Оьрсийчоьнан уггар эвсара хьелаш долчу гIаланех пачхъалкхо хIитточу рейтингийн лидершлахь хуьлу шо шаре мел долу Соьлжа-ГIала. Оцу юкъанна гIаличохь, йоллу республикехь а санна, заьIапхоша дуккха а бала хьоьгу дIасабахарца, ур-атталла, чуьра арабовларца а – цунах лаьцна цара шаьш дийцира Кавказ.Реалиин редакцига.
Махкарчу йа дарбанан цIийнехь а, йа уьш бехачу меттигашкахь а царна лерина паргIат дIасалелийта аьлла, хIиттийна хьелаш дац, ткъа меттигера Iедалхой саготта бац оцу кхачамбацарна, дийцира тхоьца къамелаш динчу Нохчийчуьра бахархоша. Цара шаьш бахарехь, дукхахболу меттигера заьIапхой "чохь бохку", Кадыров Рамзана дош деллашехь, "гIо дан а, доладан а, цхьана секундана а шаьш дIатесна аьлла, царна дага ца даийта а массо а хIума дийр ду" аьлла, чIагIо йинашшехь.
ДегI дIалелаш доцчу нахана чIогIа хала ду, мохехь буьлабала арабовлар-м дуьйцур дацара, туькана баха йа луларчу эвла, кIошта шайн гергара стаг ган баха а, Нохчийчохь дуккха а дуьхьалонаш ю царна. Царан маьршша дIасалела оьшуш мел дерг кхочушдийр ду: пандусаш хIиттош, царна лерина машенаш дIахIиттон меттигаш билгалбохуш баьхнехь а, хьал хийцалуш дац.
Ша Нохчийчоь а – доза тоьхна мохк бу
Соьлжа-ГIалара Ленинскан кIоштара С.Ахьмад 20 шо сов зама ю заьIапхойн гIудалкха чохь дIасалелаш волу: тIеман хенахь шиа а ког баьккхира цуьнан хиллачу цхьана эккхийтарехь. Редакцица тасаделлачу къамелхь цо дийцина, уьйтIа вала аьтто а боцуш, кхаа шарахь ша чохь висарх.
"Соьлжа-ГIалахь вехачу хIокху итт шерачохь пандус йилла бахарх, гIуллакх ца хилира сан, шо хьалха кIанта интернетехь эцна суна дIайоьллуш пандус. Цул хьалха кхо шо а дара со ураме валанза. ХIинца-м сан нуьйдашца лелош гIудалкх а цхьаьна ю, урамехь суо дIасалела со, юкъ-кара цхьахволу доьзалхо улло волу. Соьлжа-ГIалара дукхахйолу дарбанан хIусамаш, банкаш, аптекаш заьIапхошна аьлла, тойина йац, дIавоьду хьо: гаттий ученаш, лифт йа болх беш ца хуьлу, йа белхахошна ю олий яздина хуьлу тIехь, йа цхьанхьа а йехкина пандусаш а ца хуьлу", - боху къамелдечо.
Цо дийцарехь, оцу кепара проблемаш дуккхаъчу нехан цхьана Соьлжа-ГIалахь хилла ца Iаш, йоллу Нохчийчохь а ю: "Тхайн заьIапхойн юкъаралла ю тхан, наггахь цигахь вовшахкхета тхо, шахматех ловзу, цхьаьннан вина де даздо, чай а молуш, тхайн лазамех дуьйцу оха. Цаьрга ладоьгIча-м, со уггар а тоьлаш ву (воьлу). Дика сом доккхуш бу сан кIентий, цаьргара кхачам боллуш гIо-накъосталла хуьлу суна, пачхьалкхера-м цхьа соьмаш бен кхин хуьлуш гIо дац, и ца тоьа хьуна молханаш эца а".
Реза вац заьIапхошна хIитточу хьелашна Веданан кIоштара Р. Салман а. Шен 20 шо долчу заманчохь, девешина тховтIе шифер тухуш гIо дечу хенахь, чувоьжна иза цу тIера. Салманан хIинца 42 шо ду. Цо дийцарехь, хIокху ткъех шерашкахь заьIапхойн дахарехь Нохчийчохь кхин башха хийцаделла хIуммаъ а дац, юкъаралла кийча йац заьIапхой тIеэца, ткъа Iедало бац уьш тергалбеш а.
"Хьайн йисина хан лазаро лаьцна, йа гIудалкха чохь яккхар башха эрчо а йацара, нагахь санна, Iедалхоша жима-тIама хьан терго йина, хьелаш хIиттош делхьара. Чу-ара вала хьан гIуллакх дацахь, хьуна ца хаьа хьал муха ду, араваьлча – тIаккха гуш хуьлу. Тхан республика тойина йац гIудалкха чохь дIасалелийта. Цхьана хенахь суна моьттура, вайн махкахь заьIапхой бан а бац, статистика гича, тIаккха кхийтира со- дIасалела аьтто цахиларна, чохь Iаш хиллера уьш. Юкъаралло дегаза тIеоьцу тхо, суна сайна масийттазза олуш хезна-кх: "Хьайн чохь Iаш велара хьо". Тхо чIогIа экаме ма хуьлу…", - дуьйцу Салмана.
