Ростовера номер 1 йолчу СИЗО-хь закъалтхой лецначул тӀаьхьа Нохчийчуьра а, Дагестанера а меттигера пхи вахархо кхечу изоляторе дӀавигина, цигахь царна гӀело йан мега аьлла, хаамбина бакъонашларъярхоша. "Кавказ.Реалии" сайтан аьтто баьлла тӀепаза вайначу шина тутмакхан гергарчаьрца къамел дан, цаьрца зӀе ца хилла лаххара а масех кӀира ду. Ур-атталла адвокаташ а ца буьту царна тIе тайп-тайпанчу бахьанашца, ткъа посылкаш юхаерзайо "адресат вац" хьукматехь олий. Царах цхьаьннан хӀусамнана кхоьру шен цIийнда вийна хиларна.
Ханилаев Могомед
Мангал-беттан 16-чу дийнахь Ӏуьйранна закъалтана лаьцнера Ростов-гӀалин юккъерчу номер 1 йолчу СИЗО-н ши белхахо. ТӀаккха хаам бира, камерера араваьлла йалх тутмакх цу тӀелатарехь дакъалоцуш хилла аьлла, цул а хьалха дийца даьккхира, уьш ворхӀ хила мегаш ду бохуш. Цул тӀаьхьа шайна махкара дӀадаха аьтто бар тIедожийра цара, амма штурм йеш вийра пхи тӀелатархо, шиъ дийна висира. Уьш бу Ставрополан махкара схьаваьлла Камнев Даниил а, ГӀалгӀайчуьра Гандалоев Малик а, тӀечӀагӀбазчу хаамашца, хиламийн жигара мур болалуш гӀаролхоша лаьцна хилла волу.
Закъалтхой лецначул тӀаьхьа СИЗО-хь талламаш бира, бусулба тутмакхашка мажош дӀайашийтира, реза воцчунна - йиттира. Изоляторехь талламаш дӀабаьхьна, листарш хӀинца а дӀахьош ду – регионерчу ФСИН-ехь даржашкара бахар доцург, иштта хаамаш бора цхьаболу тутмакхаш стенга буьгу а ца дуьйцуш, кхечухьа дехьабахарх а. Доккхачу декъана вуьйцург ву Дибирасулаев Башир (Дагестанерчу Тюбе юьртарчу номер 7 йолчу колонихь "набахтин жамаӀатан" гӀуллакхехь дакъалаьцна стаг), ткъа иштта Мутаиров Курбан-Исмаил а, Хантуев Шемал а ву.
ТӀепаза вайначех цхьаъ - Дагестанера схьаваьлла Ханилаев Магомед ву, "набахтин жамаӀатан" гӀуллакхца лаьцна латтош волу. Иза динан юкъаралла ю, ницкъаллин структурийн белхахоша дийцарехь, республикехь лоьмар 7 йолчу колонин тутмакхаша кхоьллина йолу.
Шозза шен фамили нийса муха йазйийр йац стага?
Ханилаевн хӀусамнанас Демурова Марияс Кавказ.Реалии сайте бинчу хаамца, товбеца-беттан 22-23-чу буса иза Ростовера дӀавигира, хеттарш дан аьлла бахьана а хIоттийна. Цу хенахь дуьйна цуьнца зӀе яц.
Гергарчарна хетара Ханилаев Таганрогерчу СИЗО-2 чохь ву аьлла. Амма цуьнан адвокат Кошель Виктория цига кхаьчча, ФСИН-ан белхахоша цуьнга дӀакховдийра цо Iалашвечу шена цуьнца цхьанакхета ца лаьа аьлла, йаздина кехат. Ханилаевн хӀусамнанас чӀагӀдо, товбеца-беттан 9-чу дийнахь йаздина кехат шен цIийндас йаздина дац бохуш.
"Суна биллгал хаьа,и йоза сан майрчо дина дац. Цу тIе муха йазйийр йу шен фамили шоззе а харц?", - боху Демуровас.
