Кавказехь диверсиш лелорах керла гIуллакх – тоьшаллаш доцуш, хеттаршца

Your browser doesn’t support HTML5

Диверси йан гIерташ хилла аьлла шеконашца бархI стаг лаьцна ГIалгIайчохь. Церах цхьаъ вийна лоцучу хенахь. ФСБ-н хаамашца, лецначийн Iалашо хилла ницкъахошна а, энергетикан меттигашна а тIелетарш дан. Оцу гIуллакхехула талламаш бира ишта Карабулакерчу «НИЙСХО» реабилитацин центрехь а.