Нохчийчура кино а, цуьнан турпалхой а

Нохчийчоь -- "Февраль" -- "Чиллан-бутт" филман кирхьан тIера даьккхина сурт. 2014 шо.

Карарчу хенахь дуьнентIехь уггаре а еза кино ю 2007-чу шарахь яьккхина «Карибан хIордан пираташ. Дуьненан йистехь»» цIе йолу филм. Цунна дайина 300 миллион доллар. Цуьнга хьажча, режиссеро Магомадов Руслана шен «Февраль» -- "Чиллан-бутт" цIе йолу филм йоккхуш яйинарш кепекаш ю ала мегар ду

Амма вайнехан ойланца и филм адаманна Iаткъам барца ледара яц кхечу шуьйра юьйцучу филмел а. 2013-чу шарахь Магомадов Руслана иза ша яккха волалуш шен социалан машанашкахь яздинчу кехатца а догIуш, цуьнан мах хIоттийнера цо цхьа миллион ах миллион сом. Вуьшта аьлча 30-40 эзар доллар.

Цу ахчанах кхолагIа дакъа долуш ду шен, гулдан оьшург цхьа миллион сом ду бохуш яздора цо. Цундела ша кхайкхам бо вайнахан култура кхион а, иза нахана евзаш хилийта а лууш болчу нахе, «Февраль» кино йоккхуш шайга далуш долу ахчанца гIодахьара аьлла (10, 20, 100 ...сом шайн дала аьтто болччул) бохуш яздинера Магомадовс.

Ахча гулдира. 2014-чу шарахь гучуелира и филм. Амма шай-кай еллачу нахана юкъахь болчух тера дацара ХIиллари Свонк, Ван Дам, Киркоров Филипп, Зверев Сергей Соьлж-ГIала кхойкхуш киса даста кийча хилла болу вайнехан бизнесхой.

Советан пачхьалкх йоха яханчу хенахь дуьйна шайн киностуди кхолла сатесна бехаш бара нохчий. Цу Iалашонца масуьйттоза ахча гулдан а гIоьртира уьш. Амма киностуди ю аьлла цIе ялахь а, Соьлж-ГIалахь яьккхина хIара ю аьлла кино яц хIинца а гучуяьлла. ХIун ду цуьнан бахьана?

Вевзаш волу нохчийн къомах волу кинорежиссер Шерипов Инал ша жима велахь а, болх бан кхиина масийтта пачхьалкхехь. Цхьа къеззиг хан Нохчийчохь а яьккхина цо Москох кинон говзалла Iамо кегийрахой къастош.

Шерипов Инале хаьттира оха хIунда цалаьа нохчийн бизнесхошна кино яккха ахча хьажо аьлла.

Шерипов Инал: "Суна хетарехь, царна цунах пайда хир болу билгало ца го. Вуьшта аьлча, ресторанехь сакъерар, я цхьа дуьннена бевзаш болу киноседа кхайкхар кхеташ ду царна. Вайн бизнесхойн тIегIа хIинца а цунах кхеттал хьаладаьллачух тера дац".

ТIехула тIе кхераме хила а мега тахана нохчех лаьцна кинош яхар. Iедалшна гергахь цхьа хьашт доццург алахь яккхийн проблемаш хила а мега церан, бохий ахьа?

Шерипов Инал: "Ма-дарра аьлча, иза бакъдерг ду. Вайн бизнесхой коьртачу декъана Оьрсийчохь бехаш бу, ткъа хIора шаьш йоккхуш йолу гIулч цара яккха езаш хуьлу, Iедалшца дага а бовлуш. Мегар ду иза, я дац аьлла хатта дезаш хуьлу уьш. Дукхачу хьолехь, муьлхха а хьалхаттар дича Оьрсийчохь иза таIзар деш хуьлу. Цундела дерриг а иштта кхозучу кепехь дуьсуш ду. Суна хетарехь, стагана лаа дезаш ду иза. Хала хеташ далахь а, вай хIинца а цунна тIекхаьчначух тера дац".

Интернетехь нохчийн кинокомпани лаха воьлча уггаре а хаьлха гучуйолург ю "Х-Б. Исраилов-фильм". Вуьйцург волчух тера ду Нохчийчохь вевзаш волу кинон а, театран а актер Исраилов Хож-Баудди.

Дуккха а хан ю иза шен кинон сурсаташ арахоьцуш болх беш волу. Делахь а, профессионалан кепехь шен кино яккха хIинца а аьтто цахилла Исраилов Хож-Бауддин. Амма аьтто хилча комеди йоккхур йолуш вара иза. И жанр нохчийн къоманна гергара ю аьлла хета шена бохуш дуьйцу нохчийн актеро Исраилов Хож-Бауддис.

Исраилов Хож-Баудди: «Вайна чIогIа сатиран а, юморан а кинош еза. Къаркъа дохкар дика дац бохуш дуьйцуш ду-кх вай. Цунах лаьцна кинош яха еза вай. Иза мала деза бохург дац. И хIума лелийча хуьлуш дерг хIун ду, цуьнах хIун пайда болу, хIун зулам хуьлу бохург ду вай гойтуш дерг. Иштта хила дезаш ду. Цундела вай нохчашна кино оьшуш тахана санна зама еана а яц».

