Херцашлахь Iаш йолу Абхази

Некъан у тIехь Абхази аьрру агIора ю, Гуьржийн мохк юккъехь а болуш

Сухумехь парламентан хилла гIишло йохийнера гуьржашца 1990-чу шерашкахь хиллачу тIамехь

Иштта ю парламент чохь

Сухуми-гIалин йохийна пирс. Советийн заманахь Абхазе садаIа эхара нах 

Гагра-гIалахь йорах курорт ю. Яккхий таронаш йоцуш болу гIазкхий кхуза оьху садаIа.

Гагрехь йолу санаторий 

Куркунава Алхаз - сержант ву Абхазин эскарехь. 21 шо хьалха Гуьржийн махках дIакъастарна лерина ю хIара парад.

Ловзарг

Оьрсийн эскархочунна хIусам-нана еана тIаьхьа Смоленскера. Оьрсийчуьра 3000 салти ву гIуллакх деш Абхазехь

Задарожный Виктор нека дан Iамош ву кегий берашна

Жалогуа Лизбар, бокс Iамош, тренер ву, амма Гагрехь мегаш гIишло яц секцина

Гагра. Абхазин бюджет 70 процентана ОЬрсийн Iедало луш долчу ахчанах лаьтташ ю. Диснарг туризмо хуьлуьйтуш ду.

Маларна тIера бу абхазаш

Кху чохь хьешан цIа хир ду.

ХIара абхаз Украине ваханера, тIом бан

Пицунда. ХIара автобусан социйла яра цхьана хенахь

Сухумина уллехь Советан заманахь маймалш кхабара, талламш бан. 

Гали-гIалахь, тIом балале, 96 процент бахархой гуьржий бара. ХIинца яьссаш лаьтташ ю и меттиг

Абхазиний, Гуьржийн махканий юккъехь долу тIай. Дозанна ха деш оьрсийн эскархой бу

Галина уллехь йолу цIерпошт-некъан станци

Рица-Iома тIе а кхаьчна гIазкхийн туристаш

20 шо сов хьалха Гуьржийн махках дIакъаьстина йолу Абхази тахана юха а кхехкаш ю. Оьрсийн Iадалш керла чIагIам бан лууш ду цуьнца. Оцу чIагIамо Абхазех Оьрсийн Федерацин цхьа дакъа дийр ду, аьлла, хеташ бу Гуьржийн маьхкIамхой. Суртдаккхархочо Чейпл Амоса дикка хан яьккхира Абхазехь, хIара сурташ дохуш.