Your browser doesn’t support HTML5
ТIаьхьарчу деношкахь Австрерчу хаамийн гIирсашкахь дийцаре даьккхина, цу махкахь политикан тховкIело а йолуш Iаш болу нах къайлаха шайн Даймахка цIаоьхуш, цигахь са а доIий, юхаоьхуш бу бохург.
Къаьстина цу хьокъехь бийцаре баьхнарш нохчийн къомах болу мухIажарш бу. „Австре бевдда схьабаьхкинчу нохчашна юккъехь и шайн цIахь садоIа эхарш система а хилла дIахIоьттина, шемахошна юккъехь и саннарг наггахь бен ца нисло“, - аьлла яздинера, масала, меттигерчу Кроне газетено.
Нохчаша масех дийнахь вовшашка ватсапп чухула дIасатуьйсучу цу артиклехь кхин дIа билгалдаьккхина ду, Австрин чоьхьарчу министраллин цIе ца яьккхинчу белхахочунна тIе а тевжаш, „цIа а вахана юхавогIуш гучуваьллачу нохчочочунна депортаци ян йиш ю, ткъа иштта цу хьолехь гучуваьллачу шемахочунна депортаци ян йиш хир яц, цуьнан даймахкахь боьдуш тIом хиларна“, аьлла.
Нохчаша шайн некъан паспорт дайна олий...
Артиклан авторо иштта гойту, шена цхьаццаболчу Австрехь тховкIело йолчу нохчаша лелош дерг хууш хилар: цо яздо, - цитата, - „нохчаша шайн некъан паспорт дайна олий, Оьрсийчоьнан векалтехь керла паспорт доккху, цуьнца тIаккха цхьа а новкъарло а йоцуш, дIасалела“, - бохуш.
Кхечу Австрерчу хаамийн гIирсаша а кар-кара а оьцуш дийца даьккхинчу цу нохчийн цIаихарех ала догIу, и хIума лелош Европехь тховкIело йолчу вайнахах цхьа жима дакъа бен ца хилар. Ткъа дукхахберш мел лаахь а политикан а, кхерамазаллин а бахьанашца иштта дIасалела йиш йоцуш а, шаьш тIеэцначу пачхьалкхан низамаш дохон ца лууш а, шерашкахь цIабаха йиш йоцуш бу.
Цул совнаха, цIа хьажа хIотта оьхучу нохчашна юккъехь дуккхаъ бу Австрин олалла тIе а эцна, цу пачхьалкхан бюргерийн йоллу бакъонаш ерш, шайна юккъехь мичча метте а маьрша баха-бахка бакъо а йолуш.
Делахь а, Австрин низамаш а дохош Нохчийчу садоIа оьхучу вайнехан хIума дукха дийцаре даькхина хиларна, Маршо Радио зIене елира Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллица. Цу хьукматан векало Грундбоьк Карл-ХIайнца жоьпаш делира тхан хеттаршна.
Нагахь санна тховкIело маццахехь схьаэцначу стагера цхьа бахьана даьллехь...
Маршо Радио: „Цхьа а статистика юй цIаоьхуш болчу нохчех лаьцна? Иштта йолу статистика лелош а юй аш?“
Грундбоьк: „Лерина нохчашна шаьшна лелош статистика яц. ГIуллакх муха ду аьлча, и цIа некъаш дарца боьзначу боллучу талламна чохь тидаме оьцуш ду хIора къомах болчу наха до некъаш. Оха цу хьокъехь тхаьш тIеоьцучу сацамийн статистика йо, амма тхайн талламашкахь цхьа-цхьаццачу хьелийн статистика ца йо“.
Маршо Радио: „Ткъа юй шуьгахь информаци, и цIаихарш доккхачу декъехь нохчаша лелош ду аьлла, я и чIагIдечара шайгара дуьйцу иза?“
Грундбоьк: „Шеко я йоцуш ала йиш ерг иштта ду: тхуна хууш ду и санна дерг нохчаша деш хилар. Цу тIехь хеттарш хила а ца оьшу. Амма иза лелош берш мел нах бу бохург статистикаца дагардина дац“.
Маршо Радио: „Ткъа муьлха санкеш ю Австрехьа азюлан тховкIело ехна а болуш, цIаоьхуш гучубевллачу нахана дуьхьал йохуш?“
Шарахь 400 сацам тIеоьцу Iедало позитив еллачу нахера и позитив схьайоккхуш
Грундбоьк: „Шен тховкIелонах долу дехар толлуш а долуш, цхьаъ шен даймахка вахар Австрин низамехь магийна дац. Нагахь санна цхьаъ хIетте а шен цIа а вахана, юха а Австре юхавеънехь, тIаккха иза цуьнан тховкIелонах долу дехарх лаьцна ша сацам бечу хенахь тидаме оьцур ду Iедало. Иштта низамехь магийна ду, нагахь санна тховкIело маццахехь схьаэцначу стагера цхьа бахьана даьллехь, цуьнгара позитив схьаяккха.
Шарахь юкъарчу хьесапехь 400 сацам тIеоьцу Iедало, шайна хьалхо позитив еллачу нахера и позитив схьайоккхуш. Цул тIаьхьа цу нехан хьокъехь кхин дIа беш болу сацамаш хIора стагера конкрете даьллачуьнга а хьожуш, хIораннан шен-шен хьоле а хьожуш тIеоьцу Iедало сацам. Там бу, масала, позитив дIаяьккхана волчу стагана Австрера аравоккхуш депортаци ян, там бу цунна субсидаран гуманитаре статус яла, хила там бу кхин сацам бан, хIора а хьал ша-ша толлуш ду цигахь“.
Маршо Радио: „ТIаьххьара хаттар: муха толлу Iедало и хIума таллане а:“
Грундбоьк: „Таллам бан бахьана даларх терра нисло и контрол яр. Нагахь тхан шеконаш кхоллалахь я цхьа хаам тхоьга кхачахь, тIаккха тхайгахь йолчу таронашца талламаш бо оха“.
Цу юкъанна, Австрерчу нохчийн диаспорехь а дийцаре даьккхина цIаэхар магош-ца магош хиларан хаттар. ХIинцале а бу цу махкахь бехачу вайнахалахь низамца доцуш цIабахар гучу а даьлла, тховкIело дIаяккхинарш. Бакъду, царах доккхачу декъана позитиван метта виза елла, тховкIелоно санна шуьйра таронаш цуьнца яцахь а, делахь а, Австрехь ваха бакъо цу адамна юьтуш.