"Адамийн бакъонаш Iалашъярна" мидал елла Кадыровн йоIана

Кадырова Iайшат

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцешна бухахь йолчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун 22 шо долчу йоIана Кадырова Iайшатана "Адамийн бакъонаш Iалашъярна" аьлла, мидал яларх дIакхайкхийна Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашъян векал винчу Нухажиев Нурдис

"Бахархойн конституцин бакъонаш а, интересаш а Iалашъярехь доккха дакъа лацарна" дина совгIат ду аьлла яздо Нохчийчуьрчу адамийн бакъонаш Iалашъяран аппаратан Юкъараллин комиссин хаамехь.

Адамийн бакъонаш шога хьешарна, 2020-чу шеран аьхка Американ Пачхьалкхан департаменто цуьнан дена, Нохчийчоьнан урхалхочунна Кадыров Рамзанна, тоьхна санкцеш хьакхаелира йоIах - Кадырова Iайшатах а. Мехкан культурин министр хIоттийра кху шеран гурахь Кадыров Iайшат.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дуьххьара 2017-гIа шо доьрзуш Штатийн финансийн министралло ваьккхира Кадыров Рамзан а, цуьнан гонера массех стаг а санкцийн "Магнитскийн тептаре". "Кхел йоцуш нах хIаллакбарна а, адамийн бакъонаш хьешарна а, къоманна тIехь къизаллаш лелорна" аьлла, билгалдаьккхинера министраллехь

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре ваьккхира Товбеца-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан хIусамнана Медни а, ши йоI Iайшат а, Хадижат а.

ГIуран-беттан 11-чохь Кадыров Рамзана омра арахийцира 21 шо долчу шен йоIанна Хадижатна "Нохчийчоьнна гIуллакх дарна" цIе йолу мидал луш. Нохчийчуьрчу Iедалан доларчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, Кадырова Хадижатна совгIат дина "школе даханза долчу берийн дешаран система кхиорна а, балхаца сакхт доцуш, эвсара къахьегарна а".