"Ахмат" спецназан командирана Алаудинов Аптина лакхара дарж делла тIеман министраллехь

Алаудинов Апти

Нохчийн "Ахмат" декъан командир, Кадыров Рамзанан гонера Алаудинов Апти Оьрсийчоьнан тIеман министраллин тIеман-политикан белхан Коьртачу урхаллин куьйгалхочун гIовс хIоттийна.

Цунах лаьцна хаамбина Нохчийчоьнан урхалхочо шен телеграм-каналехь. Цо билгалдаьккхина, цуьнца цхьаьна Алаудинов маьршаваккхарх оккупаци йинчу Украинан Луганскан – "ЛНР" олучу дозана тIехь вовшахтоьхначу 2-чу армин корпусан командиран гIовс волчуьра. ТIеман министраллехь дарже хIоттийначул тIаьхьа кхин дIа а "Ахматан" куьйгалла дийр ду Алаудиновс.

Марсхьокху-беттан 25-чохь Украинан кхерамзаллин Урхалло шеконашка ийцира Алаудинов Украинан цхьаалина тIекховдарна а, цуьнан бух бохон гIортарна а. Дуьйцург ду зазадокху а, охан а беттанашкахь Алаудиновс Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно болийначу тIамехь дакъалацар, "Ахмата" Рубежныйхь а, Кременнойхь а, Северодонецкехь а лелочунна тIехь куьйгалла а деш. Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре вазвира Алаудинов Апти. ТIаьхьо цунна дихкира Латви ван а. 2020-чу шарахь санкцеш йехира нохчийн ницкъахочунна дуьхьал Британино, ткъа 2023-чу шарахь - Украино.

Алаудиновца дузу "Нохчийчуьра къайлахчу набахтешкахь" нах хьийзор а. Кадыровн рожан критикаша дIахьедира Кавказ.Реалиига, Алаудинов тIамтIе ваханера "бехкех цIанвала" - Кадыровна хьалха "бехк дIабаккха", "Новая газетан" хаамашца, 2019-чу шарахь "забар йеш, Кадыров Рамзанан суьртана тIара тохар" дара цунна дуьхьал даьккхинарг. Алаудиновс дохку бехкаш харцдира, "сох лаьцна и боьха хIуманаш яздийриг схьакарор ву, жоп а доьхур ду" аьлла, видео дIаязйира цо.

Шо карадеачхьана тIеман даржаш, чинаш делира цхьа могIа кадыровхошна. Масала, дечкен-баттахь Нохчийчоьнан цIарах думехь депутат волчу Делимханов Адамах инарла-майор вира; цуьнан ваша Делимханов Алибек Росгвардин директоран гIоьнча хIоттийра, кхин а хьалха Къилбаседа Кавказан гонашкара Росгвардин эскарийн куьйгалхочун гIовс вара иза, чиллан-баттахь Нохчийчоьнан "турпалхо" вира цунах, зазадокху-баттахь – инарла-полковникан погонаш йелира цунна.

Иштта чиллан-баттахь полковникан чинашца совгIаташ дина "Ахмат-Грозный" ОМОН-н командирна Бисаев Анзорна а, Росгвардин оперативан гIуллакхаш кхочушдечу 96-чу полкан командирана Тушаев Мохьмадна а. Украинан Iедалхоша бехкево Бисаев кхиазхочунна тIехь гIело латторна, Тушаев воьзна хила тарло Нохчийчохь ЛГБТ-нах лечкъорна а, царна тIехь ницкъбарна а.

Зазадокху-баттахь инарла-майорна цIе йелира Висмурадов Абузайдана а. Нохчийчоьнан вице-премьер ву иза ницкъаллин блокехула. Висмурадовн кIантехь йу Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан йоI.

  • "Ахматан" эскархойх шеконаш йу Украинехь, цара маьрша бахархой байина аьлла. Киевн хаамашца, цхьахйолчу тобанан командиро Мусаев Изноврас а, цуьнан куьйгакIел болчара а Оьрсийчоьно тIом болийначу йуьххьехь рейдаш дIахьош хилла шаьш схьадаьхначу дозанаш тIехь, кхерош хилла меттигера бахархой, тIехь ницкъ а беш. Иштта рейд дIахьочу хенахь, СБУ-но чIагIдарехь, Мусаевс хаа а хууш, коьртах герз детташ вийна маьрша пхи вахархо. Царлахь хилла ши зуда а, кхо борша стаг а.
  • Цхьахволчу "Ахматан" "лаамхочо" дийцинера кадыровхоша Украинехь лелийначу тIеман зуламех лаьцна. Цунах лаьцна иштта дIахьедора, оккупаци лайначу Украинан бахархоша а.
  • Бахмутана гергахь йийсаре вахначу кадыровхойн "Ахмат" декъан эскархочо Медведник Сергейс дийцира, шайн буьйранчаша дукха хьолахь нохчий йукъахь боцу тобанаш хьийсайо тIеман хьалхарчу позицешка аьлла. Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара бахархошна – кхарна, йийсархочо дийцарехь, ледара тIеман гIирс ло, цхьана а кепара уьш кеч ца бо.
  • Украинехь шуйра тIом болийначул тIаьхьа дуьйцура Кадыровн дакъойн эскаршна а, Оьрсийчоьнан армин кхечу салташна а йукъахь девнаш латтарх. Масала, кху шеран дечкен-баттахь дийца даьккхира оккупаци йинчу Мелитополь гIаларчу постехь хиллачу конфликтах.
  • Стохка гурахь девне велира Алаудинов ЧВК "Вагнеран" хиллачу йолахочуьнца, цо дIахьединера кадыровхошна а, Оьрсийчоьнан кхечу жэскархошна а йукъахь "герзаш деттарх".