Your browser doesn’t support HTML5
…Генабаьлла, баьржина лелаш кхайкхам а бацара иза «Медузас» баржжолц. Цо кху кIиранах тидаме эцна ватсапе ткъеха де хьалха «кхоьссина» аз-видео.
Озо нохчашка нохчийн маттахь боху, Европехь «дукха бу нохчалла дIадаьлла, харцхьа лела зударий, тхо борша ю бохуш лелаш йолу божарий», «уьш оха тхайн каяьллачу минотехь дIанисбийр болуш бу шуна, вовшахкхетта 70-80 стаг ву шуна цкъачунна, …и кхайкхам дIа бу шуьга, кхано, «ца элирий», «ца хаьарий» ма бохийла аш».
И минотал сов оьккху, гуш да а, йоккхуш цIе а йоцу аз тоьъна Оьрсийчуьрчу хаамийн гIирсашна юха а нохчийн гIиллакхаш, ламасташ, дерг-доцург дестийна дийца. «Медузас» оццу хьокъехь рогIера «лазам» а кхайкхош, шолгIачу артиклехь а боху, мел маьттаза амалш ю вайнехан, ма хьийзабо царех цхьаболучара шайн зударий-мехкарий.
Дийцаре даьккхинчу озан да мила хила тарло? Мел боккха бу цо туьйсу кхерам? Муьлш бу Европера нохчий «дIанисбархьама» тобане а гулбелла, тIом кхайкхораш?
Оцу хеттаршна жоп каро гIоьртира Маршо Радио «Медузас» озан да веха бохучу Германехь.
Мухха а даьлла а, Iедална гучудаьлча, иза могуьйтур долуш къамел дац"
35 эзар сов оьккхуш йолчу цигарчу диаспоран центр ю Берлинехь. Цуьнан коьртехь дуккха а шераш хьалха дуьйна а ву Душуев Рахьман. Цуьнца хиллачу къамело гайтира кхерам туьйсург каро проблема юйла. Диаспорин хьалханчина озан да а, белахь, цуьнан го а, «чIада хьакха» араэккхал Германера нохчий галбевлла ца го.
Душуев: « ХIокху Германехь, Берлинехь дукха бу нохчий. Iер-вахарца вайн цIера хIума лардан гIерташ а ду тхо.
Стохка кегийрхоша барт а бина, схьайиллина културан центр ю. Берашна цигахь, уьш мукъа долуш, нохчийн мотт а бу, оьшучунна оьрсийн мотт а бу хьоьхуш. Къуръан а Iамадо, пIераскана рузба а до, луучунна жамаIат ламазе ван а тарло.
Вовшашца бист хила, дерг-доцург дийца, вовшашна накъосталла деш, бертахь лаьтташ ю кхузара хIара меттиг. Цхьанне а гур дац-кх шаьш аьлла, харцхьа лелаш суна гина бац нах. Кхечаьрга хаьттича, цара муха эр ду-м ца хаьа суна.
Дукхахберш шайн доьзалшца бу. Доладан я да, я нана, я ваша воцуш ца хуьлу. Мухха а даьлла а, Iедална гучудаьлча, иза могуьйтур долуш къамел дац. Оцу нахана зулам хила там бу цунах».
Душуев Рахьмана иштта довзийтира шена гург а, даьржинчу озах а, иза хьенан хила тарлуш ду а бохучух.
Берлинехь, веха Европерчу нохчийн ассоциацин куьйгалхо (хьалхо оцу юкъарлонах «Нохчийн къанойн кхеташо олура») Докудаев Ахьмад. Наггахь бен вац цунна санна Европерчу нохчашкара хьал девзаш стаг. Диканехь-вонехь, вайнехан юкъаметтигаш, Iедалца нисбелла цакхетам – иштаниг дерриг а луьстучохь ву Ахьмад.
Цуьнца а къамел хилира Маршо Радион, дийцаредира, къайлаваьлла къамел дийриг мила хила тарло, мел бага беза Европера нохчий и аз бахьанехь. Докудаевна хала ду ала, инкогнито стенгара, хьенан букътIехьара схьалуьйш ву, амма шек ву иза, аз Европехь вехачу, къомах доглозучу нохчочо даржийна хила мега бохучух.
Иза суна цхьа «ахI» долуш долийна ду аьлла хета
Докудаев: «Иза хезна суна. Уьш суна муьлш бу а хаац. Галбевлларш а дера нисло хIокху дахарехь, верриг а кхеташ а ца нисло. Нисдала гIертар, нисван гIертар, ладогIар – иза вайна тIехь ду.
Кхин цхьа хIума ду, кхузара низам лар ца дича а девр дац вай. Суна хIун хета? Вайн къомах галваьлларг цхьа а нисвийр волуш некъ бац иза.
Нагахь санна галваьлларг нисван вай ойла йолуш делахь, вайн, нохчийн, вешан некъ бу. ХIун некъ бу? Мила ву цуьнан, да мичахь ву, йоI елахь а, кIант велахь а, галваьлла лелаш велахь, цуьнан волчуьнга а, ша карийна, цуьнага а, къамел а дина, …цхьа некъ хуьлу-кх цуьнан.
Оцо ма дуьйццу чам боцчу а девлла, галдевлла хилча, со кху меттехь волуш ву, суна а, кхечарна а хаа декхар а ду, хаза декхар а ду, вайн балакхача декхар а ду.
Суна-м ца хаабелла оццул чамбоцчу бевлларш. Хилча а, даржийна дийца ца деза. Хьекъале а, кхетаме а ца хета суна иза. ЖовхIаран (Дудаевн- М.Р.) гонахара а долуш, цуьнан накъостех ду шаьш боху бах. Иза суна цхьа «ахI» долуш долийна ду аьлла хета, нийса ца хета суна иза.
Харц лелаш вайх жиманиг велахь а, воккханиг велахь а, кхузахь Iедалш ма ду. Кху Iедална герагхь а нийса дац иза, «нохчий Iаш нах бац, дIабахийта беза уьш» эр ду-кх кху Iедало а.
Сан цуьнга ала хIун дара хьуна аьлча, нагахь санна иза нохчех дог лозуш а велахь, со ву эшахь, эшахь, кхин а бу, Iад ца Iийриг хьекъалца нис а веш, кхечу агIор бан безар-кха и некъ. Иштта деш ма ца хуьлу хIума. Нохчийн къоман низамашца догIуш дац. Иштта ца леладо и хIума вайн нохчийн къомо».
«Медуза» озан дел а совдаьлла терахьехь – озо шеца 70-80 стаг ву боху, ткъа газето «шен къайлахчу хьасташна» тIе а тевжаш, «харц нохчий дIанисбан» Iалашо лаьцнарг 100 стаг муххале а ву, яздо. Цу тIе, и нах Дудаев ЖовхIаран гонехь леллачех а бо.
Делахь а, цкъачунна цIарца вевзаш вац «бекхамхойх» стагга а. Я «Медузана», я Маршо Радиона а…