Нохчийчохь хилла эккхар а, Кадыровн форум а

Your browser doesn’t support HTML5

Товбеца-беттан 15-хь нохчийн Башан-Кхелли йуьртахь гидроэлектростанци йечу меттехь эккхийтар хилла. Лаххара а пхиъ белхало кхелхина, 25 сов стаг лазийна. Нохчийчоьнан куьйгалхочо эккхарх лаьцна комментарий товбеца-беттан 15-чу сарахь бен ца йира: хилларг "бохаман хIума" ду бохура.