Лачкъийна Нохчийчуьра гей лохуш цахиларх дIахьедина бакъоларъярхоша

Кочетков Игор, архивера сурт

"Оьрсийчоьнан ЛГБТ-маша" кхоьллинчу Кочетков Игоря Нохчийчуьра Талламан комитетан урхалле кехат дахьийтина, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан а, Коьртачу прокуратурин а тIедиллар кхочушдеш, полисхоша лаьцначул тIаьхьа къайлаваьккхина меттигера вахархо Дадаев Ризван лохуш вац аьлла.

Кехата тIехь билгалдоккху, хIиттийна хенаш чекхъевлла, амма Нохчийчоьнан талламан органаша цхьа а хIума дина дац шайна тIедиллинарг кхочушдархьама, хаамбо "СК SOS" бакъоларъяран тобано. Кочетковс дIахьедо, сексуалан ориентаци бахьана долуш, Дадаев вийна хила тарло аьлла, иштта цо тIедожадо бинчу талламан жамIех хаийта аьлла.

Дадаев Ризван лачкъорах хиира товбеца-бутт бовш. Бевзаш боцчу наха жимчу стаге хеттарш деш видео а ю. Цу тIехь буса камерана тIехьарчу стага, хетарехь, ницкъаллин структурин белхахо ву, хеттарш до Дадаевга, иза хIунда лаьцна бохуш. Вукхо жоп ло цхьана жимчу стагаца цхьанакхета дагахь вара ша. И видео Кочетковга дIахьажийначу Дадаевн накъосташа аьллера, иза вийна а хила тарло, бакъоларъяран органашка довла шаьш кхоьру аьлла.

Оьрсийчоьнан МВД а, Талламан комитете а, Коьртачу прокуратуре а дIахаийтинера Кочетковс, Дадаев лацар а, иза къайлаваккхар а таллар тIе а дожош. Цигара дIахьедар Нохчийчуьра Талламан комитетан урхалле дIакхачийнера.

Нохчийчохь Дадаев лачкъийначул тIаьхьа кхин а ши стаг вайна – цуьнан телефоначуьра контакташлахь вара и шиъ.

Дадаевн а, цуьнан накъостийн а кхолламах къаьстина хIума дац хIинццалц схьа.

  • ГIадужу-баттахь дагестанхочо Асхабов Мохьмада латкъамбинера, "реабилитацин" "Старт" центрехь – цига охьавиллинера иза гомосексуалах "дарбадан"- шена тIехь къизаллаш лелорна Талламан комитето гIуллакх толлуш цахиларна. Цуьнан гIуллакх луьстуш вара Хасин-Юьртара талламан комитетан декъан талламхо Мирзаев Расул.
  • ГIадужу-баттахь Москварчу Перовн кIошташна юккъерчу прокуратуро юха а тIедиллира талламна, 2021-чу шарахь бертаза Соьлжа-ГIала дIавигина Нохчийчуьра гей Селимханов ИбрахIим лачкъор талла аьлла. Прокуратуро тIечIагIдира, Селимхановн латкъам толлуш меттигерчу Оьрсийчоьнан Талламан комитетан декъо "шога волокита" лелийна хилар.
  • Охан-бутт бовш 29 дуьненан пачхьалкхо Оьрсийчоьнан Iедалана дагадаийтира, Нохчийчохь ЛГБТ-нахана тIаьхьабевлла лелар дуьненаюкъарчу низамашца талла деза аьлла. 2018-чу шарахь ОБСЕ-н эксперта динчу жамIех лаьцна ду и дIахьедарш. Нохчийчохь "ЛГБТ-наханна тIаьхьбевлла леларан гуш долу тоьшаллаш" карийра экспертна кхинйолу адамийн бакъонаш талхорца цхьаьна. Оьрсийчоьно тергамза битира и кхайкхам.
  • Хьалхо Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь "CK SOS" тобанан пресс-секретаро Розанов Мирона дийцира регионехь тIаьхххьара ЛГБТ-нахана тIаьхьабевлла леларх а, тIеман хьелашкахь шайн болх муха хийцабелла а.