Олимпикан толамхо, ГIалгIайчуьра дзюдон латархо Халмурзаев Хьасан къийсамийн йукъараваьккхира, дзюдон Федерацин чоьхьара низамаш цо дохийна аьлла. ХЬАМАС тобано Израильна тIелатар а дина, тIаккха вукхара ГIаза декъанна тохарш дан долийча, шен инстаграмерчу агIоне Палестинин байракх йиллинера цо.
Политикан, динан хьежамаш гуш-хезаш дIахьедар доьхкуш долу низам дохийна Халмурзаевс, боху дзюдон дуьненайукъарчу Федерацин пресс-релизехь. Иштта билгалдоккху цара, Халмурзаев цхьана ханна бен дIаваьккхина вац - кхин дIа дан дезарг къасталц.
"Дзюдон дуьненайукъара федераци дискриминацица къийсам латтош йу, адамийн мехаллаш, машар ларбеш йу", – аьлла дийцина оцу цхьанакхетаралло.
ХIара хаам арахоьцучу йукъанна Палестинин флаг Халмурзаевн инстаграмера дIайаьккхина - цуьнан метта шен спортхочун сурт ду цигахь.
Дзюдохо Халмурзаев Хьасан 81 кийла йозаллехь летаршкахь дакъа лоцуш ву, 2016 шарахь дашон мидал йаьккхира цо Рио-де-Жанейрехь хиллачу Олимпикан къовсамашкахь.
- ГIадужу-беттан 11-хь болчу хаамашца, ХАМАС-о динчу тIелетарх беллачийн терахь 1200 стаге хьаладаьлла, ГIаза декъехь Израило тохарш дина вийна 950 кхачалц вахархо – израилхойн, палестинхойн Iедало далийна терахьаш ду уьш. Шинна а агIор чевнаш хиллачу нехан терахь 10 эзаре кхочуш ду, ХАМАС-н закъалтехь буьссу бIеннаш нах.
- ТIаьххьарчу хаамашца, ХЬАМАС-о Израильна тIелатар дарна беллачу нехан терахь 1300 стаге кхаьчна, Израило ГIаза декъанна тIе саццанза деш долчу тохарех вийна 1200 стаг, шинна а агIонан официалан хаамаш бу уьш. Иштта шина агIор чевнаш йина исс эзар сов адамна. ХЬАМАС-н закъалтехь латтош 130 стаг ву, цара шаьш бахарехь.
- Израило ГIаза декъерчу маьршачу объекташна тохарш дар сацош дац – цигахь гуманитаран бохам хIуттуш бу. Израилан Iедало и регион йерриг дIакъоьвлина шаьш аьлла, ур-атталла хи, ток, сурсаташ сацош. ГIазехь цхьаъ бен йоцучу тоькан станцино шен болх сацийна, йагориг чекхйаларна. Палестинера дарбан хIусамашкахь меттиг ца биссина бохуш шоьта дийнахь дуьйна дуьйцура.