ПIерасканан рузбанашкахь, Афганистан тIалибаша дIалаьцначул тIаьхьа, "Талибана" кхайкхам бина имамашка, пачхьалкхера цхьааллина тIетовш хила аьлла. Марсхьокху-беттан 19-чохь, Афганистанан йозуш йоцу де билгалдоккхучу дийнахь, масех гIаланашкахь протесташ латтийна тIалибаш Iедале бахкарна дуьхьал. Пачхьалкхехь машар латтор бу, керла инклюзиван Iедал а кхуллур ду, шариIатан гурашкахь бохуш, "Талибана" чIагIо йиннашехь, хаам бо масех стаг вийна хиларх, тIехь ницкъбарх а.
ПIерасканан рузба хилале тIалибаша дIахьедина, "пачхьалкхан диканан дуьхьа къахьега деза, мохк дIа а ца тосуш" бохуш, имамаша дог айа деза махкахойн, "мостагIчун негативечу пропагандана" жоп а луш аьлла.
Еарин дийнахь паргIат дара Кабулан урамашкахь, герзах боьттина тIалибаш гIаш а, машенашкахь а дIасалела гIали юккъехула, туьканаш белхаш бан йолаелла. Банкаш а, пачхьалкхан хьукматаш а цкъачунна къевлина юьсу.
Аэропортехь саццаза еш эвакуацин рейсаш ю, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIемалоша а, церан агIончаша а кхерамзалла латтайо стигалахь.
Инарла-майора Тейлор Хэнка хаам бира журналисташка еарин дийнахь, карачу беттан 14-чохь дуьйна Американ эскарша Афганистанера ворхI эзар гергга стаг араваьккхина аьлла.
Пентагоно дIахьедина, хетарехь, тIалибаша гIо латтош ду арахьарчу мехкийн бахархой дIабохуьйтуш. Делахь а, хаамаш хеза, "Талибанан" тIемалоша аэропортана гергара позицеш ю дIалаьцна, цхьаболу овхIанхой дехьа ца бовлуьйту бохуш. Оцо йоккха паника яьккхина нахалахь.