Бахмутна уллохь ЧВК "Вагнерна" хилларг Пригожинан бехк лерина думехь волчу нохчийн векало

Кадыров Рамзан, Делимханов Адам

Оьрсийн пачхьалкхан думерчу нохчийн векало Делимханов Адама ЧВК "Вагнеран" долахо Пригожин Евгений бехкевина. ТIеман гIирс цатоар цо шегара долийна, Бахмутехь белларш цуьнан бехкана белла аьлла. Кхо бутт хьалха цо дийцинарг кхин дара.

Нохчийн батальонаш дехьайовлу аьлча, Пригожина йинчу комментарино йайтира и тайпа реакци. Шен телеграм-каналехь сепаратистийн "ДНР-хь" кадыровхойн тIелатарца йоьзначу керлачу Iалашонех шега хаьттича, жоп лучу Пригожина аьллера, шена хууш дац, кадыровхой стенгахь хир болуш бу, хIунда аьлча, тIом боьдучу заманчохь и къайленан информаци йу.

"Йоллу "ДНР" маьршайаккха Iалашо ма йац церан. Сан кхетамца, Кадыровс а цунах лаьцна дийцина дац. Шайн къастийначу агIонехь хир бу уьш, цигахь тIемаш а бийр бу цара. Кхузахь цхьана а кепара Iиттарш суна гуш йац",-элира Пригожина.

ЧВК "Вагнеран" долахочо кадыровхой хIун лелош бу ца xаьа шена аларо оьгIазавахийтинера Делимханов Адам. Оьрсийчоьнан тIеман министралло даимна йолахошна гIо деш лаьтташехь, "доллучу дуьненe шен баланаш буьйцу блогер" элира цо Пригожинах.

“ТIеман министралло оцу 7-8 баттахь мел дукха гIо дира хьуна, тхуна массарна а хаьа, кхузахь мила ву. Хьуна массарначул а дукха кхочура, хIетте а – мел дукха адам дийна. Тоьар ду хьуна эрна бага йетта", - дIахьедина Делимхановс.

Стигалкъекъа-беттан йуьххьехь ЧВК "Вагнерна" тIеман гIирс цатоарна даредира цо - цу хенахь гIо доьхуш, Пригожин шега вистхила мегаш вара, элира депутато.

Цунна тIаьххьа вистхилира Нохчийчоьнан урхалхочун гIоьнча, "Ахмат" спецназан буьйранча Алаудинов Апти. Цо а дIахьедира, "Ахмат" спецназан боллу гIирсаш Пригожинан бара аьлла. Цул совнах, Алаудиновс массарна а дIахазош даредира, нохчийн декъе сехьабовлура ЧВК "Вагнеран" йолахой – хьалхо уьш цхьаьна хиларх дийца даьккхира хаамийн гIирсашкахь. Сепаратистийн "ДНР-н" доллу латтанаш мукъадаха тоъал ницкъ бу нохчийн дакъойн аьлла, дIахьедира цо.

Нагахь Пригожин "кхин дIа а и тайпа къамелаш деш дIаводахь, цунах диканиг хир дац",- дIахьедира нохчийн парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада. ЧВК "Вагнеран" долахочуьнча цхьаьнакхета кийча ву ша а элира цо.

Пригожин Евгенийс цу къамелан хьокъехь комментарий йина йац.

  • Кху деношкахь тIом зуьйчу америкахойн Институтан аналитикаша дIакхайкхийра, Оьрсийчоьнан Iедалша тIедиллина хир ду нохчийн дакъошна Украинана дуьхьал тIелатар шайна тIелаца, нохчийн куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, ЧВК "Вагнеран" урхалхочун а йукъаметтигаш йохон аьлла.
  • Нохчийн батальонаш украинхойн Марьинка гIалана улло дIайигна - Оьрсийчоьно оккупаци йинчу Херсон, Запорожьен мехкашкахь а, сепаратистийн ДНР латтанаш тIехь а хиндолчу тIелатарна кечамбарах дийцира нохчийн Iедалхоша. Iалашонаш йу "цхьа могIа" меттигаш дIалаца олуш - билггал муьлхарш, хууш дац.
  • Стигалкъекъа-беттан 5-хь ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо Пригожин Евгенийс Бахмут гIалана уллохь шен йолахой баларна бехкебира Оьрсийчоьнан тIеман министраллин куьйгалхо Шойгу Сергей, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Коьртачу штабан куьйгалхо Герасимов Валерий а. Уьш баларан бахьана дара, цо дийцарехь, царна 70% тIеман гIирс цатоар. ТIаьхьо Пригожина ша шен нах цигара дIабуьгу элира. Кадыровс "Ахмат" батальон Бахмуте дехьайаккха ша реза вуйла хаийтира. ЧВК"Вагнеран" куьйгалхо цо аьллачунна тIетайра. Амма цу дийннахь хиира, ТIеман министралло Пригожинна оьшу тIеман гIирс лур бу аьллийла.
  • Зазадокху-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хастийра тIеман министралла а, цуьнан куьйгаллера Шойгу Сергей а, иштта оьрсийн тIеман эскарийн коьртачу штабан хьаькам а. ДIахьедира, оьрсийн тIемалоша "хьекъале тактика" лелайо Украинерчу тIамехь аьлла. Оцу йукъанна, йуьхь-дуьххьал дIа а ца олуш, Кадыровс хьалхо масийттазза критика йира тIемаш барна а, къаьстинчу командирашна а. Цуьнан мах хадор цхьаьна догIура дукха хьолахь ЧВК "Вагнеран" долахочуьнца Пригожина Евгенийца.