Ахчана дуьхьий? Нохчийчохь гIалгIазкхаллех ловзабийлар

Нохчийчохь дуьххьара хилла республикан гIалгIазкхийн ловзарш, 2018 шо

Оьрсийчуьра гIалгIазкхашца йоьзначу пачхьалкхан стратегихула барамийн план тIечIагIйина Нохчийчуьра Iедалхоша. ДIахьедарехь, меттигера гIалгIазкхий мобилизацина а, наркотикашца къийсам латторна а тIеийзор болуш бу жигара. Регионера гIалгIазкхалла муха ду, оцу кепарчу сацамашца муха йустало Кавказан тIеман историн тIаьхьало, дийцира Кавказ.Реалиина эксперташа.

Нохчийчуьра премьер-министро Хучиев Муслима куьгйаздинчу омрана тIехь билгалйаьхна рогIера пункташ: гIалгIазкхалла даржор нохчийн кегийрхошлахь, мехкан дозана тIерачу гIалгIазкхийн культурина мониторинг йар, Теркан гIалгIазкхин-зудчун Де даздар. Иштта цу тIехь билгалдаьккхина, Нохчийчоьнан дозанаш тIехь куп тоьхначу тIеман министраллин а, Росгвардин а дакъошкахь гIалгIазкхаша гIуллакх дийр ду, Украинерчу тIамехь лазийначийн, байинчийн доьзалашна гIо латтор ду аьлла.

Iедалхойн хаамашца, 2022-чу шеран стигалкъекъа баттахь Нохчийчуьра 308 вахархо бен вац гIалгIазкхийн йукъараллашкахь, доккхачу декъана, Теркойн-Гребенскера, дозанца цунна йукъа йогIу республика.

Къастийна билгалдаккха догIу, Кавказан тIеман хенахь гIалгIазкхий а, ламанхой а мостагIий хилла бу: масала, инарла Ермолов Алексей – турпалхо ву гIалгIазкхашна, зуламхо ву регионехь даим баьхначу нахана. Шен хенахь, Кавказ йоккхучу заманашкара схьа дуьйна ламанхойн турпалхой болу - имам Шемал, Бенойн БойсгIар, Шейх Мансур – гIалгIазкхашна мостагIий бу.

Билгалдаккхар: Кавказ йоккхуш дакъалаьцна бу гIалгIазкхий, шайн дай баьхначу латтанаш тIера, иштта Нохчийчуьра а цхьана ламанхой йуха а тухуш. Октябран революци йолчу хенахь гIалгIазкхийн доккхаха долу дакъа дуьхьал дара советан Iедална, оцу тIехула репрессеш лелийра царна дуьхьал. СССР йоьхначул тIаьхьа "Репрессиш йинчу къаьмнашна реабилитаци йарх" долчу низаман буха тIехь шайн йукъаралла йухаденйан буьйлабелира уьш. Тахана президентехула гIалгIазкхийн гIуллакхашкахула кхеташо йу, ткъа Iедалхошкахьа йолчу гIалгIазкхийн организацеш ницкъаллин структурашна йукъатоьхна йу.

Кремлана хьалха хестабалархьамий?

ГIалгIайчохь, Нохчийчохь, Дагестанехь кхузаманан гIалгIазкхалла историкан-этнографин йукъараллийн бакъонаш тIехь йу. Церан хьашташна федералан центр кийча йу ахча латтон, билгалдоккху америкахойн Къилбан Иллинойсан университетера политологин доценто Дзуцати Валерийс. Цуьнан зерашца, "гIалгIазкхийн хаттар" республикашкахь тIаьхь-тIаьхьа этнографин хуьлуш ду, политикан дац, ткъа цаьрца ловзабийлар "дуьххьара дац".

ГIалгIазкхийн тема интересе йу кхин тIе а ахча лур хиларна

"Федералан центро кхин а сов ахча лур долу дела гIалгIазкхалла интересе ду регионерчу элитина. Цул совнах, шаьш гIалгIазкхий бу бохучарна эскаран декъехь, йа "лаамхошлахь" тIамтIе баха ца лаахь, цара шайн гIалгIазкхийн дакъа кхолла тарло, историхь хуьлуш дерг санна тIеоьцур ду и тIаккха", - дуьйцу къамелдечо.

Нохчийн Iедалхоша жигара реклама йо меттигерчу жимачу гIалгIазкхаллин хьокъехь шаьш дечунна, билгалдаьккхира Европехь куп тоьхначу ичкерихойн "Цхьааллин ницкъ" боламан векало Музаев Сайхана. Цо дагадаийтира, республикин куьйгалхо Кадыров Рамзан президентехула йолчу гIалгIазкхийн гIуллакхашкахула кхеташонан цхьанакхетаре вахар а, "гIалгIазкхийн культурина гIолаттор" санна дийцар.

