Шайн махкахь тхов-кIело еха баьхкина хиллачу нохчех 50 сов доьзал Норвегин Iедалша арабаьккхинчул тIаьхьа яьлла гIовгIа хIинца а йижаза ю.
Оцу мехкан Iедалша бахарехь, террорахошца уьйраш хиларна шеконаш йолчу эмигрантийн гIуллакхаш юхаталлар ду, цхьанаметта, оццул дукха нах махках бахаран.
Норвегехь ворхI шо сов хан яьккхинчул тIаьхьа, цигарчу Iедалшца цIахьажийначу шовзткъе итт нохчийн доьзална юкъахь Москох дIавигинчех ву, Норвегерчу нохчаша Мохьмад-молла олуш хилла волу, пхеа беран да.
Мохьмад: Москоха кхаччалц схьа а далийна, оцу Iедало цицкаш санна охьа а тийссина, дитира тхо. И кехаташ а, дукхах болчеран лортIехь дацара. Москох тхо Iад а дитина, Норвегин Iедалийн векалш дIабахара, гIазакхийн Iедале тхо дIаделчхьана, шаьш девлла, аьлла. Тхан гергара нахера гIо ца хиллерахьара, дуьсур дара тхо. Казанский вокзале дIадаха а аьтто хир бацара тхан, кехаташ бахьанехь оьрсийн милицино сецош. Оцу дийнахь а, шолгIачу дийнахь а цIерпошт яцара. Арахь дуьсур дара тхо, тIехь мел волчу милцочуо талламаш а беш.
Маршо радио: Мохьмад цIераволучу хенахь, Нохчийчохь а, я Оьрсийчохь а маьрша дацара нохчашна.
Мохьмад: Ког бокх-боккхучехь сецош, хечош охьаийзош, кучамаш охьаийзош, турси ю-яц хьоьжуш, белаш тIехь шу буб-бац хьоьжушший, Iойла яйинера. Юристийн дешар дешна аса, балха хIотта меттиг а яцара. Структурашкахь болх бина аса тIемаш бовлале. Нохчийчоь-м хьехор а яцара аса, тIом бара боьдуш. ХIора метро мосузза йолу адам сецадора, хьийзадора. Оьрсийчохь а изза дара.
Бакъонийн органашкахь ву бохуш Iен кIордийнера суна. Нехан коча а оьхуш, хьарам хIума соьга лела ца лора. Бакъдерг дийцичи, тIемашна юкъаваха а суна ца лаара. ГIазакхашна дуьхьала беш тIом бацара иза. Ткъа нохчаша вовше бойуш болчу тIеман дакъа хила суна ца лиира.
Маршо радио: Мохьмад, шен да-нана долчехь Iаш ву шен берашца. Цуьнан шен хIусам яц, бан болх бан бац, кхане а ца го шена элира цо, Маршо радиоца телефонехула къамел деш.
Лечин ирс хилла, Норвегерчу Iедалша мухIажарин статус а елла. Амма цуьнан ваша дIахьажийна, шен доьзалци. Оццул ехачу хенахь нахана я хIаъ, я хIан-хIа а ца олуш, уьш латтор нийса ца хета шена бохуш дийцира цо, Норвегера схьа телефонехула къамел деш:
Лечи: Шаьш цIавохуьйтуш волу стаг, оццул дукха латта а ца веш, цIавахийта веза аьлла хета суна-м. ЦIабахча, церан берашна оьрсийн мотт ца хаьа. Школехь и мотт бу хьоьхуш берг. Я цIахь а боцуш, я кхузахь а боцуш бу уьш. Бераш хIаллак ма до хIокхара. Иштта сан ваша а вахийтина кхузара. Кхаа шарахь кхузахь кхеле хьоьжуш Iийначул тIаьхьа. Буса чу а лилхина, дIабахийтина, адвокато телефонехула "уьш ма бахийта, кхелан сацам хиллалц, бита" бохуш лаьтташехь. Бакъдерг дийцича, полицино шаьш омар кхочушдеш ду, иза кхочуш ца дича, ца довлу, элира.
МухIажарийн гIуллакхашна тIаьхьакхиа атта дац бохуш, латкъамаш бо, Норвегехь болх бечу, Iедалх йозуш йоцчу организацеша а. Норвегин нехан гIо –накъосталла цIе йолчу организацин векало Кхайзер Ирфана дийцира Маршо радиога цу хьокъехь.
Кхайзер Ирфан: Суна хетарехь, хIокху Европехь политикан хьокъехь дуьйцург – иштта Норвегехь а - тIехьажар алссамдаккхарца а, дехкарш юкъадахарца а, тIебаьхкинарш – бухарчарца дIаэрца а, тарбаларца а доьзна ду тIаьхьарчу хенахь. Европехь деш долу къамелаш – дукха хьолехь, муьлтикультуризм яларца доьзна ду. Вайна Iедалшкара оьшург хIун ду аьлчи, кхетташ билгалдаьккхина хила деза, кхуза схьабогIучу нахана тIедуьллуш дерг хIун ду. Вайна хаа деза уьш хIун деш бу, хIун дан дагахь бу. Ур-атталла, дийца деза, дукхах болчу нехан йолчул а церан бакъонаш кIезиг хиларх лаьцна.
Чабаев Лоьми, Норвегехь тхов-кIело кхаьчначех нохчийн мухIажарех ву. Цигарчу хьал дика девзаш иза хиларе терра, Маршо радионо хаьттира цуьнга, нохчийн мухIажараш цIабахийтарх лаьцна. Коьртачу декъана, Кремло Европехь дIакхоьхьучу политикица дузу цуо, нохчий цIахьовсор:
Чабаев Лоьми: 3-гIа, 4-гIа шо а ду ала мегар ду, нохчаша и баланаш буьйлабелла. Цуьнан йоьхьиг муха яра аьлчи, кхузахь харжамаш беш тIаьхьарчу 8 шарахь Iедалехь лаьттина партешкахь, мелла а, кеп-кеппара бара парламентера депутаташ. И партеш демократин принципаш тIехь лаьтташ яра. ТIаьхьуо къоман гIайгIанаш а, шайн Норвегин гIайганаш, аьлла, шайгахьа узуш, националистийн агIора узуш, оцу кепара тийжамаш болу партеш яхка юйьлаелира Iедале. Аьлчи а, яьхкира.