Исраилов Хож-Бауддина хетарехь, кхоллараллан белхахоша деган а, дешан а маршо оьшу. Нохчийчохь тIемаш бовлале юккъараллехь долчу муьлхха а кхачамбацарх дийца аьтто бара, амма хIинца кхин хьал ду бохуш дуьйцу Исралов Хож-Бауддис.

Исраилов Хож-Баудди: «ХIара тIом балле схьалаца а, дийца а шортта хIума дара. Хетарг ала йиш яра.Ткъа тахана Нохчийчохь цхьадолу хIуманаш дийца йиш яц. Адам кхетар дац олу. Мелхо а адаманна гайта дезаш ма ду иза. Цунах сатира олу, юмор олу. Ткъа нохчийн хилла ма-ду забар йича оьгIаз ца воьдуш. Иштта хила а деза».

Ах бIе сов кино чохь васт кхоьллина а, хьажархошна товш а актер ву тахана а нохчо Омаев Дагун. Цунна хетарехь, тоаме дац хийрачу киностудешкахула кавказхочунна васт гойтуш кино яккхахьара бохуш лелар, киностудеш кавказхойн шайн хила еза. ТIаккха бен хир яц кинематограф кавказхойн амалш, церан оьзда гIиллакхаш, тоъал пайда а бохьуш, дуьненна гойтуш.

Омаев Дагун: " Хьалха а ца яхийтора вайна ма-хетта филмаш. Масала, Шерипов Асламбеках лаьцна кино йоккхуш ца витира цуьнан васт ловзон нохчо - оьрсийн актере Золотухин Дмитрийга дIелира. Шерипов тIехьийза йоI а оьрсий йира, иза хилларг дацахь а.

...Бакъдерг дийцича, бехк вайн а бу, хIетахь вайна доьхкуш дацара вешан киностуди кхолла, амма ца дира вай иза. Таханалераниг дийцича, вайн къам кинематографехь пайда боцчу даьккхина оьрсийн режиссераша.

Вайна оьшу вешан актераш кечбан, режиссераш, операторш кечбан - деша хьовсон беза кегийрхой. Уьш вай ца бохийтий, вешан кино вайн хир яц. Ткъа хийрачу мехкашка деха а эрна ду, вайн къоман васт лакхарчу тIегIан тIехь гайтар доьхуш лела".

Муьлхха а филмехь вайнехан тидам тIебохуьйтуш хуьлу нохчийн васт кхуллуш болу кхачамбацарш, вайнехан гIиллакхаш цахаар. Хала ду-те муьлхха а цхьана нохчочуьнга хатта хIара иштта дуй шун амалехь аьлла, бохуш эргIад оьхуш хуьлу вай. Иза, баккъалла а, хIунда ца до те ур-аттала "Оскар" совгIат даьккхинчу безаш болчу режиссераша а цхьана, аьлла хаьттира оха ХIолливудехь а болх бинчу Шерипов Инале.

Шерипов Инал: "И тайпа филм вайн публикина, нохчашна аьлла яьккхина цахуьлу. Иза дерриг а дуьненна гайта яьккхина хуьлу. Ткъа дукхах болчу нахана турпалхочо нохчий мот во бийцар а, иза наггахь нохчочух тера цахилар а коьрта дац. Цу тайпа кеха-мерза хIуманаш вайна бен ца го".

Кхин цхьа хIума а ду. Хьенах лаьцна йоккхур яра тахана Нохчийчохь долчу Iедалша кино бохучу хаттарна жоп долу дукха хан ю. Ткъа хIунда яц иза хIинца а яьккхина аьлла хаттар кхоллало. Цхьа агIо иштта хила тарло.

Кинон башхаллаш хуучу, иза яккхарехь говзалла а, похьма а долчу нахана хаьа муьлхха а филман чоьхьара драматурги хила езаш хилар, цу юкъахь, эр-вай, дов хила дезаш хилар.

Вуьшта аьлча, турпалхо мацца хилла а цхьа цакхетам болуш хилла, я цхьа хIума нийса ца лелийна, я гIалат далийтина хила везаш ву. Амма кинон йоьдуш иза хийцало.

Харцхьара турпалхочух нийса турпалхо хуьлу, иштта -- вукха агIор а. ТIаккха бен ца хуьлу цунах адамийн дагах кхеташ, ткъа цхьаболчарна кханене некъ гойтуш, бомба иккхинча санна Iаткъам беш йолу ма-ярра блокбастер.

Цунах лаьцна дика элира режиссеро Шерипов Инала.

Шерипов Инал: «Драматургиехь стаг, я турпалхо кхиа везаш ву. Нагахь иза хьалха санна идеал, масала, истори дIайолалуш ша ма-хиллара Ленин иза висахь, чакхенехь хIумма а хийца цаделлехь иза эшам бу, иза кино яц.

Кинохь иза цкъа дуьххьара къинош летийна хила веза, я кхин хIума ... вуьшта аьлча, адам хийцадала дезаш ду. Нагахь иза хийцалуш воций филм ца нисло. Ткъа диснарг дерриг а... кхин дIа сценаш хьо кечъян вовлавелча ахьа хьайн герой хьоле дIахIотта во ахьа цуьнан дикан, я вон хилар гойту".

Ткъа иза, кхеташ ду, хуьлийла дац вайн турпалхочуьнца...