Антикадыровн бренд: 1АДАТ боламан истори

Оппозицин блогерийн-нохчийн гергарнаш кадыровхоша лечкъош цхьа тулгIе хьаьдира махкахь 2021- чу шеран ГIуран-баттахь а, 2022-чу шеран Дечкен-баттахь а. Нохчийчохь йолийна иза, цул арахьа а яьржира.

ГIуран-беттан 24-чохь Астраханера дIайигира, уггар а дика вевзаш волчу нохчийн Iедалхойн критикан Абдурахманов Тумсон хIусамненан нана а, йиша а. Дечкен-беттан 20-чохь курхалла лелорах гIаттийначу гIуллакхехь теш санна хеттарш дан аьлла, бахьана а хIоттийна, Нижний Новгородера бертаза дIайигира Нохчийчу бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран а, блогеран Янгулбаев ИбрахIиман а нана Мусаева Зарема. Цомгаш, диабет токхуш йолу зуда ламештIехула текхош, кога йоьхна мачаш а йоцуш, лайх буьзначу тротуаратIехула дIайигира. ХIинца иза латтош ю изоляторехь, полисхочунна тIелатар дина аьлла, цунна тIевуьтуш вац йа адвокат а, йа гергарнаш а.

Делахь а, Кадыров Рамзана лечкъа ца до иза лацаран билггал долу бахьанаш. Цуьнан дешнашца, ЯнгулбаевгIеран доьзале сатуьйсуш меттиг бу "йа набахтехь, йа лаьтта бухахь", хIунда аьлча, уьш боьзна бу оппозицин 1АДАТ телеграм-каналаца.

Дечкен-беттан 21-чу дийнера 24-чу дийне кхаччалц Нохчийчоьнан куьйгалхочо оцу темех лаьцна 10 текст а, видео а зорбане яьккхира шен телеграм-каналехь. Чиллан-беттан 1-чохь Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама дIахьедира, "дийнахь а, буса а шайн синош, бахам, тIаьхье а ца кхоош ЯнгулбаевгIеран доьзална тIаьхьадевлла лелар ду шаьш,церан коьртеш даххалц" аьлла.

1АДАТ каналан хIун роль ю а, оццул цкъа а ца хиллачу кепара реакци яран а хIун бахьана ду хаа, Къилбаседа Кавказера интернет-коммуникацийн башхаллаш листа еза.

Интернетехьа къийсам

Ламастин институтийн таронаш дукхазза шоръярхьама регионерчу бахарахоша ша тайпа гIирсан метта мессенджераш а, социалан машанаш а лелон дуккха а хан ю. Цхьанхьа гул а луш, проблемаш ерзочул а мессенджерашкахь йозанашца дерзон аттох хуьлу. Социалан машанаша аттачу даьккхина божаршна а, зударшна а тIехь талламбар, юкъаралла цхьанатохар а сихдо. 2018-чу шарахь синтем байначу гуьйранна йоккхачу кортежца гIалгIайн оппозиционераш болчу Кадыров веача, дуккха а эзарнашкахь гIалгIайн кегийрхой бара дуьхьалбевлла. Интернетах бахьана долуш хиънера царна иза вогIуш вуйла. WhatsApp-хь гулдо сингаттам Iоттабеллачунна гIоьнна ахча а, конфликт ерзон накъостий а вовшахтуху цигахь.

"Сийн а, эхьан а ритуалистикан шолгIа дахар хуьлу интернетехь, хIунда аьлча, интернетехь дуккха а хьовсархой бу, боле юьллург а лакхара хуьлу, болу пайда а алсам, делахь а, эшна висар а кхин лазама ца хуьлу, - дуьйцу социолого Варшавер Евгенийс. - Онлайне валар - майдана, говраш хохкучу къовсаме валар санна ду. Цецволийла дац, коьрта валюта — сий долчу нахана юкъахь, оцу кепара барамаш, хьовсархой тIекхета- Iаламат коьрта хуьлу".

Кадыров цунах кхетта дукха хан ю. Бакъду, цхьана а кхечу оьрсийн регионан куьйгалхочо иштта жигара лелош яц социалан машанаш. Шен позици дIайовзийта гIирс хилла ца Iаш, урхалла ден гIирс а цхьана бу иза цунна. Оцу социалан машанехула Нохчийчоьнан куьйгалхочо хьаькамашна тIедахкарш а до, цунна жоьпаш а кхочу.

