рекорд а хIоттош, Нохчийчоьнан куьйгалхочун харжамашкахь толам баьккхина карарчу хенахь республикан куьйгалхо волчу Кадыров Рамзана, яздо меттигерчу хаамийн гIирсаша. 100 процент протоколашка хьаьжначул тIаьхьа хиъна цунна харжамхоша 99,7 процент кхаьжнаш дIаделла хилар, хаам бина Коьртачу харжамийн комиссино