Iамеркан журналист: Оьрсийчоьнан Iедал – террорхой а, гангстерш а

Your browser doesn’t support HTML5

Iамеркан журналист: Оьрсийчоьнан Iедал – террорхой а, гангстерш а

Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь вина Саттэр Девид гоьваьлла журналист а, аналист а, Оьрсийчоьнан эксперт а ву. 'Шийла ТIом' чекхбаьллачул тIаьхьа Саттэр Девид дуьхьара Iамеркан журналист вара 2013-чу шарахь Оьрсийчоьно араваьккхинчех. Иза Оьрсийчуьра араваккхарх иштта яздинера “Moscow Times” газето: “иза араваккхар тамашина хIумма а дац, тамашина дерг Саттэр ара ца воккхуш сел вехха Оьрсийчохь вахийтар ду”.

Малхбузерчу журналистех 1999-чу шарахь Оьрсийчуьра цIенош лелхийтар нохчаша дина бохург шеконе диллинчарах ву Саттер. Цу лелхийтарех ша язйиначу книгехь цо дуьйцу Елцин, шена а, шен доьзална дуьхьал пачхьалкхан бахам хьарам шайна долабаккхарна бехктокхаме гIуллакх ца доладайта, Нохчийчохь тIом а баьккхина, Владимир Путин куьйгалле валийна хиларх.

Даханчу шарахь, цо язйина кхин цхьа книга а яраяьлла Iамеркехь: кIеззигах мел хаьа а, диках а йо наб: Елцинан заманехь а, Путинан заманехь а, Оьрсийчоьнан терроре а, диктатуре а некъ. Цу книгина презентаци йира цIеяханчу журналисто дечкен-беттан 23-чу дийнахь Парижехь. Цуьнга ладогIа баьхкинчех бара Европехь беха нохчий а. Царах цхьаъ яра Нохчийчоьхь а, ткъа хIинца Европехь а дика евзаш йолу жигархо а, журналист а Умарова Хазман. Презентаци дIахьочу хенахь а, дIаяхьале хьалха а хиллачу халонех а хаийтира цкъа хьалха Хазмана телефонехула тхан шеца хиллачу къамелехь:

"Дечкен-беттан 23-чу дийнахь Парижехь редакци Эскабозан жимачу чоьнна чохь хилира цхьанакхетар, хьалхе политикан талламийн институтехь дIахьур ю, аьлла бина барт болушшехь.Ткъа цара, схьадийцарехь, оьрсаша бинчу Iаткъам бахьанехь и дIа ца дахьийтира. Кхоьру-кх уьш оьрсех. Цига веана 5-6 нохчийн журналист вара."

Путинах а, Оьрсийчоьнах а политикан шалхонаш а йоцуш дийцира Саттэрс, кхиндIа а боху Хазмана.

“Путин а террорист ву, Оьрсийчоь а террористан пачхьалкх ю, элира цу гоьваьллачу журналисто. Оьрсийчоьнан куьйгаллехь тахана гангстерш бу. Цо и аьлла дешнаш дIаяздина а ду.”

Нохчийчуьра хьал Оьрсийчоьнан куьйгаллица доьзна ду, Оьрсийчохь бу боху Нохчийчоьнан проблемийн орам а, кхиндIа дийцира Саттэро бохуш довзуьйту цуьнан къамелан маьIан Хазмана: “Нохчийчуьра хьал ша-ша нислур ду элира цо Оьрсийчуьра террористийн, гангстерийн Iедал куьйгаллера дIадаьккхича”.

Нохчийчохь тIом баларан бахьанех а ша масех шарахь хадазза дуьйцург юха а тIечIагIдира Саттэро шен хиллачу презентацехь, дIахаийтира Хазмана.

Трамп Путинца гергарло дIатосур ду бохучух шек вара Iамеркан журналист элира Хазмана: “Трампин а, Путинан а карахь дац гергарло чIагIдар. Трампа шен пачхьалкхана, нахана луушдерг дийр ду.”

Хьалха Нохчийчуьра идданехь, хIинца Оьрсийчуьра а бу нах уьдуш; хьалха Iедална реза боцурш Нохчийчохь бен чу ца бухкура, амма хIинца ерриг Оьрсийчохь ду и хьал, бохуш дийцира Саттера кхиндIа а, элира Хазмана.

Гоьваьллачу Iамеркан журналисто Оьрсийчоьнах а, цуьнан куьйгаллех а динчу къамело бовзуьйту цу шингга а Малхбузен болу хьежам, хоуьйту Малхбузена Оьрсийчуьра хьал ма-дарра девзаш хилар а. Ма-дарра хьал довзахь а, Оьрсийчоьнан, коьртачу декъана, зарратан герзанца болу ницкъ бевзаш, ларло дерг ду дIаала а, зуламийн а, терроран а да мила ву дIавийца а.