"Цхьааллин къоман болам" оппозицин партин цIарах волчу 9 депутата мацалла хьегар кхайкхийна кIиранан дийнахь, Лахьан-беттан 14-хь Гуьржийчохь, хиллачу президентана Саакашвили Михаилна гIортор еш. Цунах лаьцна хам бо "Новости-Грузия" агенталло.
Депутаташ дагахь бу мацала хьегар парламентан гIишлонехь. "Цхьааллин къоман болам" партин офисехь оцу акцех дIакхетта оцу партин лидерех цхьаъ волу Барамидзе Георгий. Кхин цхьа депутат, "Дроа" партин лидер Хоштария Елене, мацалла хьоьгуш ю Лахьан-беттан 3-хь дуьйна. Дуьхьалонан акцин декъашхоша доьху ГIадужу-беттан 1-хь дуьйна мацалла хьоьгуш волу Саакашвили гражданийн дарбан хIусаме дехьаваккхар.
КХИН А ХЬАЖА: Набахтин дарбан цIийне дехьаваьккхина Саакашвили МихаилКарарчу хенахь хилла президент латтош ву Тбилисерчу набахтин дарбан хIусамехь. Гуьржийчохь иза дуьхьал а воцуш суд йина ву шина бехктакхаман гIуллакхехула, даржо лучу бакъонел тIехваларна. Лахьан-беттан 10-хь Тбилисерчу гIалин кхелехь гIуллакх листа долийна 2007-чу шарахь Лахьан-баттахь оппозицин митинг дIасалалларца доьзна а, ницкъаллин структурийн белхахоша "Имеди" телекомпанин хIусамехь гIирс хIаллакбарна а.
ХIинцале а суьдо бинчу сацамашкахула ялх шо даккха дезаш ву Саакашвили. Оппозицино дIахьедарш до, политик хьийзор политикан амал йолуш ду бохуш. Гуьржийчоьнан низамашца, хьалхарчу гIуллакхашкахула динчу таIзарех иза хьалхаваккха цхьа некъ бу – президента Зурабишвили Саломес гечдар. Цо маситтазза дIахьедина, ша иза дийр дац аьлла.