Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIентан а, невцан а керла даржаш

Your browser doesn’t support HTML5

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гергарчарна пайдехь болу хийцамаш хилла Iедалехь. Цуьнан 18 шо долу кIант Кадыров Ахьмад регионан спортан министр хIоттийна. Хьалха цу даржехь хилла Ибрагимов Iийса – Нохчийчоьнан куьйгалхочун администраци дехьаваьлла. Оьрсийчоьнан низамаша доьхку и лелон, амма Нохчийчоьнан куьйгалхочо дехкарш тидаме ца оьцу шен доьзалера нах дарже хIиттош.