Астраханера набахтехь протест йеш шен бага дIатегна ГIалгIайчуьра тутмакхо

Гайтаман сурт

Астраханера номер 6 йолчу колонихь хан токхучу ГIалгIайчуьра вахархочо Албагачиев Iабдул-Малика тайца шен бага тегна протест йеш, оцу хьолехь ши де даьккхина цо. Цул тIаьхьа Албагачиев колонира араваьккхинера, иза волу меттиг хаа 11 де даьллачул тIаьхьа бен аьтто ца хилира адвокатан.

Протест йечу тутмакхаша деш хIума ду - бага тегар. Кхузахь бахьана хиллера эпилепси лазар цунна тIедеанчу хенахь лоьраш кхайкха а, адвокате кехат дIакхачон а колонин администраци дуьхьал хиларна. Эпилепсица ву Албагачиев. Инцидент хиллера шена накъостана колонин балхахоша йиттича цуьнан гIо лоцуш Албагачиевс мацалла кхайкхийначул тIаьхьа, хаамбо "Общественный вердикт" фондо, цуьнца йукъаметтигаш латтош йу тутмакхан адвокат Бирюкова Ирина.

Астрахан кIоштара номер 10 йолчу колонихь Алабагачиев схьакарон аьтто хилира Бирюкован, ИК-6 сехьаваккхалц а цигахь латтош вара иза тоххара. Адвокатан дешнашца, "лоьраш бу цунна тIехьовсийна, цкъачунна хьал дIанисделла". Доккхачу декъанна марсхьокху-беттан тIаьххьарчу деношкахь Албагачиевгара хьал телхича, цунна тIе лоьраш балийра.

Адвокато тIечIагIдина, ша дехар динчул тIаьхьа Албагачиевца цхьанакхеттера колонешна тIехь терго латтон прокурор а, меттигера омбудсмен а аьлла.

Цул совнах, Албагачиевс протест йан хIоьттинчу бахьанехула, тутмакхана тIехь ницкъбиний хьовсуш болийна таллам бу. Къаьстина, иза Середа Ярослав це йолу украинхо хилар, тутмакхаша бахарехь, иза Украинера хиларна цуьнца хIуттаренаш лелайо.

Карладоккху, марсхьокху-беттан 21-чохь, эпилепси йолчу Албагачиев Iабдул-Маликна вон хиллера, цо дехар динера лор кхайкхахьара аьлла. Цуьнан метта ИК-6 колонин белхахоша, цо чIагIдарехь, питанан долийнера тутмакхашлахь, иштта оцу тIехула 10 ницкъахочо кхетамчуьра валлалц йиттинера цхьана тутмакхана. Оцу хенахь лазар деанера Албагачиевна. Меттавеанчу цунна камерана хьалха цIий гинера, цигахь йиттинера цуьнан накъостана.

Мацалла кхайкхийра Албагачиевс. Марсхьокху-беттан 21-чохь къаьстира, ИК-6 колонира иза араваккхарх, хууш дацара иза стенга вигина.

  • Марсхьокху-баттахь къаьстира Астрахань-мехкан Советан кIоштан кхелан сацамца Албагачиев йукъарчу рожехь йолчу набахтера араваккхарх. Цуьнан таIзар чIагIдар доьхуш кхеле йаьллера номер 10 йолчу колонин администраци, амма колонин цIарах кхеташоне веанера, тутмакх дехьаваьккхинчу ИК-6 колонин векал. ХIетахь Албагачиевн адвокато билгалдаьккхира, тутмакхан могушаллин хьал тергоне ца ийцира кхело аьлла.
  • Чиллин-баттахь ИК-6 колонино Албагачиев гIуданан изоляторе хьажийра. Цул тIаьхьа тутмакх кхаа денна дарбанан цIийне охьа а виллира. Оцу заманчохь колонихь болх беш йара прокуратурера комисси, аммацунна оьшуш долу лоьрийн гIо кхачон, дуьхьало йира.
  • 2018-чу шарахь Албагачиев Iабдул-Малик исс шарна набахти чу воьллира, Шемахь низамехь йоцуш, герзаца йолчу тобанехь дакъалацарна а, оьккхуьйтург йохкарна а бехкевина. Таллам боьдучу йукъанна гIалгIайн экстремизмана дуьхьало латторан Центрехь ("Э" Центр) Iазапехь латтийнера ша, аьлла цо. Ницкъбарна цуьнан месаш охьаэгнера, дог керчадора цуьнан, цIийца йовхарш хуьлура, къурд бечу хенахь лазавора, дог мустдаларх бала хьоьгура, иштта кхетамчуьра вуьйлуш бала хьегна цо. Мочхал а, мара а кагбина хилар билгалдаьккхира лоьраша. ТIаьхьо эпилепси бахьана долуш лазарш эхар чIагIделира цуьнан.
  • "Общественный вердиктаца" йукъаметтиг лелош волчу адвоката Бирюкова Иринас бахарехь, Талламан комитето сацийна 2018-чу шарахь Iазапашна тIехула долийна хилла бехктакхаман гIуллакх, хIунда аьлча, Албогачиевс бехкевина волу "Э" Центран белхахо вийра.
  • Шена а, шен доьзална а бойъур бу бохуш кхерамаш тийсина аьлла Албагачиевс кхелехь бехкебинчу наханна йукъахь вара ГIалгIайчухула йолчу "Э" Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим. Эльджаркиев вийра 2019-чу шеран лахьан-беттан 2-хь Москвахь. Цуьнца вийра цуьнан ваша - цхьайолчу Москварчу клиникехь болх беш хиллера цо. Эльджаркиевн болх бахьана лаьрра Iедало, иштта батIалхьажойх цхьаъ – Белхороев ИбрахIим – верна иза декъехь хилла бохуш вевзаш хилар а.