Къаьркъане тIом кхайкхийна Iедало

ХIинцачул тIаьхьа Нохчийчохь малар а мелла, машенашна урхалла деш гучубевлачарна дендолу таIзар кхин а чIогIа хир ду. Иштта дIахьедина мийларшна дуьхьало ян кхоьллинчу штабан куьйгалхочо Даудов Мохьмада.

Your browser doesn’t support HTML5

Маларшна - дуьхаьло

Цо бахарехь, 500 сов стаг ву тIаьхьарчу шина баттахь малар мелла а волуш, машен лелош лаьцна. Церан схьаяьхна машенаш дIа а ма ло, аьлла, омрадина цо. Кортош охьа а охкийна, лаьттачу божаршка цо и къамелдеш гайтира меттигерачу телехьожийлехь.

Цу тIехь соцуш бац маларна дуьхьал гIаттийна къийсам. Низамо ма-бохху, малар дохка бакъо йолчу туьканийн долахой а тIекхайкхина, телехьожийлехь гойтуш, цаьрга тIедожош дийхира, ма дохка малар, ма эца Iедалера лицензеш, бохуш. Цул тIаьхьа тамаша бу цара и болх ца сацабахь. Дукхаъчара, кхин иза шайга ца дуьйцуьтуш, дIакъевлина туьканаш.

Иштта чIагIамаш Нохчийчохь бан болийна ши де хьалха некъан бохам хиллачул тIаьхьа. ТIехьа-Мартан кIоштера вахархочо мелла а волуш, шен машен тIетоьхна, 7 стаг вийна, ша а леш. ТIекхеттачу машенчура 5 стаг велла цхьана доьзалера: ши ваший, церан ши зудий, цхьа берий.

Бехкечун шен кIант а ву чIогIа лазийна, дарбан хIусамехь хIинца а Iуьллуш. Бохамо Iадийна юккъаралла. Верриг аьлча санна, тIетов, малар а мелла, машенаш хоьхкучарна таIзар дан деза бохучунна. ХIетте а, тIетайначарах цхьаболучара, хоьтту, хIун бахьанашца, стенна муьйла наха малар, бохуш. Сунжа кIоштан вахархочунна Адуев Муштина иштта хета.

Адуев: «Ког а шершина, доьдучу къоме малар дIадаккхийта, берийн бошмашкахь дуьйна дийца а дуьйцуш, дан дезара иза. Цхьа бух а болуш, схьадеана хила дезара духьало латтор. Я верриг, жима а воккха а ара а ваьлла, дIадаккха деза массанхьара. Цхьа хIума хIунда ца хотту вай? ХIунда муьйлу оцу наха? ХIун оьшу, хIун совдаьлла церан?».

Маларца къийса хаамийн гIирсаш а бевла. «Грозный» телеканало эфирехь дIакхайкхина шен востапера а, телеграммера ноьмарш. Цу тIе, шайга айкхбовла боху, малар къайлах духку нах буьйцуш, видео а, суьрташ а церан даха, аьлла. Малар дIадаккхарх доьрзий те зулам. Луларчу мехкашкахь малар духкуш мел ду, цига оьхур бу нах, аьлла хета Сунжа-кIоштарчу вахархочунна Адуев Муштина.

Адуев: «Кхузахь малар дIадаккхахь, дехьа а, сехьа а буьйлуш, мийр ду наха. ДIадаккхахь, юха а боху ас, массанхьара дIадаккха деза. Мотт беттийтарна со дуьхьал ву. Iедална ца хууш а дац малар духку меттигаш мичахь ю».

Соьлж-ГIалара вахархочунна Салихов Мовсарна дика хета и болх болош, амма нахе айкхбийла бахар, цхьанна а гIиллакхехь догIуш дац. Нохчашна юккъахь къобалдеш дац мотт тохар, элира цо.

Салихов: «Вайн ворхIе дайшкара дуьйна, къобалдеш хIума дацара и мотт беттар».

6 стаг а, ша а леш, хиллачу некъан бохаман куьгбехке волчун гергара нах а махкахбевла. Тезет а дац цара шуьйра хIоттина, шайн дIаваьллачу стагна тIехь. Вукху 5 стаг велчу доьзална хьалхахь эхь хеташ, шай божарий махках бевла, хаамбеш гайтира меттигерачу телехьожийлехь церан керташкара зударий. Кадамбеш, цара хIораммо дуьйцура, уьш шаьш, шайн лаамца махкахбевла бохуш.