Иттаннашна бахархошна хих дIовш даьлла Нохчийчохь Гуьмсан кIоштан Ишхой юьртахь. Карарчу хенахь, четарийн лазарнеш а хIиттийна, зераш деш бу лоьраш цу эвлахь. Цомгуш бу аьлла шеко ерш сихонца дIакхачош бу дарбанан хIусамашка.
Ножай юьрта кIоштан Бена-Веданхула Яьсси хина аьрро бердаца Iуьллуш ю Гуьмс кIоштан Ишхой юрт. Орцаллин министаралло хааме даккхарца, кху мангалан беттан 2-чу дийнахь буьйсанна, 40 сов вахархо дарбане цIийне а кхачош, юьртахошна боккха бохам баьлла цу эвлахь.
Говзанчашна хетарехь хьалхара шеко дIаьвше хи мийлар ю. Чоьна долуш, Iеттош лоьрашна тIекхачийначарна юкъахь дийцарехь I2 бер ду I шарера I5 шаре кхаччалц хенаш йолуш. Царалахь а, баккхийчарлахь а дукхахберш юккъерчу барамехь вочу хьолехь бу боху официалан хьостано. Орцаллин министаралло тIаьххьара бина хаам бу ишта.
Ткъа цигахь бехачу цхьаболчу бахархоша чIагIдарца бахьана хIуъу а делахь а могушаллина зенаш хилларш алсам хуьлчух тера ду Ишхой юьртахь. Стенна аьлчи боху цара, гатанан четарш а хIиттийна, дукха лоьраш -говзанчаш тIе а оьзна, шуьйра зераш дIахьуш ду бохам хиллачу эвлахь. Дийцарехь хих дIовш даьлларш хуьлчух тера ду луларчу Кошкалда юьртахь а. Цигара вахархо Мухтар ву зIенехула дуьйцуш.
Мухтар: «Ой цигаххьа-м четарех йина лазарнеш а хIиттийна, нахана зераш деш дукха лоьраш хуьлчух тера ду. Дуккха а нах бу бах цомгаш хилла. Лула юьртахь Кошкалдехь а хуьлчух тера ду лазархой. Ишхой юьртара кхоьхьуш мА ду цига а хи…»
Гуьмс кIоштан Ишхой юьртахь хилларг хьал ца хуучунна тамаше хета тарлуш хIума ду, бакъду, и юрт цхьаъ хилла ца Iа милла а тIекхача йиш а йолчу, диллина лаьттачу хих пайдаоьцуш ерг. Вуьшта аьлчи къевлина доцу хиш муьйлуш дукха ярташ ю Нохчийчохь, ламанца-м хьала а, охьа а.
Лаьмнийн когашкахь, аренца, Ишхой юьртана 5-6 чакхарма гергахь Iуьллуш ю цигга кIоштера Кошкалда. Хин къоьлла йолуш цигга Ишхой юьртара, эца а оьцуш, охьакхоьхьуш ду шаьш хи боху соьга вист хиллачу цигарчу вахархочо Мухтара.
Мухтар: "ГIунаш а яьхна, Ишхой юьртара хи а оьцуш ,цу чу а дуьттуш Iаш ду-кх тхо а. ХIора баттахь оьцу. Баттахь а эцна ца Iа иза-м,шозза а оьцу. Массо мете кехаташ яздеш леткъамаш бина оха. Ишкол хи доцуш ю бохуш дешаран министаралле яздина,ЖКХ яздина гIуллакх хуьлуш дац тхан.. Ишхой Юьртахь хи шина-кхаа тайпа ду церан… БиргIанаш тохара дуьйна яхкаелла ю цхьнхьахула чу боьхалла яьлла хир ю-кх…»
«Тамаше хеталург ду, оьшуш хIума доцуш, патIар баьттачу махкахь санна, цIе яьлча санна сиха, миллионаш долларшкахь харжаш а еш, дIахьуш къийсадаларш, синкъерамаш болчу махкахь хица оццул ледар хьал хилар. Цхьа зуламхо а ваьлла, цунна вон болх бан лаахь Iаламат дакххий зенаш хир ду нахана». Хила тарлучух ишта элира ас цIе ца йоккхачу вахархочо.
Хих я кхечу кхачанан сурсатех дIовш а долуш, вон хилла бахархой лоьрашна тIекхачабар кхузахь керла доцуш, кест-кеста нислуш хIума ду. Кху деношкахь, масала, нохчийн могушаллин министаралло гIардаккхарца, Заводан кIоштан берийн бешара цхьа ца лайна вон хиллаI5 бер лоьрашна тIе кхачийна.
Могушаллин министараллин коьртачу педиатро Ирбаиева Таисас бинчу хаамца байначу беттан 29-чу дийнахь мехкан инфекцин центре кхачийна I5 бер тахана дика ду, шен хенна дан мел оьшу гIо дар бахьнехь. Говзанчашна хетарехь берашна хьовзам балар бахьна дай-наноша тIаьхьа еъна пирожнеш хиллачух тера ду. Цу хьокъехь зераш ду деш.
Телхина кхачанан сурсаташ бахьнехь баларш хилла а, бахархой лечуьра бевлла а меттигаш а яц кIезиг. Кхушара чиллана баттахь наний, кхо беррий шайн чохь делла карийнера цигга Гуьмсан кIоштехь. Телхина мерза хIумнаш яар бахьнехь 23 вахархо, шайна юкъахь 9 бер а долуш, даланза даьллера Шелковск кIоштехь а.
Цу кепара официалан гIардаьхна масалш дукха ду. Цу декъехь нисделла валар –висар цкъацкъа гIардалаза а дуьсу кхузахь, стенна аьлчи хилларг хилла даьлла олий нохчаша шайлахь хийла дIадерзадо тIеIоттаделла вон.