Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчуьра гIаттамхой шаьш хIаллакбина аьлла хетачу Iедало тIаьххьарчу массех шарахь дIабаьхьина, хIинца а дIахьош бу дин гара кхетадо аьлла шайна хетачу нахаца болх. Оцу белхан кеп цхьаъ бен а яц – оцу нахана еттар, уьш сийсазбар.
Лурчаха а, стохка а, ца бевлла, шайн синош довдош, дIабахана махкара Шемахь, Мисарахь, Туркойчохь, Малхбаленан кхечу мехкашкахь дин а Iамийна, цIабаьхкича, бухахь хьийзо баьхна хиллачу къоначу Iеламнахах дукхахберш.
Ишттачех иттех стаг велира дахначу шарахь Маршо Радиоца зIене шаьш дIакхачна меттигашкара. Цара боккхачу дагахьбалламца балхабора шайн даймахке лаьтта сингаттам а, ткъа цигахь шайна Iойла дохор а.
Соьлж-ГIалахь кхиина а, цигахь дуккха а дешна а. Хьакаман даржехь Iийна а ву тхоьца деношкахь зIенехула шегарчу баланах лаьцна дийцина Абдураманов Тумсо.
Цхьана дийнахь гIалин юккъехула воьдуш цунах бIаьрг кхетта Iедалан дайх цхьаьннан. Эццахь доха доьлла Тумсон хьовха, цуьнан мел болчу гергарчийн а дахар.
Абдурахманов Гуьржийчохь ву тахана шен доьзалца а, уллерчу нахаца а. Амма иза шайн куьйгакIелхьара ведда цига кхачар ца лайначу Нохчийчуьрчу хьукматаша цунах мостагI вина. «Исламан пачхьалкх» олучу тIеман тобанех дIа а кхетта, цуьнан могIаршкаххь ву аьлла, Оьрсийчоьно лаца кхайкхийна.
Оцу доллучун хьокъехь Абдурахманов Тумсос Маршо Радиона хеттаршна жоьпаш а луш дуьйцу.
Your browser doesn’t support HTML5