Your browser doesn’t support HTML5
Наркотикаш карийна аьлла, лаьцна волчу бакъонашларъярхочуьнан Титиев Оюбан адвокатана Заикин Петрна терго еш тIаьхьахIиттина лелаш нах бу Нохчийчохь, дIахьедар дина "Мемориало".
Кху тIаьхьарчу шина дийнахь цуьнан машен доьазза сацийна некъан патрулан сервисан (ДПС) полицино. Некъан инспекторша, кехаташ теллина ца Iаш, адвокатан а цуьнца машенахь болчеран хIуманаш а кегийна.
Цу хьокъехь а, Титиевн гIуллакхах лаьцна а дийцира адвокато Заикин Петара, Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь.
- Хьуна тIаьхьабаьхна нах лелийтарца хьо "бакъонашларъярхоша лелориг бахьана долуш дарбеллачу бахархойх" Iалаш ван гIерта Нохчийчуьра Iедалш я хьуна Iаткъам бан гIерта уьш?
- Цкъа делахь, кхузахь бац дарбелла бахархой. Кхузахь дерг вуно чIогIа диканиг луу нохчийн халкъ ду. Ткъа кхузахь леориг со араваьлча суна тIаьхьа терго яр ду. Цу терго яран Iалашонех со цкъаччунна кхеташ вац. Низамашца догIуш доцург цхьа а хIума деш дац тхо.
Схьахетарехь, иза дан деза аьлла омра делла нах кхоьруш хир бу, Титиев Оюб кIелхьарвоккхуш оха информаци лахьош, царна там бийр боцу хаамаш тхуна каро мегара аьлла. Цундела оха лелориг шайн тидамехь латто гIерта уьш.
- Ткъа вуьштта, кхин кхерамаш туьйсуш хIума-м ца леладо хьуна Нохчийчохь?
- Бакъдерг ала деза суна дуьхьала болчерах. Билггал суна кхерамаш тасар я кхерам тосур бу аьлла къадор хIинццалц хилла дац.
- Муьлхха а лортIехь волчу стагана вуно доккха тохар ду Iедалша лаьцна чуволлар. Муьлхачу хьолехь ву Титиев Оюб?
- Цхьана юкъана юкъана вуно гӀийла дог-ойла йолуш вара иза. Шена беш онда Iаткъам хиларна, шен гергарчеран кхоллам бахьана долуш саготта вара иза. Амма бехктакахман гIуллакх долор ду бохуш, кхерамаш туьсуш хьийзийна хилла шен гергарнаш кхерамазаллехь бу хиъча, мелла а сапаргIат делира цуьнан. Кхеташ ма хиллара, гергарчу нехан кхолламана сагатдар муьлхха а лортIехь долчу адамехь долуш ду.
- Оьрсийчоьнан Iедалшка Титиев дIахецар дехна цхьамогIа пачхьалкхаша а, дуьненаюькъарчу вовшахтохараллаша а. Кадыровс дIахеца мегий иза?
- Шина декъе доькъур вай иза. Юридикан агIор цуьнан бакъо яц иза дан. Амма Нохчийчохь хIоьттина хьал тидаме эцча, цхьа шеко а йоцуш, Iедалша бечу сацамашна, шайна юкъахь полици а йолуш, республикан куьйгалхочунна хетачо Iаткъам бийр хилар долуш ду. Нагахь Кадыров Рамзан Ахмадовича мелла а тидам тIебохуьйтуш хьажа деза вай хIоьттинчу хьоле аьлла, Титиевх лаьцна шена хетарг аьлча, тIаккха хьал, шеко а йоцуш, дукха чIогIа хийцалур дара.
- Ткъа Кадыров дагахь вуй Титиев дIахеца?
- Сан вуно йоккха шеко иза хир ду бохучух. Титиев Оюба, кху хIоьттинчу хьолехь, цхьанна дагна Ӏаьткъарг диначух тера ду. Цо шена дуьхьалбаьхна Iедалан векалш. Иза ду кху хIоьттинчу хьолан бахьана.
- Делахь а, ши бутт баьлча президентан харжамаш хир бу Оьрсийчохь. Уьш дIаберззалц чувоьллина а латтийна, амнисти йина, Титиев дIахеца мегаш ву аьлла ца хета хьуна?
- Дала лардойла и гIуллакх суьде кхачарх а, иза бехке веш кхел ярх а, амма суна ца хета, наркотикаш лелош зулам дарна чубоьхкинчу нахана амнисти хир ю аьлла. Ткъа харжамашца доьзна аьлча, бехк ма биллалаш, тIекхочуш харжамаш а болуш, бакъонашларъярхо лацарал а доккха Оьрсийчоьнан Федерацин президентана дуьхьала дина боьху хIума хIун хир ду ала хала ду.
Нагахь иза Нохчийчоьнан полицин векалша, кхета а кхеташ, динехь, иза вуно йоккха диверси ю Оьрсийчоьнан Федерацин президентана дуьхьала йина йолу. ХIунда аьлча, хала ду цул тIехдаьккхина цхьаъ дан, Оьрсийчоьнан Iедалх нохчийн тешам байа, тIекхочуш Оьрсийчоьнан президентан харжамаш а болуш.