Авторан бакъонаш йохорна Нохчийчоьнан Iедалхошна гIуда тоьхна

Соьлжа-ГIалара эскархо Гайтаман сурт

Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министралло а, иштта "Вести республики" пачхьалкхан газето а 50 эзар сом охьадуьллур ду авторан бакъонаш йохорна. Суьрташ дохучаьрца йукъарлонаш лелош, церан суьрташ духкучу Волгоградера "Восьмая заповедь" компанино тIедожийна и. Кхело къобалйина иск, амма цара кхайкхийна мах шозза охьабаьккхина. Сацам бовзийтина марсхьокху-беттан 22-чохь, амма зорбане 24-чохь хIоттийна.

ГIуллакхан материалашца а догIуш, "Вести Чеченской Республики" газетан сайтехь 2020-чу шеран зазадокху-баттахь зорбане баьккхина хаам бара коронавирусах лаьцна. Иллюстраци йинера фотографо Сатыренко Алексейс лабараторихь даьккхинчу суьртах, цуьнан авторан бакъонаш лелош йара "Восьмая заповедь" компанино.

2021-чу шеран лахьанан-баттахь Волгоградера фирмо претензи хьажийра нохчийн зорбанан гIирсашка, суьртан бакъо йолчо дийхира сурт дIадаккха аьлла. Амма "Вести республики" газето кехатна жоп ца делира. ТIаккха кхеле йелира "Восьмая заповедь".

Иск дIататтар дийхира нохчийн Iедалхоша, суьртан автор билгалваккха аьтто бацара шайн бохуш. Арбитражан кхело сацамбира, "къовсаме даьллачу суьртан автор вац, цунах хьаъа а пайдаэца мегар ду" бохург дац иза аьлла.

Нохчийчохь авторан бакъонаш ларйина цахиларна Волгоградера "Восьмая заповедь" компанино компенсаци йаьккхина шолгIа гIуллакх ду хIара.

  • Хьалхо авторан бакъонаш йохорна нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телерадиокомпани 100 эзар сом ахча дала декхаре йинера Ессентукерчу кхело, аьлча а – нехан сурт лелорна. "Восьмая заповедь" олу Волгоградерчу компанино деллера кхеле и арз, Нохчийчоьнан Арбитражан кхело и тIе ца лаьцнера, амма Ессентуки гIалин ЙалхийтталгIачу аппеляцин суьдо и сацам хийцира. Нохчийчоьнан Арбитражан кхело дIахьедира, нехан сурт ахча ца луш, авторан цIе ца йоккхуш лело мега, нагахь санна, "цхьаболу бехкамаш кхочуш бинехь: Iилманан, дешаран, хаамийн, культурин Iалашонашца лелош далахь, йа цитата йеш оьшучул барамехь бен ца лелийнехь". Аппеляцино тIе ца лецира ишта бух балор, ЧГТРК "Грозный" канало авторан цIе, йа и сурт даьлла меттиг йазбина ца хиллера, цундела кхелан сацаман бух бац аьлла билгалдаьккхинера цо.
  • Нохчийчуьра ФССП-н урхалин базехь 20 сов гIуллакх Iуьллу ЧГТРК "Грозный" телехьожийлина дуьхьал даьккхина – цо некъан низамаш хедорна йиттинчу гIуданаш тIехула ду уьш.