Iедалшкара гIо цахиларна латкъамаш бо цо а: "ГIад дайна пенси ду, мел ду ала а эхь хета суна. Цхьанхьа а балха ца оьцу, цундела мачаш тойеш сайн кертахь чоь схьайиллина ас. Дика ахча доккху ас, йаа а, мала а тоаме хуьлу. Iедалхоша лур ю аьллачу гIудалкхе хьийжира со пхеа шарахь сов, цул тIаьхьа куьйг ластийна, айса ийцира. ХIокху масийтта шерашкахь кхетта со, Iедалшкара гIо хиларе сатийса мегар дац, цара тIелаьцнарг кхочушдаре хьежахь – доллу дахар чекхдер ду хьан. Ма-дарра аьлча, ша Нохчийчоь а – доза тоьхна мохк бу, цундела царах тешна ца Iа со.
Кавказ.Реалиица къамелдинчу Амнатан кIант Соьлжа-ГIалахь Iаш ву. 2013-чу шарахь некъан бохамехь лазийначул тIаьхьа хиира иза гIудалкхчу. Амната бахарехь, цуьнан а, кIентан а маршрут дарбанан цIийне а, аптеке а, туькана а бен йац, кхин дIа – еккъа дуьхьалонаш.
"Соьлжа-ГIалара дарбанан цIийне догIу тхо, хала-балица лифт чу тарло, рентген-кабинеташ заьIапхойн таронашка хьаьжна тойина йац, йа туалеташ а йац. Юкъара транспорт а йац заьIапхошца бала болуш тойина. Сан цIийнда ца хиллехь, цо даим дIасадуьгу тхойша, беа пена юккъехь дисинер-кх тхо. ЗаьIап нах шаьш дIасалоьлийла йац махкахь, царна массарна а ма оьшу уллохь стаг, тергойар а", - дуьйцу къамелдечо.
"Паччахьан хIун бехк бу?"
Iедалшкахьа долчу нохчийн зорбанаша чIагIдо, "Кадыровн [Ахьмадан цIарах] фонд бахьана долуш, дегIаца цхьацца заьIапалла йолу Нохчийчуьра а, Оьрсийчуьра а нахана гIо дина ца Iаш, Гергарчу Малхбалерчу нахана а цхьаьна оьшу гIо кхачадо". 2010-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дош делира, заьIапалла йолу нах "Iедалхоша леррина лелор бу" аьлла.
Оцу юкъанна меттигерчу пачхьалкхан телехьожийло кест-кеста гойту, заьIапалла йолу нах "гучубохуш" сюжеташ. 2019-чу шарахь "Грозный" ЧГТРК-н эфирехь гайтира Исакова Лизанах лаьцна сюжет. Нохчийчуьра вахархочо Автиев Шамхана комментарий йитира оцу видеона бухахь: "Тхо дуккха а ду, амма тхуна гIо деш цхьа а вац. Ахь орца дехахь, цхьаъ хир ду…"
Нохчийчоьнан куьйгалхочун лерах туьйхира и хьал, хьаькамашца дIахьочу кхеташонехь, цо бехкевира жимтсаг, шена дина дика ца гина цунна аьлла.
"Йеа чоьнах лаьцна петар йелла, гIудалкх йелла, ахча ло, дерриг а деш ду, хIетте а… Тхан бехк ма бац иза цомгаш хиларх. Цунна догIуш долу социалан ахча цунна делчхьана довлу тхо,"- дIахьедира хIетахь оьгIазвахначу Кадыровс. ГIудалкхчохь лелачу стаге къурд алийтира цул тIаьхьа.
Дийцарехь дерриг а дика хуьлу – вуьшта телхина хьал ду
Кхин а цхьа шо даьлча "Грозный" телевизионан эфирехь бехкаш дехира, къоьлла а, белхазалла а бахьана долуш Нохчийчоьнан урхалхочуьнга гIо деха декхарийла хиллачу ГихтIера Тепсуркаева Зараэра
"КIиранна юург эца таро йац. Рамзан Ахматович, ас хIун дан деза доьзална?" – хоьтту аудио тIехь йистхуьлучу зудчо.
ЗаьIапхо ву Тепсуркаеван хIусамда, исс бер ду церан. Хьалха-Мартанан кIоштан къедас Амерханов Iалус бехкебира оцу хьолана доьзал: "Iуьйранна ламаз ма-дарра, белаш кара а йелла, кIентий ахка дIахIиттон безара…Паччахь стенна ву бехке?"
2011-чу шарахь, хIетахь президент волчу Медведев Дмитрийца хиллачу цхьанакхетарехь Нохчийчуьра дуьненаюкъарчу каратен организацин векало, гIудалкх чохь дIасалелачу Исраилов Бадруддис дийхира президенте, Кадыров Рамзанца цхьанакхетар шен хуьлуьйтуш накъосталла дахьара, заьIапалла йолчу нехан хьаштонех лаьцна цуьнга шегга къамел дийр дара ша аьлла.
