Кхелан пурстоьпийн Федералан сервисан базехь йу Дагестанерчу UFC-н чемпион хиллачу Нурмагомедов Хьабибан йасакхийн инспекцина хьалха 79,4 миллион соьман барамехь гулделла декхарш такха дезарх информаци. Хьалхо хаам бинера, Хьабибан йасакхан декхарийн берриг а барам 297 миллион бу аьлла.
Низам кхочушдаран процесс схьайиллина товбеца-беттан 5-чу дийнахь, базера хааман терго йина Mash телеграм-канало. Ресурсан информацица, спортхочунна дихкина ду пачхьалкхера аравалар.
Товбеца-беттан 1-чу дийнахь гучуделира Нурмагомедовн банкан чоьташ дӀакъовларх – Кавказ.Реалии сайто тӀечӀагӀбира цуьнан йасакхийн декхаран берриг барам. Федералан йасакхийн сервисо бинчу хаамца, декхарш дӀадаларан дехарш кхочушдарехь негативан баланс кхаьчна 79 миллион соьме – иза нисло ала мегар ду йиллинчу кхочушдаран процессан махца.
Стигалкъекъа-баттахь Mash канало хаам бира Eagle Fighting Championship-н а, "Дешар, спорт, социалан инициативаш кхиоран Фондан" а банкан чоьташ дIакъовларх лаьцна - ший а структура кхоьллина йара Нурмагомедовс.
Оццу хенахь UFC-н экс-чемпион шеко йолуш вара йасакхийн сервисна хьалха 300 миллион сов декхарш хиларх. Талламаш баран бахьана, официалан боцчу хаамашца, Нурмагомедовс кхоьллинчу юридикан наха "Туркойчуьрчу отелашкахь а, Iарбойн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь стартапашка" а инвестицеш йар дара.
Кавказ.Реалии сайта тӀехь анализ йира UFC-н чемпион лаьттинчун бизнесан гӀуллакхийн: гучудаьлларг ду цо Оьрсийчохь шен спортан карьера йерзийначул тӀаьхьа кхоьллинчу компанех дукхахйерш болх беш цахилар.
- Хьалхо Оьрсийчохь критика йан буьйлабелира Нурмагомедов Хьабибана. И доьзна дара Американ экс-президентаца Трамп Дональдца цхьаьнакхетар хиллачул тӀаьхьа а, ишта Дагестанерчу спортхочун Цхьаьнатоьхначу Ӏаьрбийн Эмиратийн паспорт ду аьлла хаамаш баьржинчул тӀаьхьа.