Кадыровн герггара волчух инарла-майор вина Путина

Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а

Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочунна Даудов Мохьмадна Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн инарла-майор аьлла цIе йелла президенто Путин Владимира. Цунах лаьцна шен телеграм-каналехь хаамбина мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана. Путина "иштта рогIера йуха а лаккхара мах хадийна Кадыровн командин" аьлла цо.

Оьрсийчоьнан президентан официалан бакъонан информацин порталехь совгIат дарх омра зорбане даьккхина дац хIинца а.

Даудовн гIуллакхехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаьккхина доккхачу декъанна, СВО дIайахьарехь регионалан штабан куьйгалла дар. Иштта олу Украинана дуьхьал болийначу тIамах Оьрсийчохь официалехь.

Украинан кхерамзаллин сервисо кху бIаьста шеконаш кховдийра Даудовга, цо Оьрсийчоьнан тIелатарехь дакъалацарна. Урхаллин сайтехь билгалдаьккхина ма-хиллара, "Кадыровн уллорчу нахалахь ву, луьра тIом барехь цуьнан тIедакхарш кхочушдо" цо.

ТIамехь дакъалацарна Оьрсийчохь Сийлаллин орден йелира Даудовна – сепаратистийн "ДНР", "ЛНР" олчу метитигашка иза вахначул тIаьхьа.

  • 2014-чу шарера схьа дуьйна Даудов Мохьмад Американ Цхьаьнатоьхначу Штаттийн санкцийн тептарехь ву, адамийн бакъонаш ларйеш вац аьлла. 2020-чу шарахь цунна дозанаш туьйхира Британихь а, ЛГБТ+адамийн бакъонаш лар ца йарна Нохчийчохь. Украинехь шуьйра тIом болийначул тIаьхьа Польшин санкцеша а лецира Даудов.
  • Оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона тIаьхьабевлла лелачу хьаькамийн могIарехь а ву парламентан хьалханча. 2019-чу шарахь Даудовс чIир кхайкхийра цунна, Кадыров Ахьмад нохчийн къоман йамартхо вара блогеро аларна.