Медведевс тIелецира цунна гIодан, амма Исраиловс хаамбира, цул тIаьхьа президентан администрацера цхьа а шеца зIене ваьлла вац аьлла, йиллинчу хьасташкахь иштта йац информаци, цуьнан Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца цхьанакхетар хилла аьлла а.
ЗаьIапхойн уггар коьртачу проблемех дийцира Кавказ.Реалии сайте Соьлжа-ГIаларчу Ларисас.
"Сан 18 шо долу кIант ву заьIапхо, генетикан цхьа наггахь бен хуьлуш доцу лазар ду и. Проблемаш Iаламат дукха ю: догдохийла йоцу медицина, молханаш цадалар, пандусаш йацар, заьIапхойн лахара пенси, церан Iуналла дечарна хIиттийна нахарташ. Йоцу заьIапхошна гIудалкхаш, уьш тойен гIирсаш, протезаш. Кхин цхьа хIума а ду, тIех эрна бюрократи – ког боцу стаг хIора шарахь лоьрийн комиссех чекхвала хьажаво, иза заьIапхо хилар тIечIагIдеш кехаташ оьшуш…. Дийцарехь дерриг а дика хуьлу – вуьшта телхина хьал ду", - дерзийра къамел зудчо.
27 сов шераш ду Бахарчиев Амруди гIудалкх чохь дIасалелаш волу, Нохчийчохь хьалхара тIом болуш лазийначул тIаьхьа дуьйна. Хьалхара шераш шен заьIапаллица республикехь ваьхна иза, тахана цуьнан хIусам – Австрихь ю. Дустуш Бахарчиевс дийцира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь, оцу пачхьалкхехь заьIапчу нахана дехкинчу хьелех лаьцна.
"Оьрсийчуьра а, Европера а заьIапхочунна юкъахь – йоккха башхалла ю. Со заьIапхо волуш, диъ шо гергга Нохчийчохь даьккхира ас, цул тIаьхьа кхуза дехьавелира. Цхьана а ден хьоьца бала бацар-кх цIахь. Суна бевза-безачара бахарехь, кхин цул тIаьхьа а башха хийцаделла хьал тахана а дац цигахь. ЗаьIапхошна Австрихь массо а оьшуш долу хIума охьадиллина ду мах а боцуш: гIудалкх, молханаш, кхинйолу оьшург. Юкъара транспорт а ю хьуна кечйина, уллохь цхьа а накъост ца оьшуш, хьуо лелийла ду-кх хьан. Муьлххачу заманчохь суо ара а эккхий, сайн са лаьттачу ваха аьтто бу сан, суо кхечу мехкашкахула кхерсташ лела со. Йоллу инфраструктура нисйина ю, заьIапхочунна дуьхьало ца хуьлуьйтуш. Ткъа Нохчичохь-м даим а уллохь Iу оьшу хьуна", - дерзийра Бахарчиевс.
Шен цIе йаста ца лиинчу Нохчийчуьра бакъонашларйархочо дIахьедира Кавказ.Реалиин редакцига, заьIапалла йолчу нехан Нохчийчуьра хьал дикачу агIор жим-жима хийцаделла догIу, амма бакъдира цо, Соьлжа-ГIалина юккъера хьо дехьавалахь, кхин дIа дуьхьалонаш ю аьлла.
"ТIаьххьарчу итт шерашкахь хаа а луш, дикачу агIор хийцамаш бу. Организацешкахь а, урхаллашкахь а, йохка-эцаран центрашкахь а пандусаш хIиттийна, машенаш дIахIиттон меттигаш а билгалбаьхна. Шаьш дIасалоьлийла ду гIудалкх чохь болчу заьIапхойн, амма еккъа цхьана гIалин юккъехь", - элира къамелдечо.
- 2019-чу шарахь Оьрсийчоьнан регионашлахь Нохчийчохь уггар а дукха заьIапхой бу аьлла, билгалбехира. 1,5 махкарчу вахархочунна кхочу 211 661 заьIапалла йолу стаг (баккхийнаш а, бераш а).
- 2020-чу шеран дечкен-беттан 1-чу денна Оьрсийчохь 687 эзар бер дара заьIапалла йолуш, пачхьалкхехь дехачу доллу берашлахь шиъ ах процент хуьлу иза. Аномалехь лакхара терахьаш гайтира – Къилбаседа Кавказехь, цигахь хIора иттолгIа бер ду заьIап: Нохчийчохь (11,8%), ГIалгIайчохь (9,5%).
- Украинехьа тIемаш бечу нохчийн Дудаев Джохаран цIарахчу лаамхойн батальонан командиро Осмаев Адама дIахьедира, Кадыров Рамзана Украине хьийсабо, "шен ка мел яьлларг, иштта заьIапалла йерш а, цунна гергахь "бехкалбахнарш" а аьлла.