Германехь ийгIина нохчийн а, курдийн юкъаметтигаш. Гарехь, Оршотан дийнахь нохчийн масех жимчу стагана тIелетта хилла иттаннаш курдаш. Цул тIаьхьа, социалан машанашкахула орца а даьккхина, цу нахана бекхам бан арабевлла нохчий. Яханчу буса немцойн полици юкъа а гIоьртина доккха зулам ца хуьлуш дирзина церан дуьхь-дуьхьала латтар. Цхьаболчу хаамашца, дов дIадирзина ларалуш ду.
Цу хиламашкахь яхначу видеоша а, цуьнах лаьцна тайп-тайпана зорбанан гIирсаша дуьцучо а гойтуш ду нохчий "Исламан пачхьалкх" олучу терроран тобанна тIехIиттина болуш санна гайта гIертар.
Your browser doesn’t support HTML5
Оьрсийчоьнан "Russia today" курдашна тIехIоьттина. "Исламан пачхьалкхехьа" болу радикалаш, уьрсаш а карахь, курдашна тIелетта аьлла.