Австрехь лаьцна латточу Нохчийчуьра мухӀажиран 40 шо долчу Мусиханов Жабраилан могушаллин хьал кхин а телхина. ЦIе ца йоккху цамгар токхуш ву иза, амма террорхойн "Исламан пачхьалкх" боламца воьзна ву аьллачу шеконашца, Оьрсийчоьнан дехарца дIавала тарлуш ву. Цо а, цуьнна гергарчара а, массо а бехкаш харцдира.
Лоьраша дийцарехь, Мусихановн хьал чолхе долуш ду дарбан цӀийнехь: молханаш мала реза ца хилла иза, шена зен дарна кхоьруш, дийцира Австрерчу Нохчийн Ичкерия Республикан векало Дунаева Розас. ТӀаьххьара шерашкахь Нохчийчура массех мухӀажир велла депортацин набахтешкахь, цундела диаспорин декъашхошна йукъахь тешам бац лоьрийн гӀо-накъосталлах.
Цул совнаха, Мусиханов Жабраила ша волчу веанчу адвокате дӀахьедира, ша политикан тховкӀело йоьхуш дехар чуделлира, амма иза миграцин кехаташ тӀехь йаздина дац аьлла. И бахьана долуш, адвокатан йуха кехаташ чудала дезна. ХӀинца Мусиханов цу пачхьалкхехь хилар низамехь ду, цуьнан могушаллин хьал тидаме эцча, цунна экстрадици йан хало хира ду хIинца.
- Бакъоларйаран Amnesty International организацино 2024-гӀа шо долалуш Европан пачхьалкхийн Iедалхошка кхайкхамбира, Къилбаседа Кавказера тховкIело йоьху мухIажарш Оьрсийчу дIахьийсо мегар дац, хIунда аьлча, царна кхерам лаьтта Iазапаш хьега а, бертаза Украинана дуьхьал бечу тIаме хьийсон а.