Тутмакхашна леринчу туьканахь тӀепаза вайначу стеган хӀусамнанас оьцу сурсаташ, йазден кехаташ, посылкаш а йухайогIу: "адресат вац" аьлла, билгало йеш. Иза иштта делахь а, адвокат Кошель тешна йу, Ханилаев Таганрогехь хиларх. РогIерчу кхелан кхеташонехь марсхьокху-беттан 14-чохь иза ган аьтто хир бу цуьнан.
"Уьш дехьабохуш бу, эххар а лецна латторан низамаш кхочушдархьама – мангал-беттан 16-чу дийнан хиламаш хилале хьалха Ростов гӀалара изолятор тӀех йуьзна йара, ткъа хӀинца иза йассош йу. Уьш дехьабохуш бу, кхин долчу хӀуманашца цхьаьна а, дозанийн бахьанашца – йоццачу хенахь тутмакхаш Ростове кхачо аьтто хилийта. Таганрогера кхеле сихох кхачор бу", - аьлла хета Кошельна.
Оцу йукъанна цо билгалдаьккхира, номер 2 йолчу СИЗО-хь къаьстина хьелаш хилар, хетарехь, цигахь ву карарчу хенахь Ханилаев.
"Кхетон деза, номер 2 йолу СИЗО - вуно генара меттиг хилар, цигахь хан токхуш бу тIеман зуламаш динарш. Цигахь аьтто ца хьулу къайлах телефон лелон, кхечу изоляторшкахь магош долу, масала, тутмакхца мобилан телефонехула зIене волийла дац, ткъа цхьаццайолчу СИЗО-хь могуьйта. Цундела сайн клиентаца низаман кепашца зIе таса хьийза со, амма аьтто ца хуьлу",- дийцира адвокато.
Дуьххьара сацам бина Демурова Марияс шен майрачун бакъонаш йохош долу хьал нахана дӀахаийта, хьалха цунна йиттина, харцонца таӀзаран камере хьажийна хиллехь а, шен посылкаш дӀа ца луш, цуьнца цхьанакхета а бакъо ца луш хиллехь а. ХӀетахь зуда тешна йара, гIуллакх зорбанашка даккхахь, пайданал а алсам зен хир ду аьлла. "ХӀинца, иза дийна вуй, могуш ву ца хуучу суна, тапъаьлла Iарх гIуллакх хир дац аьлла хета",- боху Демуровас.
Iадийна хьал ду, юристийн а, бакъоларйархойн а кархьа хIуммаъ а дац
Ханилаевна дуьххьара таIзар дира 2016-чу шарахь къоланаш дарна, хIетахь кхачийнера иза номер 7 йолчу колони. 2019-чу шеран гезгамашин-баттахь оцу колонехь къепедацарш хиллера. "Даккхийчу къепедацаршкахь дакъалацарна" Ханилаев Магомедна юьхьанца тоьхначу ханна тӀе кхин а ахшо туьйхира, юкъарчу луьрачу хьелаш лаьттачу роже а верзош. И таIзар динчул тӀаьхьа Ханилаевна дуьхьал кхин цхьа гӀуллакх даьккхира, номер 7 колонихь вовшахтоьхна бохучу террорхойн юкъараллин куьйгалла дар аьллачу артиклца. Цу кепара, шозза кхел йина Дагестанера вахархо нисвелира Ростоверчу номер 1 йолчу СИЗО-хь стохка зазадокху-баттахь.
Ханилаевн доьзална хетарехь, "оцчу бахьанашца" дехкина бехкаш ду уьш, уьш кхоьру, цунна тIехь карарчу хенахь Iазапаш хьоьгуш хиларна а, цундела иза гойтуш цахиларна а.
