Оьрсийчоьнан эскаран сий дайъина аьллачу артиклехула колонихь даккха ши шой ахшой хан тоьхначу бакъоларйархочун Орлов Олеган адвокато латкъамбина Москвара а, Головинскан а кхелашка цуьнца харцонаш лелайо аьлла, йаздина Свобода Радионо. Церан хаамашца, Орловн садаIар ца хуьлу, йовха йуург ца латтайо цунна, иштта адвокатца шегга къамел ца дойту. Оцу доллучо а сагатдойту 70 шо кхаьчначу бакъоларйархочунна.
"Мемориало" хаамбарехь, суьдхочун тIедилларца хIора Iуьйранна, йуучух а кхетале, Орлов дIавуьгу СИЗО-ра кхеле – гIуллакхан материалаш йовзийта олий – йухавалаво буьйсанна йуккъехь. Оцу йукъанна материалаш цунна гойтуш йац, маьIне доцуш де токху цо хадархошца цхьана чохь. Орлов меца вуьсу (йуучух денна йекъа паек ло цунна), шийлачу автозак чохь дIасалелорна шелвелла иза, таро йац цуьнан волавала аравала а, шен дегIа тIехь цIано йан а. Цуьнан адвокатаца мел хуьлу къамел шога тергонехь латтош ду хадархоша.
"Лакхарчийн тIедилларца" суьдхо шен ма-хуьллу катоьхна гIуллакх апелляцин инстанци дIакхачон хьийза аьлла хета "Мемориалан" юристашна.
- Орлов Олег – бакъоларйаран "Мемориал" центран куьйгалхойх ву, Оьрсийчохь уггар а вевзачех бакъоларйархо ву иза. Чилан-беттан 27-чохь ши шой ахшой туьйхира цунна колонихь даккха, "Оьрсийчоьнан эскарна йуха а дискредитаци йарна" аьлла, цуьнан тIамана дуьхьал вистхилар бахьана долуш. Орловс бехк тIе ца буьту. ТаIзарна латкъамбина цо, апелляцин сацам баллалц СИЗО-хь вуьссуш ву иза.