“Низамашдахарехь херо йу”: нохчийн куьйгалхочо инстаграмехь къовсам кхайкхийна

Your browser doesn’t support HTML5

Нохчийн куьйгалхочо Оьрсийчоьнан низам дохийна шен инстаграме йазбеллачарна конкурс кхайкхош. Шаьш цхьана Узбекистанехь долуш Путина шега аьлларг хаийла шуна аьлла хIетал-метал дина Кадыровс. Толам баккха лаахь видео йаржо йеза телеграмехь а, инстаграмехь а. Инстаграман «экстремистийн» статус хилар хьаха а ца дира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.