"Нохчийчу вогIучу муьлххачух а бахьана долу Кадыровна ша вуьззина муьтIахь хилар Москвана дIагайта. Хьовсал, тхо долчу оьрсий а, гIалгIазкхий а богIу, бохуш. Ткъа уьш империн йистошкахь хилар даим а товш ду федералан центрана", - элира цо.

Республикехь бан а боцчу гIалгIазкхашца Кадыровн ловзавийларо цунна цхьа а пайда бохьур бац, билгалдаьккхира Музаевс: "Кадыровна лаа а лаьара, амма цуьнан ницкъ бац, декоративан гIалгIазкхашка нохчий шолгIачу, йа кхоалгIачу плане дIататтийта (Украинерчу тIамехь. – Редакцин билгалдаккхар).

ТIеман йуккъехула гIалгIазкхий

Карарчу хенахь уггар а гIалгIазкхийн доккхачех эскар лоруш ду Оьрсийчохь Кубанерниг, цо вовшахтуху Краснодаран кIоштара а, Адыгейра а, Кхарачой-Чергазийчуьра а гIалгIазкхийн йукъараллаш. Цу йукъахь ву 60 гергга стаг, атаман ву церан Власов Александр. "Пачхьалкхан мобилизацин резевр" олура цо цу декъах.

Шуьйра тIом боьдучу йукъанна йуха а дийца даьккхина Оьрсийчохь гIалгIазкхалла

Дустуш аьлча: луларчу Терскан гIалгIазкхийн йукъараллехь ву 15 эзар гергга стаг – шаьш гIалгIазкхий а, церан доьзалш а. Терскан эскаран гIалгIазкхийн йукъараллин атаман хаьржина 2024-чу шарахь Савченко Владимир, Украинехь боьдучу тIамехь "Терек" батальонан куьйгалла деш вара иза.

Шуьйра тIом боьдучу йукъанна йуха а дийца даьккхина Оьрсийчохь а, Къилбаседа Кавказехь а гIалгIазкхаллех лаьцна, бохура эксперто Дзуцати Валерийс.

"Кхузахь федералан центрана тIекхоьсина резерв хила тарлора гIалгIазкхий, - аьлла хета къамелдечунна. – Тидамера даккха ца деза кхузахь ишта пропаганда хилар а. Оьрсашна, буряташна, нохчашна, гIезалойшна дуьхьал тIом бен украинхой ца хьуьйсу цаьрга цхьана историн дустаршца. Киевехь шаьш цхьа цIий долу къам ду боху гIалгIазкхий тIаме хьийсабахь, шайн йукъараллина дуьхьал бен тIом санна хир ду и".

Украинана дуьхьал бечу тIамехь Оьрсийчоьнан Iедало жигара пайдаоьцу гIалгIазкхех. Реестрера 170 эзар гIалгIазкхех (хенаца а, могушаллица а тIеман декхарш кхочушудан йиш йолчу 146-ннах) гIалгIазкхийн дакъош вовшахдиттина, уьш "ДНР", "ЛНР" олучу меттигашка эскархойн гIуллакх дан дIахьажийна. Стохка Iедалхоша дIахьедира, 60 эзар гIалгIазкхехь лаьтта резерв вовшахтоха Iалашо йу шайн тIамехь дакъалацийта аьлла.

  • Лахьан-баттахь Пачхьалкхан думе низаман проект кховдийра, губернаторшна бакъо луш реестрера гIалгIазкхий къепе латтон, пачхьалкхан дозанаш лардан, диверсанташца къийсам латтон а йукъабалош. Оцу гIуллакхана цаьрга герз дала дагахь бу.
  • 2021-чу шарахь Дагестанан Халкъан гуламан депутаташа сессихь йухатеттира Iедалхоша кховдийна "Дагестанан Республикера гIалгIазкхаллех" резонансе низаман проект. Парламентхошлахь кхачам боллу кхаьжнаш ца гулдира цо. Дагестанхойн йукъараллехь йоккха дуьхьало гIаттийра и низаман пооект кховдоро.
  • Социалан машанашкара гIалгIазкхех лаьцна 2021-чу шарахь йазйина 67 процент комментареш вочу агIор йара, дIахьедира къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу Федералан агенталлин куьйгалхочо Баринов Игоря. Оцу йукъанна Оьрсийчуьра хаамийн гIирсашкахь дукхахйолу гIалгIазкхех лаьцна публикацеш позитиван чулацам болуш йу.