Къилбаседа Кавказера мухIажарш Оьрсийчоьне дIа ма ло аьлла кхайкхам бина Amnesty International-о

Швейцарера депортацин центрехь ду бакъоларйархо Гашаева Зайнап а, мухIажар Батаев Iела а. Гайтаман сурт

Европан пачхьалкхийн Iедалхоша катоьхна сацон деза Къилбаседа Кавказера тховкIело йоьху мухIажарш Оьрсийчу дIахьийсор, хIунда аьлча, царна кхерам лаьтта Iазапаш хьега а, бертаза Украинана дуьхьал бечу тIаме хьийсон а. Оцу тайпа кхайкхам бина бакъоларйаран Amnesty International организацино, хаамбина Маршо Радион оьрсийн сервисо.

Хорватин, Францин, Германин, Польшин, Румынин Iедалхоша хIинцале а шайн мехкашкара арабаьхна, Iедалхойн репрессех бевдда тховкIело йоьхуш хилла Къилбаседа Кавказера бахархой. Динан, йа къоман билгалонашца оцу нахах дукхахболчарна "кхераме экстремист" олий, цIе кхуллу.

Зорбане даьккхинчу документан чулацамехь йаздо, Къилбаседа Кавказера арабевллачу нехан хьал тишделла догIу тIаьххьарчу заманчохь, Оьрсийчуьра бакъонан стандарташ эгначул тIаьхьа. И нах бертаза лоьцу, тIепаза бойу. Европан пачхьалкхашка кхаьчначу цаьрга "йукъараллина кхерам" латточу нахе санна хьуьйсу, цундела депортаци йо, йа экстрадици.

Къилбаседа Кавказера адамийн бакъонашца долу хьал ледара ду, къаьсттина Нохчийчохь. Бакъоларйарехь жигаралла гайтинчу муьлххачух а, йа ЛГБТИ-йукъараллин декъашхо ву олу, цунна тIаьхьабовла тарло, иштта лоьцу церан доттагIий а, гергарнаш а.

"Дуьненайукъарчу Амнисти" организацино зорбане йаьккхинчу текстехь дуьйцу мухIажаршна депортаци йаран хеттаршкахула Оьрсийчоьнна а, Францина а йукъахь цхьана болх бина меттигаш хиларх. Масална хьахийна Мурадов Дауд. 2022-чу шеран чиллан-баттахь и жимстаг Францино Оьрсийчу дIахьажийра, цунна билггал лаьтташ кхерам боллушехь. Делахь а, францхойн Iедалхоша цунна депортаци йина ца Iаш, Оьрсийчуьра хьаькамашка дIакхачийра цо тховкIело йехарх дийцинчу бахьанех лаьцна материал. Иштта шена гIо динчийн цо йаьхна цIераш а, цуьнан гергарчех лаьцна хаамаш а цхьаьна.

  • Швейцарин Iедалхоша сацам тIеийцира, шайн пачхьалкхера 40 шо долчу Нохчийчуьра Батаев Iелина депорт ца йан. 2022-чу шеран гурахь дуьйна Цюрихера депортацин набахтехь латтош вара иза, шена тIе терго озархьама дуккха а деношкахь мацалла хьийгира цо. МухIажар тешна вара, ша Оьрсийчу дIахьажавахь, ша вен тарло аьлла, хIунда аьлча, Нохчийчутра Кадыровн Iедална луьйш, оцу рожан дуьхьалонча вара иза. Карарчу хенахь маьршаваьккхина иза.
  • Де хьалха, дечкен-беттан 17-чохь, гIараделира, божаршца уьйр йолуш ву аьлла, лаьцна, тIехь гIело латтийна Соьлжа-ГIалара Дадаев Ризван Оьрсийчуьра дIавахарх.