Доллу дуьненчуьра "Iазапхьоьгу халкъаш" Iалашдан эскар вовшахтоха лууш ву ша аьлла Кадыровс

Кадыров Рамзан

Доллу дуьненчуьра лаамхой гулбина, "Iазапхьоьгу халкъаш" Iалашдан лаам бу шен аьлла дIахьедина Кадыровс.

"Иштта дика эскар вовшахтоьхна, кхечу пачхьалкхашка дIа а боьлхуш, шаьш демократин мехкаш ду бохучура ницкъбен халкъаш Iалашдайта цаьрга", - аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Цунна хетарехь, оцу тобанан декъахь хила беза кеп-кепрачу мехкийн бахархой, "соьман дуьхьа а доцуш, къепе хIоттош шайн са кхоор доцу" бахархой.

Чиллин-баттахь Кадыровс дийцира, шен долахь тIеман компани кхолла дагахь ву ша пачхьалкхан урхаллера дIаваьллачул тIаьхьа, иштта Пригожин Евгенийна "Вагнер" ЧВК-на конкуренци йеш.

  • Оьрсийчоь Украине чугIоьртичхьана йоллу пачхьалкхера йолахой кечбеш, уггар а йоккха плацдарм хилла "Оьрсийчоьнан спецназан университететах". Хаамбора, хIора кIиранахь мел кIезиг а 200 "лаамхой" олурш цигахь кечбеш бу бохуш.
  • 2022-чу шарахь "Оьрсийчоьнан спецназан университетна" 439 миллион сом"сагIина дIакхачийна" – шо хьалха хиллачул а пхоьазза алсам ду и.
  • Марсхьокху-беттан йуьххьехь Кадыров Рамзана дIахьедира, Украинехь тIом бан махкара 19 эзар вахархо кийча ву аьлла. ТIемашка салтий хьийсош уггар а йоккха плацдарм хиллачу регионан куьйгалхочо денна бохург санна хаамаш бо кечбинчу ницкъех лаьцна, делахь а, цо дуьйцург бакъ хиларх шеконаш кхоллало экспертийн.