Лецна нохчийн мухIажарш махкара арабахарх гIуллакх луьстур ду Хорватерчу кхело

Хорватин доза толлуш ву дозанхойн полицин эпсар, 2013 шо, мангал-беттан 5-гIа

Лахьан-беттан 21-чохь Хорватехь листа долор ду шайн пачхьалкхе баьхкина нохчийн мухIажарш арабахарх хьалхара гIуллакхаш. Уьш бехкебо исламистийн экстремистийн боламашца боьзна бу бохуш, хаамбина Кавказ.Реалиига "Европерчу нохчийн Ассамблейхь". Цул совнах редакцино дахьийтинчу кехатна жоп луш, Хорватин омбудсмено дIахьедина, Нохчийчуьра бахархой лецар а, уьш пачхьалкхера арабахар а бух болуш дуй хьожуш ю ша аьлла.

"Лецнарш саготта бу кхело харц хьесап дарна. Цхьа а низам талхийна а доцуш, лецна ма бу уьш. Дийцарехь, дозанах дехьабовлучу хенахь церан смартфонаш зийна, цхьана исламхойн тобанашка уьш язбелла хиларна шеконаш кхоллаеллачух тера ду царех ницкъахойн", - билгалдаьккхина "Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас.

Иштта цо дийцарехь, Нохчийчуьра бахархоша латкъамаш бо, миграцин набахтин белхахоша хIуьттаренаш лелорна а, шайна лоьрийн гIо ца кхачорна а. Лецначарлахь бу иштта ЦIечу жIаран волонтераш а, царех цхьа а вац Оьрсийчоьно лехамашка велла а, Хорватин низамаш дохийна а.

Бакъонашларъярхойн хаамашца, Оьрсийчу дIабала хьийзош болчу, шайн махка баьхкинчу мухIажарийн хьал шен тергоне эцна Хорватин омбудсмено Шимонович-Айнвальтер Тенас. Оцу хаттарна тIехула гIуллакх диллина омбудсменан офисо.

"Оцу хаттарехула гIуллакх долийна оха, тIаьххьарчу муьрехь, йа и гIуллакх оха дIакъевличнул тIаьхьа бен цунах комментарий йойла дац тхан", - дийцина Кавказ.Реалиига Хорватин омбудсменан пресс-секретаро Третиньяк Аннас (Ana Tretinjak).

Кавказ.Реалиино кехат дахьийтинчу Хорватин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло а, прокуратуро а карарчу хенахь жоьпаш даийтина дац.

Лецна мухIажарш дIатарбечу куьпахь Нохчийчуьра мухIажарш болчахь хилира Хорватин прокуратура, церан бакъонаш талхийна аьлла, латкъамаш кхаьчначул тIаьхьа, хаамбина Кавказ.Реалиига "Европерчу нохчийн Ассамблейхь". Оцу юкъанна Хорватин бакъонашларъярхойн хIинццалц схьа аьтто ца баьлла ницкъаллин стурктурашкара комментарий эца.

Лахьан-беттан 7-чохь дийцадаьккхира нохчий лецарх – хIетахь Дадуевс дийцира, Хорватихь совца дагахь ца хиллера махкара бахархой, цигахула чекхбевлла кхечухьа дIабаха дагахь хиллера аьлла. Цуьнан дешнашца, цхьаболчу мухIажарна тIехь ницкъбина, кхерамаш тийсина, аьшнашбина. Иммиграицн а, бахархойн а, административан гIуллакхийн а Урхаллера комментарий яккха хьийжира Кавказ.Реалиин редакци. Корреспонденто ша вовзийтинчул тIаьхьа, кхечу векалца цуьнан къамел таса хьоьвсира, амма цхьаммо а жоп ца делира.

Кавказ.Реалиино хаам зорбане баьккхинчул тIаьхьа оцу хьолан тергойира Хорватин бакъонашларъярхоша. Доккхачу декъанна, нохчий лецарх дийцаредийр долуш ду пIераскандийнахь мигрантийн нелегалан сферехь полицин белхалоша лелочунна тIехь тидам латточу Хорватин Координацин комитетан кхеташонехь.

  • Украинера тIом болабелчхьана сих-сиха хуьлу нохчашна дуьхьало еш, йа европхойн пачхьалкхаша депортаци йина меттигаш. Къилбаседа Кавказера схьабевлла, Оьрсийчоьнан паспорт долчу бахархоша кест-кеста латкъамаш бо къоман а, динан а билгалонашца шайца дискриминаци лелош хиларх румынхойн миграцин хьукмато. Бакъонашларйархойн хаамашца, къаьсттина иза нохчех хьакхало: царна йан тарло депортаци, йа лаца тарло уьш, официалехь къайлахчу сервисийн лехамашкахь уьш бацахь а, Румынин доза транзитехь хадош хилча а.
  • Оьрсийчуьра а, Украинера а, Советан Iедал доьхначул тIаьхьа хиллачу мехкийн а, Европерчу пачхьалкхийн а бакъонашларъярхойн тобано кехат дахьийтира Интерполе, Оьрсийчуьра а, кхечу пачхьалкхашкара а бахархошна политикан бахьанаца тIаьхьабевлла леларехь гIоьналла латточу политикана дуьхаьло йе аьлла, кхайкхамбеш. Буьйцурш бу Интерполан системехула Оьрсийчоьнан дехарца лоьху нах. Царех дуккхаъчарех Кавказ.Реалиино йаздира – Нохчийчуьра мухIажарш бара уьш.