Оьрсийчоьнан думе низаман проект кховдийна Бехкзуламан кодексехь тIетохарш деш, цуьнца а догIуш хьоьху, "фейкаш" йаржорна а, экстремизме кхайкхамаш бина, Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш йаха бахарна а таIзар динчаьргара бахам схьабаккха аьлла. И хаам бина Свобода Радион оьрсийн сервисо.
Оьрсийчоьнан парламентан куьйгалхочо Володин Вячеслава дIахьедина, керлачу низамо Iедалхошна бакъо лур йу ахча, мехалалла йолу хIуманаш, йа кхинболу бахам схьабаккха. Цо бахарехь, царех пайдаоьцу "Оьрсийчоьнан кхерамзаллина дуьхьал зуламаш лелочарна ахча латторхьама". Иштта низамо магор ду таIзар динарш царна йеллачу сийлаллин цIерех баха а.
Керлачу низамна бухахь нислур йу Зуламан кодексан бархI артикл, иштта: хаа а хууш харц информаци йаржор, Оьрсийчоьнан эскарна дискредитаци йар, массарна а гуш-хезаш экстремизмана кхайкхамаш бар, пачхьалкхан цхьаалла йохон кхайкхамаш бар, Оьрсийчоьнна а, цуьнан бахархошна а санкцеш дуьхьалйаха бохуш, кхайкхамаш бар, Оьрсийчоьно дакъа ца лоцучу дуьненайукъарчу организацеша сацамаш кхочушбечу хенахь царна гIоьналла латтор, нацизм къобалйар.
Царех дукхахйолу артиклаш йукъайалийнера Зуламан кодексана йа кхин тIе а чIагIйинера Украине тIамца чугIоьртинчул тIаьхьа.
Низаман проект кечйинера Оьрсийчоьнан думин "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIарах депутаташ болчу Пискарев Василийс а, Яровая Иринас а, Ямпольская Еленас а.
ДIадахначу шарахь иттаннашкахь къилбан регионийн бахархой йукъаозийра, 2022-чу шарахь Оьрсийчоьнан армина "дискредитаци" йар аьлла тIеэцначу артиклехуха, администартиван гIуллакхашна. Царех цхьаболчарна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш долийра йуха а "дискредитаци" лелорна а, эскархойх лаьцна "фейкаш" йаржорна а. Цхьаццанна гIуданаш диттира, вукхарна хенаш йиттира стаг вийча санна, йа дуккха а миллионашкахь кхаьънаш далар тIедожийра. Кавказ.Реалиин редакцино теллира оцу кепара репрессеш лелор даржар.
- Кремлан официалан позицица йогIуш йоцу, Украинана дуьхьал болийначу тIамах лаьцна муьлхха а информаци фейкаш а, дискредитаци йар а ду олу кхелаша. Мел лахара а, армих лаьцна "фейкех" лаьттачу гIуллакхашкахула динчу таIзарийн ах дакъа дуьхьал даьккхина Оьрсийчоьнан эскархоша Украинехь маьрша бахархой байарх лаьцна дийцарна.
- Армина "дискредитаци" йарна административан жоьпалла тIедожийра къилбан регионашкахь полисхочунна а, диаконна а, Оьрсийн православин килсан мозгIарна а, школера хьехархочунна а, лакхарчу доьшийлан профессорна а, ФСИН-н белхахочунна а, кхечу говзаллийн векалшна а.