ХIинжа-ГIалахь а, БуьритIехь а нехаш гулъйелла мигранташ леца болийчхьана

Your browser doesn’t support HTML5

Дагестанехь а, Къилба-ХIирийчохь а белхан мигранташ толлуш, лоьцуш хиларна нехийн баьрзнаш гулделла. ХIинжа-ГIалахь нехийн оьланаш IаьIна даххаш дIакхоьхьу компанин белхалой «дIалецча». Нехаш дIайахьарца проблемаш хилира Москварчу «Крокус Сити Холлехь» теракт йинчул тIаьхьа рейдаш йолорна.