Берлинехь кхеле озийна "Hell's Angels" байкерийн тобан декъашхой

Дани -- Швейцарера а, Швецера а Hell's Angels (HA) декъашхошна 1уналла деш ю Данин полици Hell's Angels клубана хьалх, КопенхIаген. 25Марс2007

Берлинерчу кхелахь жоьпе озийнарг 11 стаг ву Hell's Angels байкерийн тобанан декъа хилла волу. Уьш бехке беш бу, кху шеран дечкен баттахь Германин коьртачу шахьарехь цхьана букмекерийн кхерчахь 26 шо долу жима стаг верна. И зулам масех видеокамерано дIаяздина хиларна билгал а хIинца лийцинчеран гIенташкахь болу нах цунна бехке хилар чIагIдан йиш ю Iедалхойн.

Ткъа и стаг веран бахьанаш, Берлинерчу прокуратурин векалша дийцарехь, Hell's Angels тобанна юккъехь хиллачу цакхеташмашкахь а, чоьхьарчу къийсамашкахь а лаха догIу. Иштта, Iедалхоша чIагIдо, цу тобанна юккъехь керла гара кхолладеллера, туркойн къомах болчу байкерех лаьтташ долу, ткъа цу керлачу гаран куьйгаллера дарж бахьана долуш декъашхошна юккъехь барт ийгIинера, бохуш, цундела и вийнарг шайна новкъара дIа ваккхархьама лерина а, дина а талор дара иза аьлла хета талламхошна.

Hell's Angels цIе йолу тоба дуьненчохь уггаре а яккхийчехь мотоцикалшхахкархойн цхьаьнакхетаралла ларалуш ю. Масех кхечу яккхийчу мотоцикалшхахкархойн тобанашца иттанаш шерашкахь къийсам лелош а ю иза, коьртелла а, тIеIаткъамаш бо меттигаш а бахьана долуш. Малхбузерачу низамаша лардархоран хьукматийн векалша „мотоцикалшхахкархойн банда“ шех олу и тоба къепе дацарш а, зуламаш а лелорца евзаш ю.

Масала, Европехь корта бахо молханаш йохкарца а, зударий маьттазчу Iалашонашца бохка-эцарца а, нах байъарца а, ткъа иштта маьттаза сакъоьру кхерчаш шайн долахь хиларца а гIарабевлла бу цу тобан а, цунах терра йолчу кхечу мотоцикалшхахкархойн тобанийн а векалш.

Башха кхечу агIор дац Оьрсийчохь жигара лелачу байкерийн тобанашца дерг а. Цигахь уггаре а евзачех мотоцикалшхахкархойн тоба ларалуш ю „Буьйсанан берзалой“ цIе йолу тоба, шен коьртехь Хирург цIарца вевзаш волу Залдостанов Александр а волуш. Бакъду, цхьа башхалла ю. Нагахь санна Малхбузехь байкерийн тобанаш – уьш массарна юйла а хууш, зуламхойх я, мел кIезга а, низамаш лардарна генарчу нахах лаьтташ елахь а, ткъа могIарера бахархой а, политикан а, Iедалийн а векалш царех къехкаш а, уьш емалбеш а белахь, Оьрсийчохь и нах, мелхо а, Iедало хьоьстучех а, кхобучех а бу. Ур-аттала пачхьалкхан куьйгалхочунна Путин Владимирна а дастама ца хета, Хирургаца а, цуьнан тобанца а цхьана мотоцикал хахка ваха.

Цул а сов. Даханчу шарахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимирс Залдостанов Александрана пачхьалкхан совгIат делира - Сийлаллин орден. Бахьана, официала хаамехь яздина ма-хиллара, - „кегирхошца жигара патриоталлин кхетошкхиоран болх барна а, Даймохк ларбеш эгначу бIахойх долу иэс лардарна а“.

Ткъа Оьрсийчоьнан лакхарчу Iедало сел сийдина волу стаг Нохчийчохь а тергал ца веш витича дукха тамашийна хир дара. Цундела масех бутт хьалха Соьлжа-гIала кхечира и Путинца шен доттагIаллехь дозалла деш волу Хирург. Кхеташ ма-хиллара, цуьнан сийна республикан куьйгалло цхьаьнакхетараллаш а дира, лерина шун а хIоттийра.

Европехь цу кепара Iедалан лаккхарчу векалаш сел шеконечу тобан декъашхошца гергарло лелор вуно тамашийна хеталур дара. Хала ду забаренна а дага даийта, Меркел Ангела я ур-аталла цул хьалха немцойн канцлер хилла волу Шредер Герхард, иза мел Путинца доттагIаллийца а, цуьнан адвокаталлийца а гIарваьлла велахь а, Hell's Angels тобанан куьйгалхочуьнца мотоцикал хахка вахана лелаш я цаьрца цхьаьна сарташ дохуш. Царна пачхьалкхан совгIат далар-м хьехо а ца оьшу.

Кхин а халох ду, масала, Британин куьйгалхо Кэмерон Девид цу ролехь дуьхьалтасса. Карарчу хенахь Лондонехь вехачу нохчийн политолого, Британерчу стратегикаллин талламийн кхерчан белхахочуо Асхабов Хьамзата дийцарехь, Малхбузехь и Хирург санна болу нах а, цара векалалла деш йолу тобанаш а, уьш кхело зуламхойн санна ца леринехь а, хIетте а мел кIезга а маргинала тобанаш ларалуш ю. Ткъа цаьрца гергарло лелор политикан а юкъараллин жигархочун а сийдойъуш хIума ду.

Асхабов Хьамзат: „И мотоцикалшхахкархойн тобанаш уьш кхузахь маргинала тобанаш лоруш ю, уьш нехан кхетамехь оьзденгалла а, гIиллакх-гIуллакх, юкъараллехь лелаш долу низамаш лардеш лоруш яц. Мелхо, и юкъараллин низамаш дохош, цаьрца шайн дастама а, оьзда боцуш а леларца къийсам латтош йолу тобанаш ларалуш ю, Iедална а, нахана а дуьхьал йолуш санна.

Иштта лоруш ю кхузарчу тобанашца гергарлонаш долуш а, кхарах тарйала а гIерташ йолу Оьрсийчуьра мотоцикалшхахкархойн тобанаш а. Кхарах масала оьцуш лелаш ю уьш а. Цундела цу тобанашца цхьаьнаветтавалар иза кхузахь Iедалан векалшна мегар долуш хIума дац, могуьйтур долуш а дац, цхьа а тIаьхьло а йоцуш дуьсур долуш а дац“.

Амма Оьрсийчохь а, Европехь а политикан лакхенашкахь лелаш долу гIиллакхаш а, Iадаташ а, хууш ма-хиллара, вуно бен-бен ду. ЖухIаргийн хьесапехь, тIаьрсиган духаршна тIехула ка ма-доллу дуккхаъ эцигаш а, седарчий а, дашо варкъанаш даьхна йозанаш а оьхкина, шайн ма-хуьллу стом аз дан гIерташ къа а хьоьгуш, оьрсийн маттахь шайх „ряженые“ олуш болу и нах а, шайна пайденна хилчахьана тIекIобо Кремлан дайша. Царех могIарера нах къехкар а, церан лелар маьттаза хилар а ца гуш санна дуьту.

Ткъа цу юкъана, Берлинехь дикка яхйала там бу Hell's Angels тобанан декъашхошна тIехь дIайоьду кхел. Хила там бу, цу тобан дуккхаъчу декъашхошца доттагIаллин юкъаметтигаш йолу Хирург Залдостанов Александр а кIирвелла и кхел тергалйеш хила.