ТIаьххьарчу шерашкахь Кадыровн инстаграмера а, фейсбукера а аккаунташ дIакъовлура малхбузен санкцеш бахьана долуш, амма керланаш йоьллура оцу мIаьргонна. Нохчийн хьаькамийн а, куьйгалхочун гергарчийн а блогаш яржориг даккхий ахчанаш дохкура. Йишлакхархо Бузова Ольга яра уьш хьалхатоьттуш, цуьнан рекламан мах бу миллион гергга, ткъа рэперо Моргенштерна 2020-чу шеран ГIадужу-баттахь хаамбира, Кадыровн уллорчу гонерчу хIора векалан аккаунтана реклама йийриг 400 эзар сом лора шена аьлла.

ДIацIанйинчу официалан политикан меттигехь а доцуш, интернетехь Iоттавелла Нохчийчоьнан куьйгалхо, шена дуьхьал латта ницкъболчу оппозицица. Хьекъал къуьйсуш дуьхьал латтар и делахь а цкъачунна, хIетте а, коьрта ду иза. Харжамийн жамIашна фальсификаци йойла ду - Къилбаседа Кавказан республикашкахь даим а бохург санна хуьлуш ду иштта. Делахь а, дуккха а миллионашкахь йолчу аудиторина хьалха юьхьIаьржа ца хIуттуш вала хало ду. Цундела, Нохчийчоьнан официалан Iедална а, цуьнан дуьхьалончашна а юкъара информационан тIом офлайне ца бала йиш яцара.

Онлайн-оппозици

Оппозицин нохчийн блогерш хилла бу 1АДАТ (1адат олуш хилла ислам даржале лелла ламастин низамех) канал схьа а еллале. Девзаш долу бахьанашца уьш берриш а бохург санна, Нохчийчоьнел а, Оьрсийчоьнел а арахьа бехаш бу. Делахь а, церан YouTube-хь къамелаш дар гIарадевлла дуккха а шераш ду. Уггар а вевзаш волчу нохчочун, диллина режимна критика ечу Абдурахманов Тумсон цхьайолчу видеошка хьоьвсинарш миллионашкахь бу. Доллу дуьненахь шаьш нохчий а бац оццул.

Вовшех лаьцна дуьхь-дуьхьал къамелаш, йозанаш деш, блогерш эшон гIертарх нохчийн Iедалхойн гIуллакх ца хилира - гергарчара уьш шайн долара бахар а цара шайн лаамехь дина доций хаьара, ткъа нохчийн парламентан спикерца Даудов Мохьмадца хиллачу къамело Тумо кхин а тIе гIараваьккхира.

Блогерш хIаллакбан гIортар а репутаци южуш доьрзура. Оццу Абдурахмановна а, цуьнан вешина Мухьаммадна а йина кIелонаш а аьтто боцуш йирзира, киллерш лийцира.

И кIелонаш яр а Iедалхоша легитиме даккха дезара нохчашна гергахь, ткъа иза дахь - шаьш шайна бIостане хила дезара. Масала, 2010-чу шеран Марсхьокху-баттахь Кадыровс чIирхошна юкъахь маслаIат деш тоба вовшахтуьйхира, ткъа 20II-чу шеран ГIадужу-баттахь дIахьедира, "махкахь чIирна тIехула лелош цхьа а дов дац" аьлла.

Делахь а, оппозицин блогершна чIир кхайкхор эшочу меттана, мелхо а ойуш ду. Парламентан спикеро Даудов Мохьмада Абдурахманов Тумсона кхайкхийра чIир. Тамашен хIун дара, ламасташа ма хьоьхху, цхьа лоруш волу стаг цунна тIе а вахийтина дIа ца хьедеш, инстаграмехь йоьдучу эфирехь кхайкхийра цо. Мехкан урхалхочо ша дIахьедира, "терроризм къобалъечарна чIир хьеяр вай долчахь юкъара даьккхина дац" аьлла.


1ADAT боламан башхаллаш

2020-чу шеран Охан-баттахь кхоьллина 1ADAT болам, кхинболу оппозицин блогерш а санна, цхьана некъа тIехь белхаш беш бу, амма къаьсташ ю цхьа могIа билгалонашца.

