"Нохчочун карара гитара, цхьа йоккха шаьлта йолуш санна, хьоьжу кхузахь"

Темирсултанов Зелимха.

Your browser doesn’t support HTML5

"Нохчочуьнан карара гитара цхьа йоккха шаьлта йолуш санна хьоьжу кхузахь"

Иллиалархо Темирсултанов Зелимха, Арамис цIарца а вевза иза, Нохчийчуьра Москох дIавахана ши бутт сов хан ю. Оьрсийчоьнан федералан телеканалехь хиллачу къовсамехь гIараваьллачул тIаьхьа, цо ехха хан яьккхира Нохчийчохь.

Делахь а кхузахь цуьнан кхоллараллин ма-хетта мах ца хетта, хIинца Москох вахана иза. Темирсултановна аьттонаш алсам хета цигахь. Цуьнца телефонан зIенехула къамел дира ас.

"Кхуза схьавеана ши бутт хир бу. ХIара ду аьлла гучудаьлла хIума-м дац. Амма гIала йоккха ю. Кхоллараллехь цкъа а бевзар буй теша аьлла нах а бевзина суна. Цхьа кхоллараллин цхьаьнатохараллица цхьаьна а кхетта, болх беш ву со. КестолгIа альбом араяла мега сан. Бахьанаш ду-кх, бахьанаш", - аьлладолийра ццо шен къамел.

Москох баьккхинчу шина баттахь бархI концерт елла цо цигахь. Дика тIеоьцу ша боху, амма ша уьш санна, хьовсархоша а, ладогIархоша а ша а зуьйш ву, элира цо.

Москох публика чIогIа коча ю, цунна дуккха а похIма долу артисташ гина, цундела даима а лаккхарчу тIегIанехь ша латто веза, ткъа нохчо хилча-м хIетте а, аьлла хета Арамисана.

"Гитарица схьавеъча, хьоьгахь цхьа йоккха шаьлта йолуш санна хета. Амма ахь сцени тIера цхьаъ-шиъ (илли) аьлча, хийцало (ойла), хьо баккъалла а похмIа долуш стаг ву олу. Схьахетарехь, иза ду-кх коьртаниг. Кавказера хьо веана а хилча, мукъам дика беш а хилча - иза дукха маьIне. ЦIахь дерг - цIахь ду. ЦIахь хаза а ду. Амма мукъамаш Москохахь бу», - бохуш вара иза.

Федералан телеканалехь «Коьрта сцена» олу къовсам чекхбаьлча, цуьнга контракт кховдийна хиллера продюсеро Матвиенко Игора. Массо а реза хиллера, Темирсултанов виссалц. Ша контрактана кIелла куьг яздича, шена коча уллуш дашо муш бу, шена иза ца лаьа, элира цо хIетахь.

Тахана а изза дог-ойла ю шен, вала а волуш, контрактаца болх ца бо, делла нохчочун дош кхочуш дийр ду ша, элира цо: "Мукъамехь, меллаша дIагIерташ ву со. Цхьацца контракташ кховда-м йо соьга, амма ас дукха хьалха дуьйна дош деллера айса-сайна, цхьаьнца а контракт язйир яц аьлла. Деллачу даша тIехь хир ду ша дерриге а аьлла. Кхузахь, бакъду, чекхвала атта дац иштта.

Беламе а ду, амма регги олу нохчо а ма ду беламе! Беламе ду бохург - цкъа а хир дац бохург ма дац! Ас дош делла, цу тIехь юкъаметтигаш латтор ю. Ас цхьаьнца а, шинца а контракт ца хIоттийна аьлла, соьца ларам алсам бу. Со сайн дешан да ву, сан самукъа долуш бу хIара болх".

Темирсултанов Зелимха Къилбаседа Кавказехь цхьаъ бен вац регги алархо. Кавказхошна керла и агIо елахь а, оцу артисто ша-тайпа иза ладогIархошна дIакхачоро нохчийн Боб Марли олу цуьнах цхьаболчара.