"Русь сидящая" фондан куьйгалхочун Романова Ольгин цхьа а шеко йац, "набахтин жамаӀатах" долу гӀуллакх шайггара кхоьллина хиларх. Цо бахарехь, 2022-чу шарахь Украинина тӀелатар дан доладелчхьана, изоляторшкахь а, колонешкахь а бусулба наха хьийзор а, царна тIехь ницкъ бар лахделлера, "тӀеман товарна талхо йиш йац" аьлла. Амма Москвара "Крокус Сити Холлехь" йинчу терактана Юккъерчу Азера масех мигрант бехке винчул тIаьхьа йуха а йетта а, ницкъ бан а буьйлабелира набахтешкахь болчу бусулбанашна.
"ЖамӀатехь дакъалацарх гӀуллакхаш" – оццу уьйрига йукъахь ду. Ницкъахоша "чиркхана кӀел" лоьхуш бу: бакъболчу террорхой а боцуш, лаца а лаьцна, терроризмна бехке бан атта болу нах. Цкъацкъа бехкевийриг хуьлу дехьарчу камери чохь латтош верг", – дийцира Романовас.
Карарчу хенахь Ростов гIалара Къилбаседа гонашкара тIеман кхелехь луьстуш ду итт гергга "жамаIатца" доьзна гӀуллакх. Цу гӀуллакхех цхьадерш 60 томах лаьтташ ду – хууш дац кхелан таллам маца боьрзур бу.
Алханов Мохьмад
Кавказ.Реалии сайтан а аьтто белира Ростоверчу номер 1 йолчу СИЗО-хь латтош волчу Нохчийчуьра вахархочун Алханов Мохьмадан гергарчаьрца зӀе таса. Цо дакъалаьцна а доццушехь, закъалтхой лецначул тIаьхьа къайлаваьккхина иза а.
Бакъонашларъяран "Мемориал" центро бинчу хаамца, тӀелатар динчу декъашхошца цхьана камерехь хилла Алханов. Мангал-беттан 16-чу дийнахь тIелатар хиллачул тӀаьхьа иза хеттарш дан дӀавигинера, цигахь лаьцначо дӀахьедина хиллера, шеца цхьана камери чохь хиллачийн Iалашонех лаьцна хӀумма а ца хаьа аьлла. Цул тӀаьхьа цунна, дуккха а бусулба тутмакхашна а санна, йиттинера.
Мангал-беттан 25-чу дийнахь гучуделира Алханов цхьалхачу набахте кхачийна хилар а, цуьнан гергарчарна цунна тIе бахка бакъо ца луш хиларх а. Адвокатан аьтто баьллера тутмакх волчу ван – цо дийцира, клиентана дIасалеларца дозанаш тохарх а, цунна гигиенина оьшу хIума а, цIена бедарш а луш цахиларх.
Хетарехь, адвокатца цхьанакхетар хиллачул тӀаьхьа, товбеца-беттан 3-чу сарахь Ростоверчу СИЗО-ра араваьккхира Алханов Мохьмад. ШолгӀачу дийнахь тутмакхан хӀусамнанна Алханова Рашанна бакъо ца йелира, шен хIусамда волчу йан. "Тутмакх кхузара дIавигина" аьллера цуьнга. Иштта цунна а хета, шен майра Таганрогера номер 2 йолчу СИЗО чохь ву аьлла, амма цуьнан кехаташ а, посылкаш а адресате дIа ца кхочу. Цуьнан адвокатна а кхаьчна клиентера цхьаьнакхета ца лаьа аьлла кехат. Алхановн адвокатан а, хӀусамненан а шеконаш ю цунна тӀехь Ӏазап латто мегаш хиларх.
"Суна сайн майра ца гина ахшо а ду. Адвокате цуьнгара лучу кехаташ тIера почерк цуьнан йу- иштта бен ца хаьа тхуна иза дийна вуйла".
Иштта, Къилбаседа кӀоштан тӀеман кхелера бакъо яккха аьтто баьллера цуьнан, товбеца-беттан 18-чу дийнахь Таганрогерчу изоляторехь цуьнца доца цхьанакхетар хилийта. Амма цу дийнахь ФСИН-ан белхахоша Алханове дӀахьединера, цуьнан майра "таӀзаран камерехь латтош ву, цунна тӀе вуьтийла дац" аьлла. Таганрогехь иза латторах лаьцна кхин хIара доцург суна хууш хIума дац. Со Iадийна, юристийн а, йа бакъонашларъярхойн а хӀумма а дан йиш яц", - бохура Алхановас.