Цкъа делахь — анонимехь лелаш бу уьш, дуккха а нах юкъахь белахь а. Цо хIора декъашхочунна лаьтта кхерам лахбо, публикацийн терахь лакхадоккху, дикка куьйгаш досту. Анонимехь боцу дукхахболу блогерш шайн къамелехь шога бац, цара фамилеш пайдабоцчу ца йоху, йа ца магадо шайна сийсазе къамелаш дан. КIезигчех вара Умаров Мамихан, "Венера Анзор" аьлча, дика вевзара иза. 2020-чу шеран Товбеца-беттан 4-чохь вийра иза Австрехь

Кхин а чIогIа коьрта ду, къайлах леларо боламан декъашхойн аьтто бо дозанал арахьа болх бина ца Iаш, Нохчийчохь а цхьаьна къахьега. Цхьахволчу администраторо бахарехь, боламан куьйгалхой а бу, цара тIеоьцу коьрта сацамаш, иштта ю цаьрца волонтерийн команда а. ХIора куьйгалхо "кадыровхойн йийсарехь хан яьккхина, церан Iазапашкахула чекхваьлла ву". Волонтер хила бакъо ю хьеннан а. Юьхьанца дуьйна 1ADAT-о хьоьхура харцонах Iиттабеллачьрга боташна дуьхьал яздар.

"Iадат" боху дош "антикадыровн бренд ю" хилла дIахIоьттина– къаьсттина кхардаме хетало, мехкан куьйгалхо кест-кеста нохчийн ламасташна тIетийжаш хилар лерича

Цо шолгIачу башхалле балийра: нохчийн хьаькамаш гучу а бохуш, уьш беламе гайтина ца Iаш, канало жигараллица лоьху цара лелийначу зуламех информаци, лечкъийначу нахах статистика а еш, хаамийн гIирсашца юкъарлонаш а лелош. Кегийрхошлахь гIарадовла лууш, кIезиг тергойина ца Iа IАДАТ сиволикан а, гифкийн а, мемийн а. ТIаьхьо церан манера схьаоьцу, уьш «бехбийр» долчу Iедална муьтIахь долчу каналаша.


1АДАТА йозанашца а хууш ду, дукхаболу авторш — дукха кегий нах буй. Цкъацкъа дукха тIех хуьлу церан забарш. Ю радикализм хаалун посташ а. Басаев Шемалан а, Гелаев Русланан а, Хаттабан а суьрташ ду 1АДАТА зорбане хIиттийна "ШахIидаш. Тхан турпалхой" аьлла, яздина. Оьрсийчоьнах дIакъаста лаам хилар хоуьйту канало.


"Тхан къам концлагерехь санна дехаш долу 20 шо хан ю, -яздо тобан анониме администраторо. - Бакъонан пачхьалкхашкахь дийнатийн йолу бакъо а яц тхан ур-атталла. Денна цхьаъ лачкъаво, Iазапехь валлаво, йетта, сийсазво, шаьш лаьцнарш хьийзийна меттигаш бу, кхел йоцуш нах бойъу. Iедалца йогIуш йоцу ойла къадор, иштта муьлхха а, пайдабоцу а критика кхераме ю дахарна. Тхан дин, истори, Iадаташ талхош дIахьош болх бу".

Анониме хиларан кхин цхьа бIостане агIо а ю. 1АДАТА-н харизма йолуш канал дIахьуриг вац, материалаш цIарца яц, цундела аудитори дукха меллаша кхиира церан. 2020-чу шеран Гезгамашин-беттан юьххьехь каналан посташка хьоьжура 11-12 эзар стаг, церан агIоне язвелла вара 5-6 эзар стаг. Цул тIаьхьа цхьа бохам хилира, тIаккха 1АДАТ йоллу Оьрсийчохь а гIараелира.


Провокатор а, зен хилларг а

2020-чу шеран Гезгамашин-беттан 7-чохь машанашкахула яьржира видео, цу тIехь нохчийн маттахь ша 1АДАТА-н администратор ву аьллачу, верзина ваьккхинчу кхиазхочо, "Iаламат боьха тоба ю", "осала хIумнаш ю" а олий, цул тIаьхьа нехан нанойх а, зударех а байташ ешарна ша сийсазво. "ХIара эстафета ас дIакховдайо 1АДАТ телеграм-каналехь мел болчаьрга, къаьсттина администрацига" олий, шишана тIе хуу иза.

Иштта таIзар дира, официант болх беш хиллачу Геленджикера цхьа де хьалха лачкъийна валийначу 19 шо долчу Тепсуркаев Салмана. 1АДАТА-н векалша бахарехь, Салман вацара каналан администратор, чатехь модератор вара иза. Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамчан Делимханов Адаман доьзалх лаьцна цо ешна байташ, каналан версица, цаьрга кхачийнера "Узник" ник йолчу цхьаммо. Тепсуркаев лачкъавале иза реза хиллера цуьнгара 500 евро PayPal системехула схьаэца. Схьагарехь, иштта гучуваьлла иза, ткъа "Узник" провокатор хилла.

