Шайн лаамехь йийсаре бахначу нохчашка "шаьш дайита цигахь" аьлла "Ахматан" командиро

Апти Алаудинов

"Ахмат" эскаран буьйранчас Алаудинов Аптис кхайкхам бина Оьрсийчоьнан эскаран декъехь тIемаш бечу Нохчийчуьра бахархошка а, шайн лаамехь Украинан тIеман ницкъийн карабахначаьрга а "шаьш дайита бахьанаш леладе" аьлла.

Инарлас дийцина йийсархой хийцарца доьзна Киевера Соьлжа-ГӀала цхьацца телефонаш йиттина хиларх, нохчаша шега гIо доьхуш. Цул тӀаьхьа Алаудиновс дӀахьедина, ша гӀо деш ду тӀом а бина, йеза чевнаш дегIаца хилар бахьана долуш йийсаре бахначу махкахошна. Амма дуьхьало а ца йеш, йийсаре бахнарш "баха хьакъ бац", дIахьедира Оьрсийчоьнан тӀеман ницкъийн Коьртачу тӀеман-политикан урхаллин куьйгалхочун гӀоьнчас.

"Украинхой, шайна бита уьш, бӀе шарахь а, шина шарахь а ца оьшу уьш тхуна. Аса муьлхха а схьавоккхур ву, хуьйцар а ву, амма шен лаамехь йийсаре бахна хилла нохчий хуьйцар бац", - элира Алаудиновс.

Оццу видео тӀехь цо дийцира, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "иттаннашкахь, миллиардаш ахча дайина "Ахмат" спецназана, ткъа дронашна кхо миллиард сов а.

Хьалхо Украинерчу фотокорреспонденто Доброносов Яна зорбане йаьккхира Курскан кӀоштахь йийсаре лаьцна нохчийн Валерик юьртан куьйгалхо хиллачу Зарахматов Мохьмадца дIайазйина видео. Цо дӀахьедо, ша могIархо вара, марсхьокху-беттан 14-чохь Курскан махкара Суджан кӀоштахь йийсаре лаьцна хилар а, дуьхьало йина ца йарх а. Ткъа тIом бан вахийтина хилла иза бертаза.

  • Бутт сов хан йалла Курскан кӀоштан доза дохийна, хӀинца а Украинин эскархойн Ӏуналлехь дуьсуш ду цу кӀоштан цхьа дакъа. Оцу хенахь Z -юкъаралла олучу нехан а, Алаудинов Аптин а юкъаметтигаш хааъал телхина. Курск агӀор долчу хьолах лаьцна тӀеман министраллан цхьаъ бен воцу спикер хилла дӀахӀоьттина Нохчичуьра буьйранча, "тӀеман корреспонденташа" хаддаза критика йо цунна, цул сов шаьш къинтера даха деза а бохуш.
  • Краснодарерчу курортан гӀалахь Анапехь бердан йистехь кигийчу нехан хилла дов къаьмнашна юкъарчу конфликте дирзира: Алаудинов Аптис оьрсийн латархой бехке бира, нохчийн кегийрхошна йиттина аьлла, иштта, дӀакхайкхийра Нохчийчура бахархойн бакъонаш йохош хилар. Цу гӀуллакхо юха-а цуьнан дов даьхкхира "тӀеман корреспонденташ" олучу нахаца а, Z-блогершца а.