КХИН А ХЬАЖА: "Террорхо № 1037". ХIун ду хууш дарбан хIусамера веддачу "Басаевн нийсархочух"Редакцино динчу дехарна жоп луш, таӀзарш кхочушдаран федералан урхаллан Ростовн кӀоштара урхалла реза ца хилира Алханов а, Ханилаев а мичахь ву хаийта, персоналан хаамаш Iорабаха бакъо йоцчу низамна тӀе а тевжаш. Цуьнца цхьаьна урхалло дӀахьедира, "бехкзуламан гӀуллакх дӀахьош верг, йа орган декхаре йу бехкевечун уллорчу гергарчех цхьаьнга иза латточу меттигах, йу меттиг хийцарх лаьцна маса хаам бан".
Алханов Мохьмадна 10 шо хан туьйхира 2004-чу шарахь, бакъо йоцчу герзахойн тобанехь дакъалацарна бехке а вина. Ша дӀахецначул тӀаьхьа, 2021-гӀа шо юккъе даьлча, Алханов юха а лаьцнера, 2000-чу шарахь зазадокху-баттахь Басаевн а, Хаттабан а тобанашца цхьана Псковерчу десантхошна тӀелатар дарна шеко йолуш. Цу гӀуллакхехь тоьшаллаш дац боху адвокато. 2021-чу шеран гIадужу-баттахь Астраханерчу психиатрин дарбан цӀийнехь оцу гIуллакхехула экспертиза йинера Алхановна. Цигара вада аьтто баьллера цуьнан, амма масех де даьлча каравеара.
• Алханов Магомедах лаьцна кӀезиг хууш ду йиллинчу хьосташкахь. Дуьххьарлера сацамаш бинчул тӀаьхьа Росфинмониторинган террорхойн а, экстремистийн а къоман тептаре йазвира иза 1037 лоьмарца. Официалан хаамашца, иза вина 1982-чу шеран гIадужу-баттахь, хӀетахь Нохч-ГӀалгӀайн автономин ССР-н Теркйистехь. Цуьнца а догIуш, Нохчийчохь тӀемаш болалуш цуьнан 12 шо бен дацара, ткъа Псковерчу хӀаваан-десантан дивизин 6-чу ротан эскархошна тӀелатар дечу хенахь бехкевечун 17 шо хилла. Кхечу хьостанаша дийцарехь, Алханов вина Подгорное олучу эвлахь.
• Оперативан декъан куьйгалхо Горох Константин а, иштта оцу декъан берриг а белхахой а, ФСИН-на юхаметтахӀотто бакъо а йоцуш, балхара дӀабаьхна Ростов-гӀаларчу номер 1 йолчу СИЗО-ра, йаздо телеграм-каналаша. Балхара дӀабахар доьзна ду мангал-беттан 16-чу дийнахь оцу изоляторехь закъалтхой лецарца. Официалан кепара тӀечӀагӀбина бац и хаам.
• Ростоверчу СИЗО-хь закъалтхой лецна ши кӀира даьлча, тутмакхашлахь шолгIа таллам дIахьош, тӀечӀагӀбина боцчу хаамашца, ловзаран приставкаш карийнера. Меттигерчу хаамийн гIирсаша хаамаш бора, хьукматехь бакъо йоцуш хIиттийначу мехийн прескурантех, ишта магийна йоцу хIуманаш а чу кхачош хиларх. Цуьнца цхьаьна ОНК-ан декъашхо хиллачу, Федералан таӀзарш кхочушдаран урхаллан Москварчу хьукматан цхьана заманчохь аналитик хиллачу Каретникова Аннина хетарехь, тIелатар коррупци бахьана долуш хилла ца Ӏаш, белхахойн къоьллица доьзна а дара.