Федералан зорбанашкахь а цхьана шуьйра йийцина, и кхерош хIоттийна акци йирзинчул тIаьхьа, канале язбеллачийн терахь кхозза лакхаделира, скандале видеога а, администраторийн цунах лаьцна дийцаре а хьаьжнера 100 эзар стага.

Ичкерин арахьарчу Iедалан лидеро Закаев Ахьмада, ша цаьргахьа гIо доккхуш хилар дIахоуьйтуш, дIахьедира, ша ву 1АДАТ-н модератор аьлла. Абдурахманов Тумсон дешнашца, "Iадат" боху дош "антикадыровн бренд" хилла– къаьсттина кхардаме хетало, мехкан куьйгалхо кест-кеста нохчийн ламасташна тIетийжаш хилар лерича. Тепсуркаев Салман волу меттиг хIинца а хууш бац...

2021-чу шеран юьххьехь Iедалхошна муьтIахь, 1АДАТ-на а, цуьнан канале язбеллачарна а дуьхьал "Альтернатива 95" канал гучуелира. "ХIора комментарий язъйийриг, Iадатан канале язвелларг, шуна тIехь латтош терго ю, шух лаьцна информаци схьалуш а ю" аьлла, дIахьедира каналан администраторо.

Къайлах агIоне язбелларш МВД-н кIошташкарчу дакъошка тIе а кхуьйкхуш, "профилактикан къамелаш" дира цаьрца.

2021-чу шеран Товбеца-беттан 12-чохь Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело 1АДАТ каналера информаци Оьрсийчоьнан дозана тIехь йихкина ю аьлла, тIечIагIдира. Экспертиза доккхачу декъанна публикацешна йина яцара, "Кадыровн зуламан рожна дуьхьал бечу къийсамах схьакхета", "куьйгаш цIийх дуьзнарш, къинхетам боцуш байъа беза, сан шича велахь а, деваша велахь а" бохуш, анониман декъашхоша чаташкахь дина къамелаш дара теллинарш. Хаамаш кхечира, урамашкахь нохчийн телефонаш ю толлуш, "йихкинчу" каналашка язбелла буй хьовсуш аьлла.

2021-ра шо чекхдолуш оппозицин блогерийн гергарнаш хьаьккхина дIалоьцуш хиларх бинчу хаамашлахь, бакъоларъярхочо Янгулбаев Абубакара дIахьедира, къаьсттина дукха нах бигарх шен гергарчех. Юьхьанца, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетехь" цо бечу балхаца дуьйзира. Делахь а, кеста гучуделира билггал хилла бахьана.

Информаци гIараялар а, лечкъор а

ГIуран-беттан Iуьйранна Янгулбаев Абубакаран цIийнах хьоьвсира, схьаяьккхира техника. Экстремизмана дуьхьало датточу Центран (ЦЭП) а, Нохчийчуьрчу Талламан комитетан а белхахоша хеттарш динчул тIаьхьа маьршаваьккхира Янгулбаев, оцу сохьта кхечу пачхьалкхе дIавахара иза. Цу дийнахь "Рыцарь" телеграм-канало зорбане ехира Абубакаран чатийн скринаш - цо чIагIдарехь, эханна фальсификаци а йина.

Тхуна чIогIа лаара, оцу ресурсаша а, организацеша а, Госдепо а ахчанца а, информацица а тхайна гIо дойла

Шуьйрра материал оцу сохьта юха зорбане яьккхира олигарх волчу Пригожин Евгенийн Iуналлехь йолчу информацин агенталло (РИО ФАН): "IАДАТ-н истори: Нохчийчоьнна а, Оьрсийчоьнна а дискредитаци ярхьама Малхбузено муха кхоьллира керла проект" аьлла, цIе а тиллина.

ШолгIачу дийнахь "Альтернатива 95" канало видео зорбане яьккхира, Янгулбаев ИбрахIима а, цуьнан вашас Абубакара а шаьшиъ 1АДАТ-каналан коьрта администратор ву бохуш.

