Полисхочунна тӀелатар дар бахьана долуш нохчийн олигархан кӀант лацар доьху кхеле талламо

Timur Bazhayev / Тимур Бажаев

Нохчийн миллиардеран Бажаев Мусан 23 шо долу кӀант Бажаев Тимур лацар доьху кхеле Талламан комитето. Полицин полковникна тӀелатар дарна бехке а вина, Москвахь лаьцна вара иза.

Петици кхаьчна Замоскворецкий кхеле, йаздо ТАСС пачхьалкхан агенталло. Бажаев бехке веш ву Ӏедалан белхахочун дахарна а, могушаллина а кхераме ницкъ барна. Цунна уггар доккха таӀзар догIу - набахтехь даккха итт шаре кхаччалц. Цо шен бехк тӀе а ца эцна, кхелехь дӀахьедина, ша йукъараллин къепе ца йохийна аьлла.

Талламо бахарехь, Бажаевн кхерамазаллин белхахочуьнца конфликт иккхина Лужники стадионна уллехь. Иштта цу урхалло зорбане яьккхина тергонан камерашкара жима видео а, цу тӀехь гуш ду жимчу стага полисхочунна йуьхь тӀе хIума тухуш, цул тӀаьхьа иза кхечу ницкъахоша дӀатакха во.

Пачхьалкхан Думан депутато Хинштейн Александра дӀахьедина, Бажаев полисхочуьнца таса велла, ша белхахой лелачу неIарехула стадионе чу ца витича. Цуьнан информацица, зен хилларг ву полицин полковник чоьхьарчу гӀуллакхийн урхаллин йукъараллехь къепе оатточу декъан хьаькам Махонин Александр. И верси, хьасташна тӀе а ца тевжаш, тӀечӀагӀйо низамхошца йоьзначу "ВЧК-ОГПУ" телеграм-канало.

Депутата Хинштейна иштта дӀахьедина, чоьхьарчу гӀуллакхийн министралла дагахь йу и гӀуллакх шен Ӏуналлехь латто, цуьнан жамӀашна "жигара Ӏаткъам бан гӀертарца доьзна" аьлла. Цунах лаьцна ма дарра ца дийцира цо. Официалан кепара тӀечӀагӀйина йац и информаци.

Тимуран дас Бажаев Мусас дӀахьедар дина, шена шен кӀант лаьцна хилар хууш ду, талламна йукъагӀерта дагахь вац ша аьлла. "Нагахь санна сан кӀант бехке велахь, иза цхьана хIумана йукъахь хиллехь, цо жоп лур ду, амма и гӀуллакх иштта дацахь, тӀаккха хӀан-хӀа", - боху бизнесхочо.

  • Мусан а, цуьнан вешин Мавлитан а, вешин кӀентан Бажаев Денин а долахь йу 1998-чу шарахь Мусан воккхахволчу вашас Зияс кхоьллина йолу "Альянс групп". Холдинго урхалла до, масала, Хабаровскера аэропортан а, деши доккхучу "Амур Золото" компанин а, "Золотой Рог" издательствон а, ГӀиргӀазойчуьрчу "Альянс Алтынан" а, Хабаровскан а, Красноярскан а кӀошташкарчу платина доккхучу меттигийн "Оьрсийн Платина" компанин а. 2021-чу шарахь Бажаев Мусан бахам бара, Forbes-о дийцарехь, 750 миллион долларшкахь, Оьрсийчоьнан хьал долчу бизнесхошлахь 156-гIа меттиг дIалоцура цо.
  • Украинехь Оьрсийчоьнан тӀеман агресси йолаеллачул тӀаьхьа санкцеш юкъа а йохуш, дихкина Бажаевна Евробертан пачхьалкхашка ваха. 2022-чу шарахь охан-баттахь Францехь дӀалаьцна цуьнан Ривьерехь йолчу Сен-Жан-Кап-Ферра коммунана гергахь йолу вилла. Меттигерчу хаамийн гӀирсаша яздарехь, и вилла Версалан цӀийнан жима копи санна йу.
  • Охан-баттахь Бажаев Мусас шен Италехь йолу Forte Village курорт Казахстанерчу накъосте Ибрагимов Шухрате дӀайелира. Цунна дуьхьал олигархана буьззинчу барамехь Ӏуналла дар кхечира ГӀиргӀазойчохь йолчу дешин шахтана тӀехь. Цу кепара нохчийн олигарх ларвала гӀоьртира Евробертан санкцех, хаамбира Financial Times газето.