Your browser doesn’t support HTML5
Хасаров ШаIрани
Хьонке дахар
Кхана вай цIахь хир дац, алалаш.
Суьйре а, цхьадика, цIийелла.
Уьдучохь Iуьйренан гIаларташ,
ГIаш-салтийн чIагарах тарделла,
ГIура ду лекхачу лома вай.
Диканиг боккхур бу хьонка вай.
Семса луо тамехь ду хьонкийна.
Латта ду хьонкийна мотт-гIайба,
Кегийра акхарой совцийна,
Хьаннаш Iа,хIиттина цу лайла,
Вай хьонке дахкаре сатуьйсуш,
ХIун дийца йохку шаьш ца дуьйцуш.
Ду –теша уьш лаьмнийн туьйранаш?
Я дарцийн эшарийн мукъамаш?
Я илли,йоьхначу буьйсанах
Кадетташ, баьгначу чIурамах?
Сихлур дац. Вайна и хуур ду.
Вай кхана хьонкехь и хоттур ду.
01.1999 ш.