Аппеляцин кхело тӀечӀагӀдина "гӀалгӀайн гӀуллакхехь" бехкевинчу шина стагана тоьхна хенаш лахъйан реза ца хилар

ГIалагIайчоь, гӀалгӀайн протестан хьалханчашна тӀехь йолийна кхел, архиван сурт

Ставрополан кIоштан кхело аппеляцин инстанцехь тIечIагIдина 2018-чу шарахь Магасехь хиллачу "дозанан -барт" дуьхьал хиллачу митингехь ницкъахошца тасадаларшна юкъахь дакъалаьцначарна 8 шо хан тоьхначу Хаутиев Багаудина а, Нальгиев ИсмаьӀалан а хенаш лахъйан реза цахилар. Цара дехар динера, йисина хан, арахь йакха хенаца хийца аьлла.

И сацамаш бина гезгамашин-беттан 5-чу а, 6-чу а деношкахь, хаам бо "Кавказский узел", жигархойн хьостанна тӀе а тевжаш. Уьш дагахь бац кассацин кхеле латкъам бан.

Низамца, ах хан чекхъяьккхинчул тӀаьхьа йисина хан кхин а кӀедачу таӀзарца хийца йиш йу. Оцу бакъонна тIе тайнера Хаутиев а, Нальгиев а шайн дехарехь, и а Ставрополан-махкара Курскан кӀоштан кхело хьалхарчу инстанцехь къобал ца дина стигалкъекъа-баттахь. 2019-чу шарахь уьш лецначул тӀаьхьа СИЗО-хь йаьккхина хан тидаме эцна, шайна тоьхначу хенан 7/8 кхоччуш чохь хан йаьккхина цара.

Цул тӀаьхьа цу кепара дехар дира "ГӀалгӀайн гӀуллакхехь" бехкевинчу Чемурзиев Бараха а, амма иза а къобал ца дина. Билгалдаьккхина дац цуьнан адвокаташа латкъам бина йа ца бина, йа цуьнан дехар кхело теллина, йа ца теллина а.

Адвокато бахарехь, Хаутиев а, Нальгиев а дӀахеца везаш ву 2025-чу шеран гурахь. цара латкъамаш ца бо лаьцна латторан хьелашна, ханна набахтера арабахар доьхуш дехар а ца дина.

  • "ГӀалгӀайн гӀуллакхехь" бехкебечара протест йинера Нохчийчоьнца доза хуьйцуш бинчу бартана дуьхьал. 2019-чу шарахь зазадоккху-беттан 27-чохь. Магасехь хилла митинг ОМОН-ца а, къоман гвардица а тасадаларшца чекхъелира. Протестан лидерш бехке бира Ӏедалан белхахошна дуьхьал ницкъ барна а, дуьхало вовшахтохарна а.
  • 2021-чу шеран гIура-баттахь Ессентукерчу кхело ГӀалгӀайчуьрчу протестан 7 лидер бехке вина ницкъаллин структурашна дуьхьал ницкъ бар вовшахтохарна а, экстремистийн юкъаралла кхолларна а, цу юкъахь дакъалацарна а. Царна 7 шарера 9 шаре кхаччалц хенаш туьйхира юкъарчу режиман колонехь набахтехь йаккха. Стохка, товбеца-баттахь аппеляцин кхело хийца а ца йеш йитира набахтехь йаккха хан, амма чӀагӀйира, дӀахецначул тӀаьхьа маршона доза хIоттош - хьалха стаг веха меттиг билгалъяккхарх лаьцна, иза хийцира 2018-чу шеран 2018-чу шеран дозанашца. муниципалитетехь ю. Кху шеран мангал-баттахь кхелан сацамна дуьхьал йина апелляци а къобал ца йина кассацин кхело.
  • ТаIзар динчех цхьаммо а бехкаш тIе ца лаьцна. Адвокаташа ма-аллара, и дуьхьало вовшахтохарна бехке бина тасдаларш ца хилийта гӀиртинарш, йа мелхо а и ницкъбар ца хилийта хьоьвсинарш, йа митингехь бистхилла а боцурш. Цул совнаха, цхьа а теш вац оцу гӀуллакхехь, кхел йинчийн бехк хилар билггал тIечIагIдийр долуш. Царех цхьаболчара дийцира кхелехь, юьхьанца таллам бечу хенахь шаьш кхера а дина, оьшу тоьшаллаш дайтира аьлла.
  • ГӀалгӀайн дуьхьалонан акцин хьалханчаш бакъонашларъяран "Мемориал" центро политикан тутмакхаш лерира.