Иркутскан кӀоштарчу Ангарскера номер 15 йолчу шогачу хьелашкара колонехь гIаттам вовшахтохарна бехкевинчу Хайдаев Хьумайда дараш дина кхелехь. Цо массо а бехкаш харцдира, йуха а дIахьедира, ницкъахоша шена гӀело йира аьлла, йаздо Ircity сайто.
Нохчийчуьра вахархо бехкево номер 15 йолчу колонера эпсарна Парыгин Артемана йиттина аьлла, амма ша Хайдаевс чӀагӀдо, иза шена цкъа бен гина стаг вац бохуш. Колонин дозана тӀехь цӀетаса лууш хилла масех тутмакх сацо гӀоьртинера боху оперативан белхахо, амма дӀаваха дезна цунан, кхуьнан бехкбаккхар вукхара дера тIеэцарна.
Хайдаевс дӀахьедира, ша тутмакхашка шайн тIехь зенаш де спецнахошка шайна ца йеттийта аьлла, кхайкхамаш ца бинера бохуш. ГӀуллакхан материалашкахь йаздина ду, боху, Хайдаевс ша шена ангалин геригца чевнаш йина аьлла, амма цо иза харцдина, цуьнан дегӀа тӀехь йисина лараш йац.
ГIаттам вовшахтохарна бехк билларх Хайдаевна хиъна прокурорера (цуьнан цӀе йовзийтина йацара тоьшаллашкахь) – изза стаг хьоьжуш хилла боху спецназхоша тутмакхашна йеттачу заманчохь, цигахь Хайдаевн куьг а кагдинера. Цо бахарехь, прокуроро ницкъаллин структурийн белхахошка, шен бӀаьргашна хьалха йолчу колонехь а ца буьтуш, СИЗО-хь "болх" байтинера.
Тутмакхо хьалхо ма-дийццара, 2020-чу шеран оханан-баттахь Иркутскерчу 1-чу СИЗО схьакхачийна тутмакха бовдийтинера "дийна коридорехула" царна чхьонкаршца, а буйнашца, мийрашца йетташ. Цул тӀаьхьа Хайдаев "жигархошца" — администрацица цхьаьнаболхбечу тутмакхашца, цхьаьна камере дӀатарвира. Цара йиттира цунна, маьнги тIехула куьйгаш тIера а, когаш тIера а лаьцна, дIа а вихкина. ЦIийбина аьчка Iайг а Iуьттуш, дегIа тIехь чевнаш йитинера. Хайдаевс чӀагӀдира, "жигархоша" шена бина ницкъ, СИЗО-н белхахоша тӀедилларца бина бара бохуш. Хайдаевн цу камера чохь, когийн пӀелгаш а, куьйгаш а кегдинера, дуккха а чевнаш йеш. Амма таллам реза ца хиллира бехктакхаман гӀуллакх айдан.
- Ангара колонехь гIаттам хилира 2020-чу шеран оханан-баттахь, цхьаъ бехкевинарг велира. Цу хьокъехь гӀуллакх схьадиллира, йукъараллех дӀакъастар лардечу институтийн, ницкъаца "болх талхор" аьллачу артиклца. Хайдаевн адвокато бахарехь, тутмакхаш шайна тIехь латточу таIзарна дуьхьал йина протест йара иза.
- 2021-чу шеран дечкен-бутт чекхболуш Иркутскан кӀоштарчу таӀзарш кхочушдаран федералан урхалло балхара дӀаваьккхира номер 1 йолчу СИЗО-н куьйгалхо Мокеев Игорь, иштта балхара вохийра Иркутскерчу номер 6 йолчу набахтен куьйгалхо а.
- Стохка гIура -баттахь Иркутскерчу номер 1 йолчу СИЗО-хь мацалла кхайкхийра Хайдаев Хьумайда. Бахьана дара изоляторан администрацино динан бух тӀехь цунна гIело йар – бусалба нахана хьарам болу кхача кхехьа болийнера лаьцначунна.