"Ахматан" буьйранча Украинан Херсонан а, Запорожан а кIошташкахь шен векал хIоттийна Кадыровс

Кадыровхой Мариуполехь бу, оьрсийн пачхьалкхан ТАСС агенталлан сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен векал хIоттийна Оьрсийчоьно оккупаци йинчу Украинан Херсонан а, Запорожан а латтанаш тIехь. И ву СОБР "Ахматан" буьйранчан гIовсан даржехь волу Ибрагимов Хьасан. Оцу тобанан буьйранча бехкевора Украинан кхерамазаллин сервисо, цо дуккха а нах байъина бохуш.

И дарже хIотторах лаьцна дийцира Кадыровс шен телеграмерчу каналехь. 2020-чу шарахь Ибрагимовна Нохчийчоьнан лаккхара совгIат кхечира цуьнгара – республикан куьйгалхочун ден Кадыров Ахьмадан цIарх орден.

Хьалхо сепаратистийн "Донецкан къоман республикехь" шен векал хIотторах лаьцна дийцира Кадыровс. Ростовера бизнесхо Мударов Рамзан вара и. Кадыровс куьйг йаздинчу омрехь дийцина ма-хиллара, Мударовс шен декхарш мехаза кхочушдийр ду.

  • Стигалкъекъа-баттахь Reuters гIирсо ша бина таллам арахийцира, цигахь чIагIдо, Буча гIалина оккупаци йечу йукъанна цигахь Нохчийчуьра мел кIезга а кхо дакъа а, Росгвардин спецназхой а ("Витязь") хилла хиларх. Бучера Оьрсийчоьнан эскарш арадевллачул тIаьхьа, украинхойн Iедалхоша а, журналисташа а хааме даьккхира, гIалин урамашкахь дуккха а байинчу нехан декъий хиларх, иштта иттаннашкахь нах цхьана каше дIабоьхкина хилар а. Оцу тайпа къизаллаш лелоран тоьшаллаш гайтича Малхбузенан пачхьалкхаша кхин а тIечIагIйира Оьрсийчоьнна дуьхьал йолу санкцеш.
  • Украинан кхерамазаллин сервисо (СБУ) хьалхе дIахьедира, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан куьйгкIелахь волчу Мартынов Даниила а, Межидов Хьусейна а тIеман зуламаш лелийна хиларх кхоччуш тоьшалла гулдина бохуш. Цул хьалха украинхойн лерринчу сервисо кхиазхочунна тIехь Iазап латтийна аьлла бехк баьккхира Нохчийчуьрчу Росгвардин лерринчу мобилан отрядан (ОМОН) буьйранчера, Нохчийчоьнан куьйгалхочун накъостера Бисаев Анзорера.