2017-чу шарахь ИбрахIим лецира Соьлжа-ГIалахь, цул тIаьхьа, цуьнан дешнашца аьлча, ток йеттийтина цунна, аьчган лоьмах куьйгашца а, когашца а хьалаоьллина, Вконтактера оппозицин Wolves Creed группан декъашхой схьабийца бохуш. Цуьнан дешнаш тоьшалла до дуккхаъчу гематомаша. Цхьа шой ах шой гергга хан яьккхина СИЗО-хь ИбрахIима, ша дIахецначул тIаьхьа махкара дIавахара иза.

РИА ФАН ресурсо чIагIдарца, цхьана заманчхь 1АДАТ телеграм-канална ахча латтош хилла Американ Freedom House юкъаралло а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитето" а. Каналан администраторо иштта комментарий йира цунах лаьцна: "Тхуна-м чIогIа лаьара оцу йоллу ресурсаша а, организацеша а, хуьлийла иза Госдеп а, тхайна ахчанца а, информацин а гIо латтадойла, амма халахеташ делахь а, тхо хене дуьйлу наха лучу ахчанех, ткъа информацин гонехь латтало тхо оха саццанза къахьегарна".

Оццу анониме яржийначу информацина тIетевжинчу Нохчийчуьрчу омбудсмено Солсаев Мансура тIедожийра "Iазапашна дуьхьалояран Комитет" кхоьллина Каляпин Игорь Оьрсийчоьнан перзидентехула йолчу адамийн бакъонийн Кхеташонера дIаваккха аьлла.

Бехкаш тIе ца дуьту Каляпина. Цо дийцарехь, "Комитетан" партнерийн организацеша гIо дора ЯнгулбаевгIарна, Iазапаш лайна хиларе терра, петар лоцуш а, Мусаева Заремина молханаш а латтадора. Ахча кара дIалуш дацара, цундела канал лелош пайдаоьцийла дацара. Вуьшта, ЯнгулбаевгIеран доьзална билггал Комитет бахьана долуш каракхаьчна миллион сом сов ахча.

ИбрахIиман а, Абубакаран а дена Янгулабев Сайдина, суьдхочун даржехь лаьттина хиларе терра, догIуш долу и ахча даьккхира Комитетан юристаша. Шен кIант Iазапехь валлорах дIа а хьедеш, республикан Iедалхошца Сайди девне ваьлча, и ахча догIучуьра цхьа а низаман бух боцуш сацийра. 1АДАТ телеграм-канало зорбане йоху публикацеш "экстремистийн а, товш йоцуш а" лерина Каляпина.

Мусаева Зарема лаьцначул тIаьхьа Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь масех посташкахь бехкбаьккхира "ЯнгулбаевгIеран цIарматчу доьзалера", кхерамаш тийсира, цара массара а "куьйгаш бехдина телеграм-каналехь боьха публикацеш а йина" аьлла. 1АДАТ-н куйгалло бакъ дац иза боху: "Тхан урхалхой вовшашца боьзна бац гергарлонашца, цхьатерра хьежамаш, Iалашонаш, дог-ойла хилар доцург". Канал кхин дIа а шен болх беш ю, хIокху исторех а, Нохчийчоьнна гонах а хуьлучух а яздеш.

Онлайн-оппозицин кхане

1АДАТ каналан историно гойту, кхузаманан технологийн дуьненахь дешан маршо гатйора стенна тIе вуьгу. Республикан куьйгалло информацин вакуум хIоттийна, цунна муьтIахь йолчу хаамийн гIирсашка а, йа федералан зорбанаша наггахь ечу публикацеша а дIаюкъалур йоцуш. Цундела хIоьттина хIара хьал, муьлхха а оппозицин материалаш оьшуш.

Дозанел а арахьара бистхуьлучу блогерша миллионашкахь шайга ладугIурш гулбо, миноташкахь аудитори вовшахтуху телеграм-каналаша, уьш лакъон гIертар цаьргахьа ду. Ткъа шаьш деш долу къамел, йозанаш мухха делахь а, хуьлийла шога йа кIеда, Нохчийчоьнан Iедалхошна критика ечарна кхераме ду. Республикерчу хьаькамийн кхерамашна дуьхьал шога сийсазе къамелаш хеза, ткъа Iедалхоша ницкъбарна резадацар доьрзу дуьхьал ницкъбар кхийкхош. ГIарабевллачу оппозицин блогерийн аудиторига хьаьжча, цаьрца 1АДАТ юстийла дац. Делахь а, иза коьрта хила тарло трендан гайтам санна, режимна а, цуьнан дуьхьалончашна а юкъахь онлайнехь гIоьртина хьал офлайне долучохь.