Тахана, стигалкъекъа-беттан 13-чохь, Нажин-Йуьртара Зандакъ эвлахь кхоъ стаг велла тезет хIоттийна, кху деношкахь Устрада-ГIалахь хиллачу некъан бохамехь белла уьш. И хаам кхачийна Кавказ.Реалиин сайтан хьасташа. Куьгбехке лору Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан командиран Чалаев Замидан 18 шо долу кIант – Чалаев Якъуб.
Хьастийн хаамашца, хIусамда а, хIусамнана а, церан 12 шо долу кIант а Устрадера некъа улохь лаьттачу хенахь машен тIетоьхнера царна. Оцу доьзалехь беллачийн кхин а ши йоI а хиллера.
Машенан урхалла деш лаккхарчу даржера кадыровхочун кIант хиларх официалехь тоьшаллаш дац, делахь а цунах лаьцна дуьйцу редакцин хьасташа а, оппозицин нохчийн Niyso телеграм-канало а. Де хьалха жигархоша йаржийра некъан бохам хиллачохь йаьккхина видео, цу тIехь гуш йу йохийна машен "Мерседес" а, тIеттIакхеттачохь йохийна кир дIасакхоьхьу машен а. Нохчийн жигархоша чIагIдарехь, машенан да ву Чалаев Якъуб, амма машенан номерш гуш йац.
Шайн верси тIечIагIйеш Niyso канало сурт гойту, хетарехь, Инстаграмера жимчу стеган аккаунтера машенан – йу и Iаьржа "Мерседес" е013су95 номершца, Dustum йоза а долуш. И цIе йоккху шен Кадыров Рамзанан жимахволчу кIанта Адама – Чалаев Якъубан аккаунтехь масех цуьнца а, Нохчийчоьнан вукху кIенташца а даьхна суьрташ ду.
Чалаев Замид, Кадыров Рамзанан уллора бIанакъост ву, Оьрсийчоь Украинана тIелеттачул тIаьхьа Луганскан агIор долу жоьпалла цунна тIе диллира. 2021-чу шарахь Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан командиро Чалаев Замида дIахьедира, кхетамах тиллачу нехан хIусамера нохчийн куьйгалхочо араваьккхина, Оьрсийчоьнан турпалхо вина шех аьлла. И нисделира, Чалаевн куьйгакIел болчара Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан полицина ларми чохь къизаллица зуламаш лелийна хиларх хаамаш нахала баьхна ши бутт баьллачу хенахь. "Новая газето" йаздора хIетахь мел кIезиг а вийначу 13 стагах.
- Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьешарна а, Украинехь Оьрсийчоьно болийначу тIамехь дакъалацарна а Чалаев Замидна дуьхьал санкцеш йехира Японихь, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а, Евроберто а, Украино а.
- Чалаевс жоп ло ишта бозбуанчаш лецарх, нахана хьалха дIахIиттийна цхьана хIумана бехкебинчийн йуьхьйаккхарх, кхерамш тийсарх – кега-мерса харцахьа леллачарна а, гоьбевллачу бакъонашларйархошна а.
- Кадыровн цIарахчу полицин полкан командиран ваша Чалаев Бекхан хIоттийра Бенойн БойсгIаран цIарахчу каде гIуллакхаш дайта вовшахтоьхначу батальонан урхалле стохка гIадужу-баттахь, Росгвардина чудогIуш ду и дакъа.